Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Безопасный двор – территория дружбы

Безопасный двор – территория дружбы

Раиса Тимаева Лето – это время, когда школьники проводят на улице больше всего времени: встречаются с друзьями, играют во дворе, занимаются спортом, посещают...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
Грозный читает

Грозный читает

Пополним полки уличных библиотек вместе
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Безопасный двор – территория дружбы
Безопасный двор – территория дружбы
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
Грозный читает
Грозный читает
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Зайтемиров Сайдик

4-гIа класс

Iалашо: цIерметдешнех йукъаракхетам балар, цIерметдешнех болу хаамаш шорбар, церан хаттарш довзийтар, уьш вовшашца къасто Iамор;

Iамийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; гIиллакх- оьздангалла Iамор.

Урокана оьшу гIирс: цIерметдешнех лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамI даран гIирс.

 Йукъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: дешархошна Iемар ду цIерметдешнаш, церан хаттарш хIитто, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна Iемар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, Iамийнарг карладаккха, иштта гIиллакх-оьздангалле.

Метапредметни:

Регулитивни: хьехархочун гIоьнца урокан коьрта Iалашонаш, тIедехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план хIотто.

Коммуникативни: Iемар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца тIечIагIдан; Iемар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.

ХIума довзаран: Iемар ду учебникаца болх бан, оьшу гIирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.

Личностни: нохчийн меттан башхаллаш йевзаш, нохчийн мотт дика Iамо лаам кхуьур бу дешархойн.

Урок дIайахьар

  1. I. Догдаийтаран мур.

– Де дика хуьлда шун!

– Диканца дукха вехийла хьо!

– Охьаховша бераш, хIинца вай нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу гIирс схьаоьцуш кечамбе урокана.

  1. II. ЦIера болх таллар

– Муьлха шардар дара шуна цIахь кхочушдан делларг?

– Тхуна деллера 195-гIа шардар, агIо 101.

– Муха кхочуш дира аш и шардар?

– Терахьдешнашна кIел сиз хьокхуш, уьш билгалдохуш муьлха терахьдешнаш ду къасто дезаш дара.

– Хьалхарчу предложенехь муьлхарнаш ду терахьдешнаш?

– «Эзар» ду.

– Иза муьлха терахьдош ду?

– Масаллин терахьдош ду.

– Шуна муха хиира и масаллин терахьдош дуй?

– Цуьнан хаттарца хиира.

– Муьлха хаттар хIоттийра аш цунна?

 –Маса? Боху хаттар хIоттийра оха.

– Ткъа шолгIа?

– КхоалгIачунна?

– ДоьалгIачунна?

(Иштта йисина предложенеш толлу хьехархочун гIоьнца).

(Дешархоша бакъо схьайуьйцу).

Тобанашкахь болх

ТIедиллар: «Дайна элп караде».

ХIора тобано тIадамийн метта дайна элп каро деза, и каро дика хаа йеза вай хьалха Iамийна йолу бакъо.

1-ра тоба:

…сс

…алх

…хьайтта

2-гIа тоба:

…иъ

…ийтта

…алхара

3-гIа тоба:

…олгIа

…тт

…иъ

4-гIа тоба:

…оалгIа

…архIолгIа

…орхIолгIа

– ДIадеша аш йаздина дешнаш.

– Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?

– Муьлхачу къамелан дакъош ду уьш?

– Терахьдешнаш ду.

– ХIун гойту терахьдашо?

– ХIуманан масалла йа рогIалла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.

– Терахьдешнаш муха хуьлу?

– Терахьдешнаш хуьлу масаллин а, рогIаллин а.

– Масаллин терахьдешнаша хIун гойту?

– Масаллин терахьдешнаша хIуманийн масалла гойту.

– Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?

– Маса бохучу хаттарна жоп ло.

– Муьлхачу хаттарна жоп ло рогIаллин терахьдашо?

– РогIаллин терахьдашо масалгIа бохучу хаттарна жоп ло.

– Даладе масалш.

– ХIинца дIайаздо вай терахь, классера болх.

III. ЦIенайаздаран минот

Альбом тIехь, ца беш гIурт,

Дуьллуш ву со лаьмнийн… (сурт).

Доьшуш ву со, ца луш кIад,

Берийн журнал … (стелаIад).

Аьрха лелахь суна,

Туьху буьткъа… (сара).

– Сурт, стелаIад, сара бохучу дешнашна хьалха муьлха аз а, элп а хеза вайна?

– Ткъа тахана вайга хьошалгIа муьлха элп деана?

– «Сс»

– Мукъа ду и йа мукъаза ду?

– Мукъаза ду?

– ХIунда ду и мукъаза?

– Багахула олучу хенахь хецна дIа ца алало, хIаваана новкъарло хуьлу, цундела ду иза мукъаза.

(Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш тIе дIайаздо)

  1. IV. Iалашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар

Уьн тIе дIайаздо.

со, уьш, иза…

– Бераш, уьн тIе йаздина дешнаш дIадеша?

– Уьш муьлха къамелан дакъош ду?

– Уьш цIерметдешнаш ду.

– Шуна муха хиира уьш цIерметдешнаш дуй?

– ЦIе а ца йоккхуш, йа цуьнан мухалла, масалла билгал а ца йеш, гойту цIерметдашо хIума.

– ХIун Iамор ду вай тахана? ДIайеша урокан цIе.

– Муьлха хаттар ду вай тахана талла билгалдаьккхина? ДIадеша.

– Бераш, таханлерчу вайн урокан тема хIун йу аьлла хета шуна?

– Тахана вай урокан тема йу «ЦIерметдош».

– Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема йу «ЦIерметдош».

  1. V. Керла тема хьехар

1) бакъо таллар.

– ДIайеша 104-гIа агIон тIера бакъо.

– ХIун гойту цIерметдашо?

– ЦIе а ца йоккхуш, йа цуьнан мухалла, масалла билгал а ца йеш, гойту цIерметдашо хIума.

– Даладе масалш.

– Со, тхо, иза, уьш.

– ЦIерметдешнаш муха хуьла?

– Йаххьийн цIерметдешнаш хуьлу.

– Йаххьийн цIерметдешнаша муьлхачу хаттарна жоп ло.

– Йаххьийн цIерметдешнашна цIердешнашна луш доллу хаттарш ло.

– Даладе масалш

– (Мила?) Салман боксе лелаш ву. Кузахь цIердош ду «Салман».

– (Мила?) Иза лата кечлуш ву. Кузахь цIерметдош ду «иза».

2) цIерметдешнийн тидам бар.

– ДIадеша 201-чу шардаран тIедиллар.

– Муха кхочуш дан деза вай и шардар?

– ЦIерметдешнашна кIел сиз хьокхуш кхочуш дан деза и шардар.

– Хьалхалчу предложенехь муьлхарниг ду цIерметдош?

– «Хьо» бохург ду.

– ШолгIачу предложенехь муьлхарниг ду цIерметдош?

– «Иза» бохург ду.

– КхоалгIачу предложенехь муьлхарниг ду цIерметдош?

– «Со» бохург ду.

– ДоьалгIачу предложенехь муьлхарниг ду цIерметдош?

– «Уьш» бохург ду.

– ПхоьалгIачу предложенехь муьлхарниг ду цIерметдош?

– «Цо» бохург ду.

Иштта йисина предложенеш толлу.

– ХIун гойту цIерметдашо?

– ЦIе а ца йоккхуш, йа цуьнан мухалла, масалла билгал а ца йеш, гойту цIерметдашо хIума.

– ЦIерметдешнаш муха хуьла?

– Йаххьийн цIерметдешнаш хуьлу.

– Йаххьийн цIерметдешнаша муьлхачу хаттарна жопло.

– Йаххьийн цIерметдешнашна цIердешнашна луш доллу хаттарш ло.

  1. VI. СадаIаран минот

 Лекха айба куьйгаш хьала,

 Кхочий хьажа лекха хьала.

 Баккха хьовса муьста хьач,

 Вай, вай хьо муьста хьач.

(XIapa байташ а йоьшуш, цу тIехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна).

 

VII. Iамийнарг тIечIагIдар.

а) тобанашкахь болх

Мила ву тидаме.

– Бераш, вай хIинца тобанашкахь болх бийр бу. ЦIердешнаш цIерметдешнака дохуш, кхочуш де шайн тобанера тIедиллар.

1-ра тоба

…Салман (иза)

…КIентий (уьш)

…Iелас (цо)

2-гIа тоба:

…Ахьмад, Iела… (тхо)

…Седа (и)

…Мехкарий (уьш)

3-гIа тоба:

…Седас (цо)

…Ахьмад (со)

…Седица (соьца

4-гIа тоба:

…Iелах (цунах)

…Iелица (цуьнца)

…Аминат (иза)

– ХIора тхьамдано шаьш девлча шайн тобано йаздина терахьдешнаш схьадийца.

– Даладе масалш.

– ХIун гойту цIерметдашо?

– ЦIе а ца йоккхуш, йа цуьнан мухалла, масалла билгал а ца йеш, гойту цIерметдашо хIума.

– ЦIерметдешнаш муха хуьла?

– Йаххьийн цIерметдешнаш хуьлу.

– Йаххьийн цIерметдешнаша муьлхачу хаттарна жопло.

– Йаххьийн цIерметдешнашна цIердешнашна луш доллу хаттарш ло.

аь) шаьш бен болх

– ДIадеша 202-гIа шардар.

– И шардар муха кхочуш дан деза?

– ЦIерметдешнаш схьа а лехна, царна кIел сиз хьокхуш кхочушдан деза.

– ХIун гойту цIерметдашо?

– ЦIе а ца йоккхуш, йа цуьнан мухалла, масалла билгал а ца йеш, гойту цIерметдашо хIума.

– ЦIерметдешнаш муха хуьла?

– Йаххьийн цIерметдешнаш хуьлу.

– Йаххьийн цIерметдешнаша муьлхачу хаттарна жопло.

– Йаххьийн цIерметдешнашна цIердешнашна луш долу хаттарш ло.

– Даладе масалш.

 (Уьн тIехь кхочуш йо. Цул тIаьхьа дешархоша шайн тептарша тIе дIайазйо).

VIII. Рефлекси

– Керланиг хIун девзи шуна тахана урокехь?

– ХIун хазахийти шуна тахана урокехь?

– Вай хIоттийна Iалашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?

– ТIейогIу урок муха хила лаара шуна?

– Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь гIайгIане смайлик хьалаайба.

IХ. Урокан жамI дар

– ХIун гойту цIерметдашо?

– ЦIе а ца йоккхуш, йа цуьнан мухалла, масалла билгал а ца йеш, гойту цIерметдашо хIума.

– ЦIерметдешнаш муха хуьла?

– Йаххьийн цIерметдешнаш хуьлу.

– Йаххьийн цIерметдешнаша муьлхачу хаттарна жоп ло.

– Йаххьийн цIерметдешнашна цIердешнашна луш доллу хаттарш ло.

– Даладе масалш.

Х. ЦIахь бен болх

203-гIа шардар, агIо 105.

– Билгалдина цIердешнаш цIерметдешнашца хуьйцуш, схьайазйе.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1