Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования

Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования

Иман Хамдиева В Московской области, в городе Долгопрудный, завершился финальный этап Всероссийского инженерного конкурса «Первый элемент. Модель»,...
Успешный интенсив в Грозном

Успешный интенсив в Грозном

Создали проекты – победили сомнения
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования
Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования
Успешный интенсив в Грозном
Успешный интенсив в Грозном

Урокан тема: Кусаев Джабраилан Iадиз. Стихотворени «Амалехь диканиг».

I.Урокан тайпа: ийна урок

2.Урокан Iалашо: Кусаев Iадизан биографи, «Амалехь диканиг» стихотворенин чулацам бовзийтар.

3.Кхочушдан лору жамIаш:

Личностни: синмехаллаш харжа оьшучохь а, оьздангалла харжа эшар нисделлачу хьолехь а нийса харжам бар, шен леларан нийса мах хадо хаар а, нехан леларан мах хадо хаар а, харц леларшна резацахилар; дахаран мехаллех кхетар, шен могашалла ларйар,

Метапредметни: хьехархоша къастийнчу критерешца йа шен лаамца формулировка йина информаци тешаме хилар къасто; информаци эвсаре дагахь латто а, системизаци йан а.

Предметни: нохчийн къоман амалх а Даймохк ларбарх лаьцна йолчу говзаршкахь нохчийн патриотизман бухах а, доьналлех а, баккхийчеран проблемех а, нохчийн меттан а шатайпаналлех кхетам хила;

4.Коьрта дешнаш: амал, дика-вон, къинхьегам

5.Базови кхетамаш: адам, халкъ, текст

6.Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:

  • Iаматца болх бар
  • Ловзаран кеп «Схьалаца гIалат»
  • Текстаца болх бар
  • Таблица тIейузар
  • Хаттарш, тIедахкарш
  • Маххадоран, маршрутан кехаташца болх бар

БЛОЧНО- МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР.

 БЛОК I. Мотивацин-Ӏалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тӀеэцаран хьелаш кхоллар.

Модуль I.I. Проблемни хьал.

ДIадаханчу шарахь, товбецан баттахь, бераш школе деша схьадаьхкира. Цхьа жимма хан йаьлча, кабинет чу делира йоI а, кIант а, карахь кхаба чохь зезаг долуш. Зезаг гIелделла карийча, цуьнан Iуналла дан Iалашо йолуш, коридор чуьра дохьуш деънера и шиъ. Цу шиммо кест-кеста хи тухура, латта охкура. «Хьо кестта толур ду, тIаккха хьан гIаш сенлур ду, йуха хьуна тIе исбаьхьа зезагаш девр ду, оха хьо хьайн метте дIахьур ду», - бохуш, цуьнца тайна хабарш дуьйцура цара.  Со йоккхайерца тидам беш Iара цу шиннан а. Зезаг дукха сихонца кхиа доладелира.

Дийцийша, муха хета шуна и ши бер? Муьлха агIонаш гучуйевли шуна церан? (къинхетаме, дика, тергаме … хилар).

Муьлхачу дашца ала мегар и дешнаш? ((стеган) амал)

Модуль I.2. Ӏалашо хӀоттор.

Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (хуур ду, Iемар ду)

«Амалехь диканиг» стихотворенех лаьцна. Мила ву цуьнан автор?

Дийца, муьлха Iалашо хIоттор йу аша шайна хьалха? (авторан биографи йовзар, стихотворенин чулацам бовзар)

Дешаран Iалашо: Кусаев Iадизан биографи, «Амалехь диканиг» стихотворенин чулацам бовзийтар.

БЛОК 2. ГӀуллакхан мур.

Модуль 2.I. Актуализаци йар,  хаарш карладахар.

ХIун бахьана дара зезаг сиха кхиарна?

ХIун оьшу дахарехь адамна а, садолчу хIуманашна а.

Стен ло вайна йовхо? (нанас, малхо)

ХIораннан а нана кхуза кхачо ницкъ цахиларна, ас шуна малх беъна. Амма цуьнга йовхо йалийтархьама, хIораммо а шегахь кхио йеза дика амалш. Вайн урокан йохаллехь уьш билгалйохур йу вай.

Модуль 2.2.  Керла материал карайерзоран дешаран гӀуллакхаш кхочушдар.

Кусаев Iадизан биографи йовзуьйтуш, дIахьур бу рогIера болх. (Инструкци) Аша болх бийр бу тобанашкахь. Х1ора тобана хьалха маршрутан кехат ду, цу т1ехь таблица йу. Х1ора  тобано тезисаш йалайо 4 т1едилларна. Тобанашкахь болх бечу хенахь вовшех дагадовлар, вовшашка ладог1ар, вовше ларар мехала ду. Вовше дистхуьлуш аз лохачу барамехь хила деза, жоп луш куьг айъан деза.

1-ра тIедиллар.

Тидам бе таблици чуьра тIедахкаршна. Леррана дIайеша учебник тIера текст. Таблици тIера хIора тIедилларна дуьхьал йоцца тезис йалайе.

Белхаш толлур бу вай х1инца.

1-ра тоба

п/п

ТIедахкарш

Тезисаш

1

Вина

1938-чу шарахь Ножин-Юьртан районан ширачу йуьртахь Шоьнахь

2

Дешна

Ишколехь, Соьлжа-ГIаларчу

Статистически техникумехь, ТIеман авиацин-технически училишехь, Ростов-гIалахь журналистийн факультетехь

3

Белхаш бина

Соьлжа-ГIаларчу авиапортехь, Ростов-ГIалахь журналистийн факультетехь

4

Стихаш йазйан волавелла

8-чу классехь доьшуш волуш.

 

2-гIа тоба

п/п

ТIедахкарш

Тезисаш

1

Дуьхьарлерчу стихашна зорбатоьхна

1958-чу шарахь

2

Поэтически сборникаш

«Некъаш», «Цхьаалла», «Ламанан Леча», «БIаьстенан мохк», «Амал», «Кхоллам», «Къинхетам»

3

Поэтан поэзин жанраш

Лирически стихаш, сюжетни стихотворенеш, поэмаш, сонеташ

4

Оьрсийн маттахь арахецна книга

«Писатели Чечни»

 

Лакхахь вай дийцира, маьлхан зIаьнарш тIейузур йу аьлла. Хьанна дагадоху, муьлха амалш йара вай билгалйан йезаш (дика амалш). Билгалйахий вай уьш.

Дешнаш тIехь болх. Билгалйаха дика амалш.

1

догдикалла

добродушие

2

комаьршалла

щедрость

3

дикалла

доброта

4

собар

терпение

5

кхетам

сознание, мудрость

6

къинхетам

сострадание

7

хьекъал

умный, мудрый

8

хьанал

честный, добросовестный

9

куралла

высокомерие

10

дералла

злость, ярость, раздраженный

11

бен цахетар

равнодушие

12

кIиллолла

трусость

 

Малх бузарехь вайна хааза йисина коьрта цхьа амал, иза, вайн урок чаккхене йахча, схьакарор йу аьлла хета суна.

Стихотворени дIайоьшу (видеозапись). Хаттаршна барта жоьпаш далар.

  1. Беран амал кхиорехь муьлха меттиг дIалоцу нанас?
  2. Дас беран амал кхиорехь хIун до?
  3. Дена а, нанна а муха кхиа лаьа шен доьзалхо?
  4. Дахарехь муха хила Iамаво стихотворенин могIанаша?
  5. Ден, ненан весет кхочушдина кIентий халкъана, махкана муха хир бу аьлла, хетий шуна?
  6. Авторо муьлха вон амалш билйаьхна шен стихотворенехь?
  7. Стихотворени тIехь йийцинчу синмехаллех шайгахь муьлханаш хила луур дара шуна?

РогIера тIедиллар. ДIайеша байт йукъара 4-гIа строфа, дийца, муьлхачу суртхIотторан гIирсех пайда эцна авторо? Дийца, стенах олу, эпитет, дустар?

Слайд

Кура а ма хила, муьста хьач санна,

ДIакхуссур ву дера чам баьккхинчо.

КIилло а ма хила, вехаш хьайн сина,

Эккхор ву, аьшнаш веш, хIора гинчо!

РогIера тIедиллар. ДIайеша байт йукъара 5-гIа строфа.

ДIахIитта мохк ларбан, цIа хIотто, аха,

Хьалха ма хIиттара, эшначохь, дай …

Адамаш, шен дуьхьа хьанала даха

Сийлахьчу Даймахко декхар до вай.

 ХIун боху авторо? (хьанала къахьега боху)

Антоним йалайе хьанал бохучу дашна, Вагапов Iаьрбин «Нохчийн меттан синонимийн жайнех» пайда оьцуш. (хьанал – хьарам)

РогIера тIедиллар. Ловзаран кеп «Схьалаца гIалат». Д1айеша байт, схьакараде г1алаташ.

Ма хила бен-башха, цхьаннан дог дезча,

Вевзаш а воцчунна тIехIоттарх и,

Ма дерза, букъ тохий, бер доьлхуш лелча …

Дуьненан меха ду хIора бIаьрхи!

Нийса жоп

Ма хила бен-башха, цхьаннан дог лезча,

Вевзаш а воцчунна тIехIоттарх и,

Ма дерза, букъ тохий, бер доьлхуш хезча …

Дуьненан меха ду хIора бIаьрхи!

БЛОК 3. Рефлексивно-маххадоран мур. ЖамӀдар, цӀахь бан болх.

Модуль 3.I. Ша шен маххадор, ойла йар.

Вайн урок йолалуш буза болийна малхана тIеоьшуш дисинера цхьа дош. Ала и вай тахана йийцаре йина массо а синмехаллаш шена чулоцу дош муьлха ду? Стеган уггар сийлахь дарж муьлханиг ду? (Стеган уггар сийлахь дарж Адамалла ду.)

Нийса боху. Адамалла бохучу дашо чулоцу йерриге синмехаллаш. Синквейн хIоттайе темина «Адамалла».

Модуль 3.2.Урокан жамӀийн маххадор. ЦӀера болх.

Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.

Дешаран гӀуллакхийн рефлекси.

Дешаран Iалашо: Кусаев Iадизан биографи, «Амалехь диканиг» стихотворенин чулацам бовзийтар.

ХIун Iеми вайна?

ЦIера болх (инструктаж)

1.Стихотворени дагахь Iамо.

2.Дас-нанас бен хьехамаш йозане берзо.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1