Соьлжа-ГIалин № 3 йолчу школин Нохчийн меттан литературин хьехархо
Умаева Марха
«Хьехархочо кхуллу къам». (А-Хь. Кадыров). Ма нийса аьлла дешнаш ду уьш! Йоккха меттиг дIалоцу хьехархочо хIораннан а дахарехь! Вуй те цхьа а кху лаьтта тIехь цуьнан корматаллин йовхо шен кхетамах хьакхайалаза? Шех тешна волчу хIора дешархочун гIалатвалар нисдеш, йозанехь даьллачу гIалатийн хIора элп толлуш, буса, массо Дала са кхоьллина долу хIумано садоIучу заманчохь церан белхаш толлуш, дош нийса йаздан Iамо гIерташ, хьанала къахьоьгуш верг ву и. Нийса некъ харжа а, йовр йоцу лар йита ницкъ белларг, собар делларг, кхетам белларг… Хьо ву-кх и хьехархо! Хьан цIе йу-кх и даима сийлалле кховдо хьакъ йерг! Сирла нур хуьлий лаьтта хьехархочун амат хIора дешархочун эсехь. Веха иза хIораннан а дахарехь. Масаллин агIо хуьлий, суна санна…
Сан хьехархо, нохчийн меттан сан дуьххьарлера хьехархо! Сан хьоме Залпа Саид-Селимовна! Хьо йацара цкъа а йицйан йиш йолучарах! Дала декъала йойла хьо! Тахана атта дац суна, логе шад хIоьттина, дуьрачу бIаьрхиша йоза ца гойтуш, эхарта йирзинчу хьоьх лаьцна могIанаш йаздан. Делахь а, боккха лаам хилла-кх сан хьо санна йолу хьехархо йовзийта. Йацахь а хьо тхоьца кху маьлхан дуьненахь, ахь суна схьакхийдина хьайн дашо зIаьнарш ас боккхачу безамца дIакхийдайо сайн хьомечу дешархошна! Сайн хIора а дарсехь бечу белхан жамI до ас хьан хьехарш йукъалоцуш, цуьнан мах хьоьца цхьаьна хадош, дерриге беркат хьоьгара схьа дуйла дагатуьйсуш, тIечIагIдеш…
Тамашийна адам дара Залпа Сайд-Селимовна. Хан мел йолу а, цуьнга болу безам алсам буьйлуш, цо лелийначу гIиллакхех цецйуьйлуш, тIаьхь-тIаьхьа и дагатуьйсуш, цу дагалецамашца йеха со. Жималлехь-м хьекъал а ца хуьлура цу хIумана ойла йан а, синкхетам а хуьлу кхин, ткъа ша цу хьехархочун масалца ваха, цо биллинчу новкъа гIулчаш йохуш дIаваха воьлча, кхета волало цуьнан мехаллех, лаьа цуьнан ларца дIаваха, цу новкъахь дика а, синкхетам болуш некъахой а, дешархой а хуьлийла! Сирла дагалецамаш бисна сан сайн нохчийн меттан хьехархочух. ТIеман хан йара иза тхуна хьеха йеъча, тхан бералла эрчайаьккхина болу тIом тхан дахаре беана зама. Цу хенахь къаьсттина оьшура нохчийн къоманна ницкъ, доьналла, собар. И шайолу къонахчун амалш йан а йара цу цхьаьна адамца. Суна-м стагехь бен ца хуьлу моьттура и амалш. Амма Залпаа гайтира суна а, тхуна массарна а къонахчун сийлахь дарж нохчийн зуда а лело хьакъ долуш йуьйла.
Залпа Саид-Селимовнас нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш беш болу хьехархочун болх чIогIа богIура цуьнан амалца, къамелаца, оьздачу леларца, тайначу боларца. Нохчийн меттан уроке сатуьйсура ас хIоразза, доккхачу самукъаца йоьдура цуьнга ладогIа, цуьнан озо хьоьстура сан лерса! Тидаме оьцура ас цо класса чохь дIасайолуш йоккхучу хIора гIулчан, сих ца луш, меллаша болар дора цо цхьаьна йистера дIайолалой, хIора а дешархо тергалвеш, хIоранна тIе тидам бохуьйтуш. Кхин хIумма ца алахь а, сайна уллехь соцунгIа хилла и латта а лаьара. ГIорасиз хилла Iачуьнга а дийца хIума карадой, йукъаозавора цо балхана. Ма хазахетара суна цо сайн цIе йоккхуш! Хьалххе сайн жоп кечдой Iара со, хууш, со цо хастор йуйла, лууш цуьнан самукъадаккха сайгара долчу декъан. Цу кепара, бертахь хIусам хуьлий дIахIуттура оха цуьнца йоккхуш хилла йолу шовзткъе минот. Цо йовзийтина тхуна нохчийн меттан исбаьхьалла, къоман дахаран хазалла, дайн оьзда гIиллакхаш, шира Iадаташ, вайн къомо лайна къизалла, мацалла, махках даьхна, генарчу ГIум-Азе, Киргизе, Казахстане дIакхалхар… Цо Iамийна адам деза, Дала мел кхоьллинчу садолчу хIуманашца къинхетаме хила, Iалам ларда, дуьне деза!
Хийрачу махкахь, Повладарски областехь, Галкински районан Арбиген цIе йолчу йуьртахь 1951-чу шарахь дуьненчу йаьлла Бахарчиева Залпа. Цигахь дIайахна цуьнан бералла. ЦIадерза маршо йелча, церан доьзал а шен Даймахке боьрзу. Ишкол чекхйаьккхинчул тIаьхьа, 1971-чу шарахь Нохчийн пачхьалкъан хьехархойн университете деша хIутту оьрсийн меттан а, литературин а факультете. Кхиамца иза чекйоккхий, шен хьехархочун корматалла дIайолайо Энахишкан №1 йолчу ишколехь оьрсийн мотт, литература хьоьхуш. Цхьана заманчохь сарахь хьоьхуш йолчу школехь немцойн мотт Iамош сахьташ а хьоьху Залпаа. Иштта французин меттан сахьташ а хьехна хилла цо. Шен болх безаш, кхиамца дIакхоьхьуш схьайогIу къона хьехархо. 1990-чу шарахь дуьйна нохчийн меттан а, литературин а сахьташ дала йолало Залпаъ. Шена и мотт чIогIа безаш хиларна а, гIиллакх-оьздангалла шен сица долчу Залпаан аьтто белира № 3-чу школехь нохчийн меттан а, литературан урокаш хьеха. Шена и мотт сил дукха безарна а, нохчийн Iадаташца мел доьзна долчу хIуманца шен гергарло а, марзо а хиларна, кхин долу меттанаш хьехар Iад а дуьтий, шен йерриге ойла а, ницкъ а вайн мотт хьехарна тIебохуьйту цо. Иза кхиамца дIа а боьду цуьнан, хи тоьхча хьалакхуьу синтар санна.
Нохчийн маттахь чIогIа хаза йистхила хууш йара Залпаъ, белха накъосташ чIогIа тоьшалла дора цуьнан хIуманаш, цо лелийна гIиллакхаш дагалоьцуш. Цхьа йеккъа хьехархо хилла ца Iара иза. Белха накъосташна а, хIора хьехархочунна а тешаме накъост, дика доттагI, мерза йиша йара Залпаъ. Цу муьрехь чIогIа мехала а дара хIора нохчийн берана иштта адам накъост хилар, шен тIома кIела озор. Муьлххачу хаттарна дала жоп хуьлура цуьнан. Шена хуург дIакхачо лууш а йара. Адам дукхадезаш йара иза.
Цкъа бицлурбоцу дагалецам бисна сан эсехь Залпа Саид-Селимовнех лаьцна. Дара иза со 11-чу классехь йолуш, нохчийн литературин экзамен йара хаьржина. Сан девашас экзамен Iамо йуьтур йац хьо чохь долчу кегийчу бераша аьлла, суна гIоьнна, ша волчу дIайигира со. Лулахь Iаш вара иза а. Сарралц билеташ Iамочу суна, 25-чу билетан шолгIа хаттар ца карадора, мел дукха лехарх. Девеше хаьттича, цунна а ца карийра цу хаттарна жоп. Вайн къоман театрах лаьцна хаттар дара иза, учебникаш тIехь а доцуш. Дулакас (иштта йоккхура оха тхайн девешин цIе) Залпаа йолче цIа а гIой, хатта элира соьга, амма буьйсанна цхьайтта сахьт даьллачу хенахь товш ца хетара церан цIа йаха. «Суна эхь ма хета, нах дIабуьйшучу хенахь церан неI тоха», – элира ас. «ХIумма а дац, хьо экзамен дIайала йезаш йу, ишшта гIуллакх эцна вахар эхье дац, неI схьайеллахь хоттур ду ахь, ца йеллахь – схьайоуьйтур ма йуй хьо», –аьлла жоп делира соьга Дулакас.
«Волга» машена а хаийна йигира со цу буса сайн хьехархо йолче. Бакъдерг ала деза, чIогIа эхь хеташ туьйхира аса церан неIарна йуххе йоллу горгали. Школан кертахь, хьалхарчу гIатт тIехь, хьехархошна Iан йеллачу гIишло чохь йехара сан хьехархо. НеI схьайиллира сиха. Йелакъежарца дуьхьалйаьлла, муьлхачу гIуллакхна йеана а ца хоьттуш, сихонца чуйигира со Залпаа. Лерина, везачу хьешана санна гонаха хьаьвзина, сан хаттаре, аса деанчу гIуллакхе духе кхиа гIоьртира иза.
Айса арабаьккхина некъ бийца йолайелира со: «24-чу билетан шолгIачу хаттарна тIекхуьуш йацара со, хIун ду а ца хаьа суна, кхана сайна и билет кхочур долуш санна хета суна», – аьлла, чекхдаьккхира аса сайн къамел.
Залпаъ, йела а йелла, ойла а йеш, шена мел хууш долу хIума дагалоцуш, со кхетош дийца хIоьттира. Дог йовха, хазахетарца цIа йахара со. ШолгIачу дийнахь, экзамене чуйахначу суна хьалха масех билетийн кехаташ дехкира, цхьаъ схьакъасто бакъо луш. Схьаийцира билет. Кхача а ма кхечира, кхочур ду аьлла хеттарг, буьйсана, Залпаъ хьейеш, цо хаза кхетийна долу 24-гIа билет! Тхойшиъ вовше а хьаьжна йелайелира, гонаха Iашболу экзамен тIелаца хевшина Iашболу хьехархой а, директор а, завуч а шеконца тхойшинга хьежа хIоьттира, охашимма лелочух ца кхеташ. Уьш кхетийла дан а дацара. Царна ма ца хаьара охашимма бина болх!
«Ма эрна йеана ца хиллера хьо буьйсанна со йолче, Марха! Ма дика хууш а хилла-кх хьуна, муьлха билет кхочур ду хьайна! Иштта хила а йеза дешархо!», – эсалчу йеларца элира Залпаа, цу чохь лаьтташ йолу тийналла а йохош. Йоккхайерца, барам боцчу хазахетарца дуьззина жоп делира сайн кхаьчначу хаттаршна. Цкъа а дицлурдоцу пхиъ ду и сан дахарехь. Сан а, Залпа Сайд-Селимовни а пхиъ ма ду иза! Цу пхиано биллина суна хьалха хьехархочун некъ. Залпа Саид-Селимовни пхиъ ду иза – беркате пхиъ!
Дукха шераш дIаихна цул тIаьхьа, хийцайелла зама, дицдеш дIахьулбина дахаро дукха хиламаш. Амма суна цкъа а йиц цало и буьйса, нохчийн литературин экзамен, сайна хьехна йолу сан хьоме хьехархо а. Иштта хила везара массо а хьоьхуш верг, дикачу эсехь вуьсуш, тIаьхьенна а пайде волуш, дика дебош, масалина хьахо даимна даг чохь а вехаш!
Атта хилла бац хьехархочун некъ цкъа а. Дешархошна керла хаарш довзийтина ца Iаш, уггаре коьртаниг – шен дахаран новкъахь дика адам хилла дIаваха а, чекхвала а гIо деш верг ма ву и. Цо Iамаво лераме хила, къасто дика а вон а, хьанал некъ леха, воккхачун сий дан, вовше деза, лара, адамийн синоьздангалла леккхарчу тIегIанехь хилийта…
Хьехархо – иза похIма ду аьлла хета суна, Дала, дуьнен чу воккхушехь делла долу. Ницкъ бу и, дарж дIакхехьа белла болу. Нагахь санна и болх безаш воцуш и велахь, и хьехархо ву ала йиш йац, иза дуьненан рицкъ лоьхуш араваьлла стаг ву, ткъа ишттаниг берийн дахарехь ца вуьсу дикачу дагалецамашкахь. Вуьсу хьуна шех лаьцна дийца хаза дош дитинарг, массарна гайта масал дитинарг. Сан даг чохь йу йехаш ишттаниг. Диканиг.
Бахарчиева Залпа – суьрта тIехь аьтто агIор хьалхарниг.


