Как агроклассы превращают уроки в практику

Как агроклассы превращают уроки в практику

Милана Тамаева В образовательной системе города Грозного последовательно внедряются новые подходы к профориентации школьников. Одним из таких...
Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Весенние ярмарки

Весенние ярмарки

Уроки щедрости и инициативы в школах
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Как агроклассы превращают уроки в практику
Как агроклассы превращают уроки в практику
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Весенние ярмарки
Весенние ярмарки
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Зайтемиров Сайдик

4-г1а класс

1алашо: хандешнех йукъара кхетам балар, хандешнех болу хаамаш  шорбар, церан  хаттарш довзийтар, уьш вовшашца къасто 1амор; 1амийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; г1иллакх-оьздангалла 1амор.

Урокана оьшу г1ирс: хандешнех  лаьцна  кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жам1 даран г1ирсаш.

Йукъара дешаран ардам (УУД)

Предметни: дешархошна 1емар ду хандешнаш, церан хаттарш х1итто, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна 1емар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, 1амийнарг карладаккха, г1иллакх оьздангалла 1ама.

Метапредметни:

Регулитивни: хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашонаш, т1едехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса  некъаш каро; хуур ду шайн белхан план х1отто.

Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун  хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца т1еч1аг1дан; 1емар ду шайн оьшург хатта,  вовшашца  къамеле бовла.

Х1ума довзаран: 1емар ду учебникаца болх бан, оьшу г1ирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.

Личностни: нохчийн меттан башхаллаш йевзаш, нохчийн мотт дика 1амо лаам кхуьур бу дешархойн.

Урок д1айахьар.

  1. l. Догдаийтаран мур.

-Де дика хуьлда шун!

-Диканца дукха вехийла хьо!

-Охьаховша бераш, х1инца вай нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу г1ирс схьаоьцуш кечамбе урокана.

  1. ll. Ц1ера болх таллар.

-Муьлха шардар дара шуна ц1ахь кхочушдан делларг?

-Тхуна деллера 207-г1а шардар, аг1о 107.

-Муха кхочуш дира аш и шардар?

-Оха кхочуш дийр и ц1ерметтадешнашна к1ел сиз хьокхуш.

 -Хьалхарчу  предложенехь муьлхачунна хьаькхира аш?

-«Уьш» бохург ду.

-Ткъа шолг1а?

-Кхоалг1ачунна?

-Доьалг1ачунна?

Иштта йисина предложенеш  толлу хьехархочун г1оьнца. Дешархоша бакъо схьайуьйцу.

Тобанашкахь болх.

Т1едиллар: «Дайна элп караде».

Х1ора тобано т1адамийн метта  дайна элп каро деза и каро дика хаа йеза вай хьалха 1амийна бакъо.

1-ра  тоба:

…ш

…за

…хо

2-г1а  тоба:

…ай

…хан

…ха

3-г1а  тоба:

…у

…ара

…цара

4-г1а  тоба:

…айна

…айн

…о

-Д1адеша аш йаздина дешнаш.

-Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?

-Муьлха къамелан дакъош ду уьш?

-ц1ерметдешнаш  ду.

-Х1ун гойту  ц1ерметдашо?

-Ц1е а ца йоккхуш, йа цуьнан мухалла, масалла билгал а ца йеш, гойту ц1ерметдашо х1ума.

-Ц1ерметдешнаш муха хуьла?

-Йаххьийн ц1ерметдешнаш хуьлу.

-Йаххьийн ц1ерметдешнаша муьлхачу хаттарна жопло.

-Йаххьийн ц1ерметдешнашна ц1ердешнашна луш долу хаттарш ло.

-Даладе масалш.

-Х1инца д1айаздо вай терахь, классера болх.

lll. Ц1енайаздаран минот.

Денна девдда лела ловзуш,

Самакъане буьзна… ( урам).

Ц1ачу  тоха дадас,

Воттанца шардо шера… (у).

Арт делча дадас,

Чархаца ирдо аьрта… (урс).

***

-Урам, у, урс бохучу дешнашна хьалха муьлха аз а, элп а хеза вайна?

- «у» аз а, эла а.

-Ткъа тахана вайга хьошалг1а муьлха элп деана?

 Уу

-Мукъа ду и йа мукъаза ду?

-Мукъа ду?

-Х1унда ду и мукъа?

-Багахула олучу хенахь хецна д1аалало дела, х1аваана новкъарло ца хуьлу дела, цундела ду иза мукъа.

Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш т1е д1айаздо.

 

lV. 1алашо  йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.         

Уьн т1е д1айаздо.

Ловзу, воду, йолу…

-Бераш, уьн т1е йаздина дешнаш д1адеша?

-Уьш муьлха къамелан дакъош ду?

-Уьш  хандешнаш ду.

-Шуна муха хиира уьш хандешнаш  дуй?

-Хаттаршци хиира тхуна уьш хандешнаш дуй.

-Х1ун  1амор ду  вай  тахана?  Д1айеша   урокан  ц1е.

-Муьлха хаттар  ду  вай  тахана  талла  билгалдаьккхина? Д1адеша.

-Бераш, тахана вайн урокан тема х1ун йу аьлла хета шуна?

-Тахана вай урокан тема йу «Хандош».

-Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема йу «Хандош».

  1. V. Керла тема хьехар.

1) бакъо таллар.

-Д1айеша 113-г1а аг1он т1ера бакъо.

-Стенах олу хандош?

-Хандош – иза къамелан дакъа ду. Цо х1аманийн дар йа хилар гойту.

-Цо муьлхачу хаттаршна жоп ло?

-Хандешнаша х1ун до? х1ун дина? х1ун дира? х1ун дора? х1ун дин? х1ун динера? х1ун дийр ду? бохучу  хаттаршна  жоп ло.

-Даладе масалш.

-Хандош предложенехь х1ун хуьли  лела?

-Хандош предложенехь сказуеми хуьли лела.

-Сказуемино муьлхачу хаттаршна жоп ло?

-Сказуемино х1ун до? х1ун дина? х1ун дира?  х1ун дора? х1ун дин?  х1ун динера? х1ун дийр ду? бохучу  хаттаршна  жоп ло.

-Даладе масалш.

-Сказуемина к1ел маса сиз хьокху вай?

-Сказуемина нийса ши сиз хьокху.

2) хандешнийн тидам бар.

 -Д1адеша 221-г1а  шардаран т1едиллар.

- Муха кхочуш дан деза вай и шардар?

-Байт йеша а йешна, хандешнашна хаттарш х1иттош хандешнаш схьалаха дезаш ду.

-Хьалхарчу мог1анехь муьлхарниг ду хандош?

-«Йог1у» боху дош ду.

-Шуна муха хиира и хандош дуй?

-Хандешан хаттарца хии тхуна и хандош дуй.

-Аш муьлха  хаттар  хоттийра цунна?

-«Х1ун до» хаттар  х1оттийра оха цунна.

-Шолг1ачу мог1анехь муьлхарниг ду хандош?

-«хьаьстина» боху дош ду.

-Шуна муха хиира и хандош дуй?

-Хандешан хаттарца хии тхуна и хандош дуй.

-Аш муьлха  хаттар  хоттийра цунна?

-«Х1ун дина» хаттар х1оттийра оха цунна.

-Кхоалг1ачу мог1анехь муьлхарниг ду хандош?

-«Долу» боху дош ду.

-Шуна муха хиира и хандош дуй?

-Хандешан хаттарца хии тхуна и хандош дуй.

-Аш муьлха  хаттар  хоттийра цунна?

-«Х1ун до» хаттар х1оттийра оха цунна.

Vl. Сада1аран минот.

 Кхечи вайга хаза б1аьсте.

 Шеца балош хаза полла.

Хьалаг1овта меллаша бераш,

Самукъне т1е эций вай хьеший.

XIapa байташ а йоьшуш, цу т1ехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна.

VII. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

а) тобанашкахь болх.

Мила ву тидаме.

-Бераш, вай х1инца тобанашкахь болх бийр бу. Йаздинчу ц1ердешнашна улле маь1ница дог1у хандешнаш доьхкуш, кхочуш де шайн тобанера т1едиллар.

1-ра  тоба

К1ант (воду)

Йо1 (ловзу)

 Етт (бека)

2-г1а  тоба:

борз (уг1у)

гуьйре (йог1у)

Ж1аьла (лета)

3-г1а тоба:

1авраш (хьолху)

Абат (йийши)

Ло (дилли)

4-г1а тоба:

Кехат (доьшу)

Хьаша (вог1у)

Нана (йоьлу)

-Х1ора тхьамдано шаьш девлча  шайн тобано йаздина хандешнаш схьадийца.

-Даладе масалш.

-Стенах олу хандош?

-Хандош – иза къамелан дакъа ду. Цо   х1аманийн дар йа хилар гойту.

-Цо муьлхачу хаттаршна жоп ло?

-Хандешнаша  х1ун до? х1ун дина? х1ун дира?  х1ун дора? х1ун дин?  х1ун динера? х1ун дийр ду? бохучу  хаттаршна  жоп ло.

-Даладе масалш.

-Хандош предложенехь х1ун хуьли  лела?

-Хандош предложенехь сказуеми хуьли лела.

-Сказуемино муьлхачу хаттаршна жоп ло?

-Сказуемино х1ун до? х1ун дина? х1ун дира?  х1ун дора? х1ун дин?  х1ун динера? х1ун дийр ду? бохучу  хаттаршна  жоп ло.

-Даладе масалш.

-Сказуемина к1ел маса сиз хьокху вай?

-Сказуемина нийса ши сиз хьокху.

аь) шаьш бен болх.

-Д1адеша 208-г1а шардар.

-И шардар муха кхочуш дан деза?

-Муьлха къамелан дакъа ду хьожуш, кхаа бог1амалгахь  ц1ердош, билгалдош, хандош къастадеш кхочуш дан дезаш ду шардар.

-Хьалхарчу бог1амалгахь муьлха ц1ердешнаш йаздийр дара аш?

-Ловзар, хазахетар, дахар, бедар, дикалла, хьакхар, кхаллар йаздийр дара.

-шолг1ачу бог1амалгахь муьлха билгалдешнаш  йаздийр дара аш?

-Хазалла, тешаме, эсала, сирла, йеха,тайна, мехкан йаздийр дара.

- Кхоалг1ачу бог1амалгахь муьлха хандешнаш йаздийр дара аш?

-Лела, ведира, тосу, кхехка, хьоьгу.

-Стенах олу хандош?

-Хандош – иза къамелан дакъа ду. Цо х1аманийн дар йа хилар гойту.

-Цо муьлхачу хаттаршна жоп ло?

-Хандешнаша х1ун до? х1ун дина? х1ун дира? х1ун дора? х1ун дин? х1ун динера? х1ун дийр ду? бохучу  хаттаршна  жоп ло.

-Даладе масалш.

-Хандош предложенехь х1ун хуьли  лела?

-Хандош предложенехь сказуеми хуьли лела.

-Сказуемино муьлхачу хаттаршна жоп ло?

-Сказуемино х1ун до? х1ун дина? х1ун дира? х1ун дора? х1ун дин? х1ун динера? х1ун дийр ду? бохучу хаттаршна жоп ло.

-Даладе масалш.

-Сказуемина к1ел маса сиз хьокху вай?

-Сказуемина нийса ши сиз хьокху.

 Иштта йисна предложенеш толлу.

VIII. Рефлекси.

-Х1ун керланиг девзи шуна тахана урокехь?

-Х1ун хазахийти шуна тахана урокехь?

-Вай х1оттийна 1алашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?

-Т1ейог1у урок муха хила лаара шуна?

-Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь г1айг1ане смайлик хьалаайба.

lХ. Урокан жам1 дар.

-Стенах олу хандош?

-Хандош – иза къамелан дакъа ду. Цо   х1аманийн дар йа хилар гойту.

-Цо муьлхачу хаттаршна жоп ло?

-Хандешнаша  х1ун до? х1ун дина? х1ун дира?  х1ун дора? х1ун дин?  х1ун динера? х1ун дийр ду? бохучу  хаттаршна  жоп ло.

-Даладе масалш.

-Хандош предложенехь х1ун хуьли  лела?

-Хандош предложенехь сказуеми хуьли лела.

-Сказуемино муьлхачу хаттаршна жоп ло?

-Сказуемино х1ун до? х1ун дина? х1ун дира?  х1ун дора? х1ун дин?  х1ун динера? х1ун дийр ду? бохучу  хаттаршна  жоп ло.

-Даладе масалш.

-Сказуемина к1ел маса сиз хьокху вай?

-Сказуемина нийса ши сиз хьокху.

Х. Ц1ахь бен болх.

223-г1а шардар, аг1о 114.

-Схемица ши предложене х1оттайе. Къамелан дакъош билгалде.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1