Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 5»
Нохчийн меттан, литературин
хьехархо: Исаков Наврдин Бирлант
Нохчийн литература. 11 класс.
УРОКАН ТЕМА: «Ирсан орам», «Ирс кхоллархой» роман-дилогин дIахIоттам а, исбаьхьаллин чулацам а
1.Урокан тайпа: ийна урок
- 2. Урокан Iалашо: Исаева Марьяман романан-дилогин дIахIоттам, «Ирсан орам» исбаьхьаллин чулацам бовзийтар.
- 3. Кхочушдан лору жамIаш:
Личностни: къинхьегамна кийча хилар, говзалла мехала хиларх кхетар, къинхьегам безар; меттан а, йешаран а культура, адамашна йукъахь зIе латтаран а, дуьне довзаран а гIирс санна, Iамийнчу а, шаьш йешначу а литературин говзаршна тIе а тевжаш, шарйар;
Метапредметни: литературин урокашкахь парашца а, тобанашца а болх барехь вовшашца уьйран тайп-тайпана кепаш карайерзор; бух болуш диалог дIайахьа, конфликтан хьал лагIдан хаар.
Предметни: Исаева Марьяман роман-дилогин дIахIоттам, «Ирсан орам» исбаьхьаллин чулацам бовзийтар.
- 4. Коьрта дешнаш: роман-дилоги, ирс, орам
- 5. Базови кхетамаш: текст, дахар, информаци
6.Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:
Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
Iаматца болх бар
Ловзаран кеп «Антиципаци»
Текстаца болх бар (инсерт технологех пайдаэцар)
Таблица тIейузар
Хаттарш, тIедахкарш
Маххадоран кехаташца болх бар
БЛОЧНО-МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР.
БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар.
Модуль 1.1. Проблемни хьал.
«ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш»
МаьIна даста хIокху аларан.
Стеган ирс стенах кхоллалуш ду? (проблема)
(Нахана везаш хиларх кхоллало стеган ирс. Нахана везнарг Далла а везна.)
Муьлха говзар йевза шуна ирсах лаьцна? («Ирсан орам»)
Модуль 1.2. Iалашо хIоттор.
Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (хуур ду, Iемар ду)
Исаева Марьяман роман-дилогин дIахIоттамех а, «Ирсан орам» исбаьхьаллин чулацамех а лаьцна.
БЛОК 2. ГIуллакхан мур.
Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар.
ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)
- 1. «Ирсан орам», «Ирс кхоллархой» цIе йолу романаш муьлхачу шерашкахь арайевлла?
1) ХХ-чу бIешеран 1960-чу шерашкахь +
2) ХХ-чу бIешеран 1959-чу шерашкахь
3) ХХ-чу бIешеран 196I-чу шерашкахь
4) ХХ-чу бIешеран 1962-чу шерашкахь
- 2. «ГIойтIахь», «Iалхан-Юьртахь» дакъош ду:
1) хьалхарчу киншки тIехь
2) шолгIачу киншки тIехь
3) кхоалгIачу киншки тIехь
4) йоьалгIачу киншки тIехь +
- 3. Исаева Марьям йина ... -чу шарахь ... цIе йолчу гIалахь.
1)1930-чу ш. ГихтIа
2)1903-чу ш. Хьалха-Марта
3)1898-чу ш. Одесса +
4)1898-чу ш. Чахкара-ГIалахь
- 4. «Хакишев Солтас шен хенахь шуьйра йаржош хилла вайн халкъана йукъахь прогрессивни дог-ойла», - хIокху дешнийн автор ву:
1)Сайдуллаев Хьасан
2)Мамакаев Iаьрби
3)Сулаев Мохьмад +
4)Кибиев Мусбек
- 5. Исаева Марьяман кхолларалла дIайолайелла:
1) байташца +
2) романашца
3) дийцаршца
4) басняшца
Вовшийн белхаш таллар. Маххадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп - 1 балл)
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар.
Iамат тIера «Ирсан орам», «Ирс кхоллархой» роман-дилогин дIахIоттам а, исбаьхьаллин чулацам а» статья тIехь болх бар.
Хьехархочун дош:
«Ирсан орам» романан чулацамехь ду нохчийн къам, махках а даьккхина, Казахстанехь хиллачу хенахьлера гIуллакхаш. 60-чу шерашкахьлерчу нохчийн литературин тематика шорйина Исаева Мареман «Ирсан орам», «Ирc кхоллархой» романаша. Сийлахь-Боккха Даймехкан тIом болчу хенахь даймехкан хьал а, ницкъ а алсамдаккхарехьа йолчу Iалашоно цхьабарт беш вовшахтоьхнану тайп-тайпанчу къаьмнех долчу адамех лаьттачу къинхьегаман коллективо тылехь хIайттараллица болх бар гайтина «Ирсан opам» цIе йолчу роман тIехь.
Кегийчу дакъойх лаьтташ йу М. Исаеван роман. ХIора а декъан шен къаьсттана тема а, шен чулацам а болуш. Советан Iедалан уггаре жоьпалла а, цуьнца цхьаьна уггаре къиза а мур ма бу цаьргахь вайна бовзуьйтург. Ма-дарра дийца таро йоцчохь, цхьацца хиламаш, адамийн йукъаметтигаш а йалош. Мехкан куьйгаллера дуьйна охьа, харц цIераш тохкуш, хьекъал долу нах хIаллакбо питане, чолхе, къиза зама йу цу тIехь лаьттарг.
Исаева Марьямин романан дакъойн барам мел бу?
«Ирсан орам» романан коьрта турпалхой муьлш бу?
Муьлха амалш гучуйовлу коьртачу турпалхочун Вассин?
Дешнаш тIехь болх:
ЛаьнкIа – астагIа
«Бетпак-Дала» – (казахийн дош) – меца аре
ХIевник – чохь хIума отуш йолу пхьегIа
Сарап – ораматех доккхуш долу дарба
ТIедиллар:Iаматахпайда а оьцуш, тIейуза таблица.
|
Романехьйуьйцушйолу зама |
МахкахьДаймехкантIомдIабоьду зама йуцутIехьгайтинарг |
|
Романанкоьртатурпалхой |
Васса, Акаев Руслан, Клавдия Ивановна |
|
ВассинкъамелехьнохчийнхIумацошенлоруштIеэцнахилархаалодешнашбилгалдаха |
«ТханIедалехь», «тхангIиллакхехь», «тханнехан». Тханнеханкицаду: «Хазалла – сарралц, дикалла – валлалц» |
|
Васса тIамтIейахаранбахьана |
Руслан хийцавалардазделла |
|
ВассинагIо-накъосталла дина аптеканзаведующичунцIе |
Клавдия Ивановна |
|
Вассин дика амалш |
ГIиллакхе, тешаме, доьналла, йахьйолуш, Даймахке, шендоьзалхочуьнгабезамболуш |
Антиципаци
ДIайеша текст.
Веллрга денанв дккхуа а аатт хри драа, хIраа вовшахдккхиаьна дгеI тдечула аьалл, хтареа массрана а. И мттае йенаа аьалл, кхъа кхчаьна лроьаш, сестрша цу схьота схьахьаьлхриа. Аамм уолл гIрота а, бистхлиа а ца бхьаьира вккхачуо лроьах. Мтетахъхьера Ваасс, такъ шгае ха ца храцаделча, хаалл крота бккхаьира агIро.
Снигаттмаечу наабхте чуьар аар – млаьхе ваьлалчунна хIну хтеар драа? Иаштт хйтириа хIкхоунна шгеа бвхоачу бзаемца хьжоьу ши бIраьг хааеблча. ТIхьоаь-м, шгеа схьхьаоьжучу, дхьалуь мнаьги тIхье Iлуьлучу драхочун йхьуь а йвезира (цкъа а ца йицйан) Ваиссна.
Нийса жоп
Велларг денван дуккха а атта хир дара, хIара вовшахдаьккхина дегI тадечул аьлла, хетара массарна а. И метта йеана аьлла, кхаъ кхаьчна лоьраш, сестраш цу сохьта схьахьаьлхира. Амма улло гIорта а, бистхила а ца баьхьира воккхачу лоьрах. Меттахъхьера Васса, ткъа шега ха ца харцаделча, халла корта баьккхира агIор.
Сингаттамечу набахте чуьра ара – маьлхе ваьллачунна хIун хетар дара? Иштта хийтира хIокхунна шега бовхачу безамца хьоьжу ши бIаьрг хаабелча. ТIаьхьо-м, шега схьахьоьжучу, дуьхьал маьнги тIехь Iуьллучу дархочун йуьхь а йевзира (цкъа а ца йицйан) Вассина.
Дийца, хьанах лаьцна йу хIара текст?
Дийца, муьлхачу суртхотторан гIирсех пайда эцна, схьайазбе уьш.
БЛОК 3. Рефлексивно-маххадоран мур. ЖамIдар, цIахь бан болх.
Модуль 3.1. Ша шен маххадор, ойла йар.
Хаттарш, тIедахкарш
Романан Iалашо йаста.
Билгалйаха Вассин дика амалш.
Дийца Акаев Русланах лаций.
Дийца Вассас халонаш лар муха гайтина роман тIехь.
Клавдия Ивановнин васт кхолла.
Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
Модуль 3.2.Урокан жамIийн маххадор. ЦIера болх.
Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.
Дешаран гIуллакхийн рефлекси.
Дешаран Iалашо: Исаева Марьяман романан-дилогин дIахIоттам, «Ирсан орам» исбаьхьаллин чулацам бовзийтар.
ЦIера болх (инструктаж)
1.Исаева Марьяман «Ирсан орам» дакъа дешар, анализ йар.
2.«Коьрта турпалхо» темина кластер.


