Интеллектуальный мост

Интеллектуальный мост

Как шахматы объединяют поколения
Легендарная комедия «Лулахой» вновь покоряет зрителей

Легендарная комедия «Лулахой» вновь покоряет зрителей

Иман Хамдиева День, когда сердца зрителей зажглись вновь, – так можно охарактеризовать долгожданную премьеру спектакля «Лулахой» («Соседи»)....
Шаг во взрослую жизнь

Шаг во взрослую жизнь

Торжественные церемонии вручения аттестатов прошли по всей республике
Выпускникам Чеченской Республики помогут в трудоустройстве

Выпускникам Чеченской Республики помогут в трудоустройстве

Милана Итиева Ежегодно учреждения среднего профессионального образования Чеченской Республики готовят к выпуску около 11 тысяч квалифицированных...
Каникулы с пользой

Каникулы с пользой

Летние школы города Аргуна дарят детям новые впечатления
Интеллектуальный мост
Интеллектуальный мост
Легендарная комедия «Лулахой» вновь покоряет зрителей
Легендарная комедия «Лулахой» вновь покоряет зрителей
Шаг во взрослую жизнь
Шаг во взрослую жизнь
Выпускникам Чеченской Республики помогут в трудоустройстве
Выпускникам Чеченской Республики помогут в трудоустройстве
Каникулы с пользой
Каникулы с пользой

(«Нанас йинарг хилла», «Доккха инзар»)

Исаков Наврдин Бирлант,

нохчийн меттан, литературин

хьехархо Соьлжа-ГIалин

МБЙХь «Гимнази № 5»

Нохчийн литература. 11 класс.

  1. 1. Урокан тайпа: ийна урок
  2. 2. Урокан Iалашо: романан дакъойн чулацам бовзийтар, коьрта проблемах кхетам балар.
  3. 3. Кхочушдан лору жамIаш:

Личностни: шен къоман а, кхечу халкъийн а ламасташ а, кхолларалла а тIелаца гуьнахь хилар; могаш а, кхерамза а дахаран кеп кхоллар, шен могашаллина жоьпалле хилар.

Метапредметни: бух болуш диалог дIайахьа, конфликтан хьал лагIдан хаар; исбаьхьаллин литературехь гайтинарг а йукъа а лоцуш, керлачу хьолан мах хадо;

Предметни: романан дакъойн чулацам бовзийтар, коьртачу проблемах кхетам балар.

  1. 4. Коьрта дешнаш: роман, дакъа, турпалхой
  2. 5. Базови кхетамаш: эпитет, метафора, дустар, фразеологизм, кица
  3. 6. Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:

Хаарш зер (хаарийн актуализаци)

Iаматца болх бар

СуртхIотторан гIирсаш схьайазбар, тайпанаш билгалдахар.

Текстаца болх бар (инсерт технологех пайдаэцар)

Таблица тIейузар

Хаттарш, тIедахкарш

Маххадоран кехаташца болх бар

БЛОЧНО-МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР

 

БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар

Модуль 1.1. Проблемни хьал.

Адам – адамна доттагI, накъост, ваша хила деза.

МаьIна даста хIокху аларан.

Дийца, «Ирсан орам» романан муьлхачу декъана лерина ду и? (Нанасйинарг хилла)

«Адамо кхоьллинчу инзарех уггар башханиг – книга хета суна». М. Горький

ХIун маьIна долуш ду хIара алар?

Дийца, «Ирсан орам» романан муьлхачу декъана лерина ду и? (Доккха инзар)

Исаева Марьяман романан муьлхачу дакъойх лаьцна хир ду таханлера къамел? («Нанасйинарг хилла». «Доккха инзар».)

Модуль 1.2. Iалашо хIоттор.

Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

Романан дакъойн чулацамах, дакъойн коьртачу проблемех.

БЛОК 2. ГIуллакхан мур

 

Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар.

ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)

  1. 1. «Ирсан орам» романан маса дакъа ду вайн хрестомати тIехь

1) исс +

2) итт

3) цхьайтта

4) шийтта

  1. 2. «Нанасйинарг хилла», «Доккха инзар» дакъош ду:

1) хьалхарчу киншки тIехь +

2) шоллгIачу киншки тIехь

3) кхоалгIачу киншки тIехь

4) йоьалгIачу киншки тIехь

  1. 3. Стеган уггар йоккха дакъазалла хIун йу?

1)хьал хилар

2)таро хилар

3)хьагI хилар +

4)гIийла хилар

  1. 4. Стенах олу метафора?

1) хIуманан мухалла билгалйоккхуш йа цуьнан цхьа агIо исбаьхьаллин, поэтически кепехь гойтуш йолу дош;

2) исбаьхьаллин сурт хIоттош цхьа хIума шех тера долчу кхечу хIуманехула билгалдаккхар, шен ма-даррачу маьIнехь а доцуш, кхечу маьIнехь дош далош хIума йа гIуллакх гайтар; +

3) поэтически говзарехь хIума чIагIдаран маьIнехь далийна хаттар;

4) исбаьхьаллин кепехь цхьа хIума йа гIуллакх кхечуьнгахула билгалдаккхар, шех тера долчу кхечунах дустуш гайтар.

 

  1. 5. Исаева Марьяма нохчийн матте йаьхна оьрсийн йаздархойн байташ:

 1) Александр Пушкинс, Юрий Лермонтовн +

 2) Михаил Зощенкас, Николай Лесковс

3) Асанов Николайс, Тарковский Арсенийс

4) Максим Горькийс, Михаил Булгаковс

Вовшийн белхаш таллар. Маххадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп -  1 балл)

Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар.

Хьехархочун дош:

Йоккхачу дегайовхонца кхоьллина авторо Вассин васт. KIoрггеpa патриотизм йолуш, шен Даймахкана а, халкъана а хьанал стаг йу Baсca. Цо шена хьалха хIоттийна Iалашо халкъана пайдехь хилар йу. Даймехкан тIамехь а, цул тIаьхьа тылехь болх беш а хаддаза шен Iалашонна тIегIерташ йу иза. Вассин вастаца мелла йаздархочун биографица догIуш долу хIуманаш а ду.

Дешнаш тIехь болх:

ХIевник – чохь хIума отуш йолу пхьегIа

Сарап – ораматех доккхуш долу дарба

ГIий – дакхийна кхо

Сега – къега, лепа

Толкха – метта боьххьера лен

 

Хрестомати тIера «Нанасйинарг хилла» дакъа дешар. Таблица тIейузар.

ТIедахкарш

Жоьпаш

1

Муьлш бу «Нанас йинарг хилла» декъан турпалхой?

Васса, Клавдия Ивановна,

2

ХIун Iалашо йолуш йахнера Васса Чолак-Тау?

Васса Чолак-Тау кхачаран бахьана дара, Акаев Руслан а, цуьнан йоI Седа а цигахь хилар тосадалар.

3

Муха тIеийцира Клавдия Ивановнас Васса?

Клавдия Ивановна цкъа йоьхна хьаьвзира, амма къинхетаме дог ца Iийра, цо Васса шен йиша санна тIелецира.

4

ХIун бахьана дара аптекин заведующичо Васса балха дIаэца дуьхьало йар?

Васса чIогIа декъазчу хьолехь йара. Клавдия Ивановнас ойланаш йора, мел дегаза хетар ду нахана, ша цIера йаьлча кхуьнан карара молханаш эца бохуш. «ХIан-хIа, хьер ца ваьллачо оьцур йац хIара декъаза зуда аптеке!»

5

«Адам – адамна доттагI, накъост, ваша хила деза», - хIун бахьана ду йаздархочо хIара алар далор?

Дахарехь муьлхачу а стагана тIенисйала тарло хала киртиг. Ткъа адамаш вовшашца къинхетаме хила дезаш хилар тIечIагIдо авторо.

Хрестомати тIера «Доккха инзар» дакъа ролешкахь дешар. Таблица тIейузар.

ТIедахкарш

Жоьпаш

1

ХIунда тиллина йаздархочо хIокху декъана «Доккха инзар» цIе?

Оцу халачу заманахь книгаш йоьшуш, Iилманна тIекхиа гIерташ, къахьоьгуш хилла наха. И хета авторна доккха инзар.

2

ХIун бахьана дара Васса Акаев Руслан вехачу хIусаме кхача лаар?

Вассина дукха безара шен доьзал, ган а лаьара.

3

Муьлхачу ойланаша йаьккхинера Васса сингаттаме?

Васса Руслан вехачу хIусаме кхача Iалашо йолуш йара, амма и кхочушдан ницкъ ца кхочура цкъачунна.

4

Шен кхерчахь Руслан муха карийра цунна?

Шина а куьйга корта а Iаьвдина, стоьла хьалха Iаш карийра цунна Руслан.

5

«Адамо кхоьллинчу инзарех уггар башханиг – книга хета суна», - муха кхета хьо кху аларх?

Дахарехь коьрта ду стаг дешна хилар. Ткъа книга йешар – и ду тоьлла дешар аьлла йаздархочо.

Схьайазбе суртхотторан гIирсаш.

Эпитеташ – гIоргIа аз, кIайн бода, гIийла сегаш, эсалчу бIаьргаша, мерза ойланаш, къаьхьачу ойланашка, къаьхьа дешнаш, къен пхьор…

Метафораш – кхаьбна ойланаш, йешар йу кийрара хало, ойла ЧIишкахула дIайахана, беза бала балхо, эккха воллуш волу, гIийла богу чиркх, нийсонан алу латор йара, алу кхерстира…

Дустарш – буржалш тоьхча санна, багахь гIулгаш дохкуш санна, чуо йагийча санна, беза бала беъча санна, стим санна, гуро лаьцча санна, холхаз санна, клубе санна, йетт белча санна, хIуьрцIаьлдиг санна, бIаьстенан ло санна, «Лечанан илли» санна, дийна болуш санна, бежнаш санна, деза дари санна, буьхьиг санна, …

Фразеологизмаш – дог Iаьвжира, дог дуьллучу (дилла), дог схьаэккха доллура, дог хьоьсту, дог цIена, дог эшна, даго ма-лоьхху, бIаьрг кхарстабора, дог доьлуш, дог Iаьвдира (сингаттамо)…

Кицанаш – ворхIазза дуста – цкъа хададе // книга йешар – и ду тоьлла дешар…

«Доккха инзар» дакъа аша муха дерзор дара?

Фразеологизмийн кесталла йалийча, муьлха кийрара орган йу Исаева Марьяман коьртачух? (дог)

Дийца, цунах лаьцна шайна хетарг.

БЛОК 3. Рефлексивно-мах хадоран мур. ЖамIдар, цIахь бан болх

 

Модуль 3.1. Ша шен мах хадор, ойла йар.

Хаттарш, тIедахкарш

Муха адам ду Клавдия Ивановна?

Стенца ду цуьнан гергало?

Клавдия Ивановна шен йетта белча санна, йоккхайийриг хIун дара?

Цу тIеман заман чохь берриг синкъерам стенца бара цуьнан?

Вассина М.Горькин «Бералла» хазйалар хIун бахьана дара?

Вовшийн белхаш таллар.

ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.

Модуль 3.2.Урокан жамIийн мах хадор. ЦIера болх.

Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.

 

Дешаран гIуллакхийн рефлекси.

Дешаран Iалашо: романан дакъойн чулацам бовзийтар, коьртачу проблемах кхетам балар.

ЦIера болх (инструктаж)

  1. 1. Исаева Марьяман «Ирсан орам» романан дакъош дешар, анализ йар.
  2. 2. «Доккха инзар» романан дакъа чекхдаккха.
  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1