Соьлжа-ГIалин «Йуккъера йукъардешаран ишкол № 10»
Нохчийн меттан а, литературин а хьехархо:
Байтаева Хасин Малика
Нохчийн мотт. 6 класс.
- 1. Урокан тайпа: ийна урок
2.Урокан Iалашо: грамматически билгалонашка а, маьIне а хьаьжжана, карарчу хенан хандешнаш къасто а, церан нийсайаздаран норманаш ларйан а.
- 3. Кхочушдан лору жамIаш:
Личностни: нохчийн маттаца, шен Даймехкан кхиамашца, Iилманца, исбаьхьаллица мехала йукъаметтигаш йолуш хилар; йемал ца беш, ша а, кхиберш а тIеэца хаар;
Метапредметни:
хьехархочун гIоьнца Iалашо кепе йалор, тексташкахь, таблицашкахь белла хаам схьакъасто, талла, къепе бало, хааман кхетам бала хаар; лингвистически таллам (эксперимент) барехь схьаэцначу хааман мегаш хиларан а, бакъхиларан а мах хадо;
Предметни:грамматически билгалонашка а, маьIне а хьаьжжана, карарчу хенан хандешнаш къасто а, церан нийсайаздаран норманаш ларйан а.
- 4. Коьрта дешнаш: хандош, карара хан, йахана хан, йогIу хан
- 5. Базови кхетамаш: адам, мотт, текст
- 6. Урокехь дан лерина гIуллакх даран некъаш:
Текстаца болх бар (бакъо йешар, шардар кхочушдар)
Хаарш зер (Ловзаран кеп «ХIаъ, хIан-хIа»)
Учебникца болх бар
Таблица тIейузар
Чолхе йоцу жима-исследовани
Маршрутан кехаташца болх бар.
БЛОЧНО-МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР.
БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина тIевар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар.
Модуль 1.1. Проблемнин хьал.
- Де дика хуьлда, хьоме дешархой, лераме хьеший. Вай долчу хьошалгIа баьхкина хьеший бу. Маршалла хоттур ду вай цаьрга. Дешархой тIехьа хьовсал, вайн хьешашна делалол! Ткъа хIинца соьга схьахьовсал, суна а делало. Урокана кийча дуй шу? Охьаховша. Со тешна йу, таханлера урок шун иэсехь йуьсург хиларх. Дала беркате дойла вайн вовшахкхетар!
Шуна хьалха маршрутан кехаташ ду. Цу тIехь билгалдаьхна ду тахана дан лерина тIедахкарш. ДIайазйе фамили, цIе, класс.
1-ра тIедиллар
Дешнаш шайн лексически маьIнашка хьаьжжана цхьана дашца билгалдаха.
|
№ |
ТIедахкарш |
Жоьпаш |
|
I |
ГIабакх чуйиллина кечбина кхача. |
Хингал |
|
2 |
Цхьана рожехь нисдина элпаш. |
Абат |
|
3 |
Маттана йукъадаьхкина керла дешнаш. |
Неологизмаш |
|
4 |
ЖIаьлин даар. |
Доьша |
|
5 |
Дешнаш йозанехь нийсайаздар. |
Орфографи |
|
6 |
ТIайх налха баьккхича бухадуьсу сурсат. |
Шар |
ДIайаздинчу дешнийн хьалхарчу элпех дош кхолла. Муьлха дош нисдели шун? Нийса ду. Иза хандош ду. ДIайеша байт.
Олхазарш, бошмашкахь ловзуш,
Дуткъачу гаьннаш тIехь дека,
Йуткъачу шакаршца эшарш
Цара, дилха дог хьоьстуш, лоькху.
(Мамакаев I. «БIаьстенан Iуьйре»)
- Дийца, стенах лаьцна йу хIара байт?
- Вайн Даймахкахь муха йогIу бIаьсте? (Вай долчохь – иза сирла малхаца, наггахь догIуш долчу догIанца а тIекхочуш болу шеран мур бу. Иза тIекхочу самукъанечу билгалонашца, дерриг Iалам сама а доккхуш. Дитташа а, коьллаша а заза доккху, аренаш бацо сенйой, хазйой дIахIуьтту. Вайн зевне хьеший а кхочу схьа шайн мерзачу мукъамашца. Дуьххьарлера ткъес тохар а долало хIутосург баттахь.)
- Дийца, билгалдаьхна дешнаш муьлха къамелан дакъа ду? Хаттарш хIиттаде царна. Дар йа хилар маца кхочушхилар гойту цара?
- Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (Хандешан карарчу хенах лаьцна)
Модуль 1.2. Iалашо хIоттор.
Дешаран Iалашо: грамматически билгалонашка а, маьIне а хьаьжжана, карарчу хенан хандешнаш къасто а, церан нийсайаздаран норманаш ларйан а.
БЛОК 2. ГIуллакхан мур.
Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар.
- ХIинца шайн маршрутан кехаташ тIера шолгIа тIедиллар кхочушде. Ловзаран кепехь ду иза. (1 мин)
2-гIа тIедиллар
Ловзаран кеп «ХIаъ, хIан-хIа».
|
«ХӀун хаьа суна хандашах лаьцна?» |
«ХIаъ, хIан-хIа» |
|
Хандош – дешан дакъа ду |
|
|
Хандашо хIуманан дар йа хилар гойту |
|
|
Предложенехь хандош дукхахьолахь къастам хуьлий лела |
|
|
Хандешан коьрта кхо хан йу: карара хан, йахана хан, йогIу хан |
|
|
Хандешан билгалзачу кепан хаттарш ду: хIун дан? хIун хила? |
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар.
3-гIа тIедиллар
Учебник тIерачу бакъонах пайда а оьцуш, хьалайуза таблица (2 мин). Хила мега жоп:
|
Хандешан хан |
ХIун гойту хандашо? |
Муьлхачу хаттаршна жоп ло? |
Масалш даладе |
|
Карара хан |
ХIуманан дар йа хилар къамел дечу хенахь кхочушхилар гойту. |
ХIун до? ХIун хуьлу? |
Охку, кхоьхьу, сихло, лоь, вов, лов, хеза |
4-гIа тIедиллар
198-гIа шардар. Карарчу хенан хандешнаш кIел сиз хьокхуш, билгалдаха.
Хьаннаша вайн мехкан шиъ-кхоалгIа меттиг дIалоцу. ХIора шарахь цIе йаларца хIаллакьхуьлу хьаннийн эзарнаш гектараш. Кевстиго дитт лардо садолчу
хIуманех а, дакъадаларх а. Къоначу дитта тIера чкъор даккхаро дитт хIаллакдо.
- Йукъ-кара дешархочуьнга предложени йоьшуьйтуш, ша билгалдаьккхина хандош схьаолуьйту.
СадаIаран минот (Жимма садоIур ду вай)
Ловзар «Синтем боцу хенаш» (Времена-непоседы)
Йаханчу хенан хандош хазахь, куьйгаш хьалаайъа.
Карарчу хенан хандош хазахь, куьйгаш гIодайуккъе хIиттаде.
ЙогIучу хенан хандош хазахь, шаьш лаьттачохь-ша лаьттачохь го таса.
Воду, левзина, воьлу, хьожур ву, аьлла, доьшу, Iамийна, вогIур ву, йаздо.
5-гIа тIедиллар (Тобанашкахь болх)
- РогIера тIедиллар тобанашкахь кхочушдийр ду. Тобанашкахь болх муха бан беза дагадогIий шуна?( Вовшех дага а довлуш, бертахь, жигара болх дIабахьа беза)
Мини-исследовани. Йукъахдитина элпаш дIайазде.
Бох…, доьш…, уз…, йуьл.., совц.., гойт… .
Лаь.., Iем…, хьаьвз…, хьийз…, вевз…, лел… .
- Шу массо реза долуш дехкина дуй элпаш чаккхенга? РогIехь цхьацца дош деша, чаккхенга хIун элп диллина олуш.
Муьлха элпаш ду уьш? Дийца, хIун бахьана ду церан йаздаран? Тидамбе, муьлха элпаш ду орамехь? Муьлха мукъа аьзнаш ду уьш? (балдийн// балдийн доцу)
Нийса жоп
Боху, доьшу, узу, йуьлу, лоьйту, доьйту, совцу.
Лаьа, Iема, хьаьвза, хьийза, вевза, лела.
Бакъонаш
СЛАЙД («Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» – дошамах пайда эцар. Параграфаш 45, 46)
№ 45. Хандешан карарчу хенан орамехь мукъа элпаш о, оь, у, уь, ов, ой хилахь, цуьнан чаккхенга –у элп йаздо.
Масала:олу, боху, доьшу, оьцу, лору, лоьру, хьожу, гойту, хьовсу, хьоьжу, узу, йуцу, йуьлу, соцуьйту, молуьйту, ловзу, къовсу, дойту, вохуьйту, лоьйту,зоьйту.
№ 46. Хандешан карарчу хенан орамехь мукъа элпаш аь, е, ий, ев, аьв хилахь, чаккхенга –а элп йаздо.
Масала: лаьа, хаьа, лаьтта, Iема, Iена, хеза, хьаьвза, хьийза, цIийза, сийса, вевза, терса.
6-гIа тIедиллар
ХIора могIанехь схьалаха совнаха дош, кIел сиз хьакха цунна. Дийца, хIунда ду и совнаха.
- I. Молу, лета, веди, доьшу.
- 2. Хьагвелла, сахуьлу, воьду, оьцу.
- 3. Къега, вижа, кхоьру, лаьтта.
- 4. Богу, дека, лоху, саца.
- 5. Iохку, тухура, хьосту, йаздо.
БЛОК 3. Рефлексивно-маххадоран мур. ЖамI дар, цIахь бан болх.
Модуль 3.1. Ша-шен маххадор, ойлайар.
7-гIа тIедиллар (Тобанашкахь болх)
Карарчу хене а дохуш, дIайазде хандешнаш. Дийца, хIунда дехкина чаккхенгахь –у йа –а элпаш.
Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьг…
Аьхка мало йиначо Iай хало хьоьг…
Къиг тIейеъча, къиг а гIотт… хьала.
Керлачу норо нехаш цIена йох…
Нанас йина чов лаза ца лоз…
Iовдалниг хье мел вин а Iовдалвол…
Ла мел дийгIи, татанаш сов хез…
Ша буьйш, дехко а йухк… цергаш.
Шен кетIахь нIаьна а хуьл… майра.
ЧIеро лох… хи чохь кIорга меттиг.
Оьздачу стага шен цIахь а, хьошалгIахь волуш санна йу… хIума.
Керлачу норо нехаш цIена йох…
Модуль 3.2. Урокан жамIийн маххадор. ЦIера болх.
Рефлекси
Дешаран хьесап: грамматически билгалонашка а, маьIне а хьаьжжана, карарчу хенан хандешнаш къасто а, церан нийсайаздаран норманаш ларйан а.
ХIун Iеми вайна?
Хандашах лаьцна дина жамIаш дIайазде интеллект карти чу.


