Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования

Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования

Иман Хамдиева В Московской области, в городе Долгопрудный, завершился финальный этап Всероссийского инженерного конкурса «Первый элемент. Модель»,...
Успешный интенсив в Грозном

Успешный интенсив в Грозном

Создали проекты – победили сомнения
От вызовов к результатам

От вызовов к результатам

Грозненская школа стала победителем Всероссийского конкурса
Юные инженеры продемонстрировали свои разработки в Грозном

Юные инженеры продемонстрировали свои разработки в Грозном

Милана Тамаева В столице Чеченской Республики состоялся масштабный чемпионат СКФО по робототехнике «ROBO-SHOW – 2026», объединивший талантливую...
Сила родного слова

Сила родного слова

В школах прошли мероприятия, посвященные Дню чеченского языка
Стартовал «Учитель года России – 2026»

Стартовал «Учитель года России – 2026»

Милана Итиева В МБОУ «Гимназия № 14» города Грозного состоялась торжественная церемония открытия муниципального этапа Всероссийского...
Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования
Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования
Успешный интенсив в Грозном
Успешный интенсив в Грозном
От вызовов к результатам
От вызовов к результатам
Юные инженеры продемонстрировали свои разработки в Грозном
Юные инженеры продемонстрировали свои разработки в Грозном
Сила родного слова
Сила родного слова
Стартовал «Учитель года России – 2026»
Стартовал «Учитель года России – 2026»

Соьлжа-ГIалин Мэрин дешаран Департамент

Муниципальни бюджетни йукъардешаран

хьукмат «Гимнази № 5»

(Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 5»)

Нохчийн меттан, литературин хьехархо: Исаков Наврдин Бирлант

 Нохчийн литература. 11 класс.

УРОКАН ТЕМА: «Iалхан-Юьртахь», «ГIойтIахь» цIераш йолчу дакъойн исбаьхьаллин чулацам

1.Урокан тайпа: ийна урок

2.Урокан Iалашо: «Алун шераш» романан дакъойх кхетам балар, суртхIотторан гIирсаш карлабахар.

3.Кхочушдан лору жамIаш:

Личностни: синмехаллаш харжа оьшучохь а, оьздангалла харжа эшар нисделлачу хьолехь а нийса харжам бар; шен а, нехан а леларан нийса мах хадо хаар.

Метапредметни: хьалхахӀоттийнчу декхарна оьшучу хаамийн дефециташ къастор; цхьаьна йогIу аргументаш лахар, вовшашца уьйр йолчарах гипотезийн формулировка йар.

Предметни: «Алун шераш» романан дакъойх кхетам балар, суртхIотторан гIирсаш карлабахар.

4.Коьрта дешнаш: суртхIотторан гIирс, чулацам, анализ.

5.Базови кхетамаш: информаци, къам, текст.

6.Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:

  • Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
  • Iаматца болх бар
  • Ловзаран кеп «ХIаъ, хIан-хIа»
  • Текстаца болх бар (инсерт технологех пайда эцар).
  • Хаттарш, тIедахкарш.
  • Мах хадоран кехаташца болх бар.

БЛОЧНО-МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР

 БЛОК 1. Мотивацин-Ӏалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тӀеэцаран хьелаш кхоллар.

Модуль 1.1. Проблемни хьал.

«Романехь хила везарг стаг ву шен чолхечу психологица», – аьлла А. М. Горькийс. Ошаев Халидан муьлхачух аьлла роман-эпопея? («Алун шераш»)

Муьлхачу шерашкахь зорбанера арайаьлла йиъ книгех лаьтташ, шуьйра чулацам болу «Алун шераш» роман? (1959-1964 шерашкахь)

ХIетахь Арсанов СаьIид-Бейн «Маца девза доттагIалла» бен, кхин халкъан дахар шуьйрра гойтуш кхин исбаьхьаллин произведени йацара вайн литературехь. Цхьана доьзалан йеа тIаьхьенан масал тIехь (Шапи –цуьнан кIант Алхаст – цуьнан кIант Сипсо–цуьнан кIант Ахьмад) йаздархочо гайтира, Россина дуьхьал латтарна тIера цуьнан кхечу къаьмнийн векалшца цхьаьна нохчаша революцехьа бина некъ.

Модуль 1.2. Ӏалашо хӀоттор.

Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (хIун хуур ду, Iемар ду)

«Алун шераш» романан дакъойх а, автаро пайда эцначу суртхIотторан гIирсех а.

БЛОК 2. ГӀуллакхан мур.

Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар.

ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)

  1. 1. Нохчийн литературехь, халкъан дахар шуьйра гойтуш, дуьххьара романан жанрехь арайаьлла говзар:

1) Сулаев Мохьмадан «Лаьмнаша ца дицдо»

2) Абузар Айдамировн «Йеха буьйсанаш»

3) СаьIид-Бейн «Маца девза доттагIалла» +

4) Ошаев Халида «Алун шераш»

  1. 2. «Хаам баран вышки тIехь Iуналла деш вара эттIа, летийна тIелхигаш а йуьйхина, 24 шо хир долуш жима стаг Алхаст» - дешнашца йолайо авторо романан

1) хьалхарчу декъан йуьхь +

2) шолгIачу декъан йуьхь

3) кхоалгIачу декъан йуьхь

4) доьалгIачу декъан йуьхь

 

  1. 3. Эпически роман – иза

1) иза эпосан ламасташ кхин дӀахьош, турпалаллин хиламаш гайтина ца Ӏаш, адамийн йукъаметтигаш а, йукъараллин процессаш а шуьйра гойтуш йолу исбаьхьаллин произведенин тайпа ду. +

2) къаьсттана шина декъах лаьтташ йолу исбаьхьаллин говзар. ХIора дакъа шен чекхйаьлла сюжет а йолуш, турпалхойн тоба а йолуш хуьлу. И ши дакъа цхьаьнатухург цу шиннех чекхйолуш авторан ойла а, коьрта турпалхой а хилар ду.

3) литературин кхаа тайпанах цхьаъ. Драматургически говзар сцени тIехь хIотто лерина а йолуш, персонажаша вовшашка дечу къамелан кепехь хуьлуш йолу.

4) сюжето а, авторан Ӏалашоно а цхьаьнатухуш, диъ декъах лаьтташ йолу литературни, музыкальни, кинематографин произведени.

 

  1. 4. Тетралоги - иза

1) иза эпосан ламасташ кхин дӀахьош, турпалаллин хиламаш гайтина ца Ӏаш, адамийн йукъаметтигаш а, йукъараллин процессаш а шуьйра гойтуш йолу исбаьхьаллин произведенин тайпа ду.

2) къаьсттана шина декъах лаьтташ йолу исбаьхьаллин говзар. ХIора дакъа шен чекхйаьлла сюжет а йолуш, турпалхойн тоба а йолуш хуьлу. И ши дакъа цхьаьнатухург цу шиннех чекхйолуш авторан ойла а, коьрта турпалхой а хилар ду.

3) литературин кхаа тайпанах цхьаъ. Драматургически говзар сцени тIехь хIотто лерина а йолуш, персонажаша вовшашка дечу къамелан кепехь хуьлуш йолу.

4) сюжето а, авторан Ӏалашоно а цхьаьнатухуш, диъ декъах лаьтташ йолу литературин, музыкальни, кинематографин произведени. +

 

  1. 5. «Алун шераш» роман зорбане йаьлла

 1) 1959-1964 шерашкахь +

 2) 1960-1965 шерашкахь

3) 1961-1966 шерашкахь

4) 1962-1967 шерашкахь

Вовшийн белхаш таллар. Мах хадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп -  1 балл)

Модуль 2.2.  Керла материал карайерзоран дешаран гӀуллакхаш кхочушдар.

Хьехархочун дош:

  Роман тIехь шатайпа синIаткъаме ду йоьалгIачу киншки тIера «ГIойтIахь», «Iалхан-Юьртахь» цIераш йолу дакъош. Оцу тIехь авторо шайн Даймохк ларбеш кIенташа а, мехкарша а гайтина доьналла довзуьйту. Кхузахь билгалдаккха деза, Ошаев Халид ша а оцу хиламийн декъашхо хилла хилар.

Дешнаш тIехь болх:

Накъазара – новкъа ца вогIуш

ГIаларт – дуьхьалахIоьттина сурт

Гаубица – йоккха топ

Цана – йол хьокху меттиг

Пезагаш – кога йуху, бертиг йеха йолу мачаш.

Текстаца болх бар. «ГIойтIахь» дакъа дешар, анализ йар.

«Мартан 7-чу Iуьйранна сатаса дикка хан йолуш, арадаьккхира кIайчара ГIойтIа доьду эскар. Атака йар тIедиллинера 1-чу дошлойн дивизина. ЙукъайогIура цунна йиъ дошлойн полк, кубански гIалгIазкхех кечйина. Царах тIамна говза кхо полк йара: 1-ра Запорожски, 1-ра линейни, 1-ра Умански. Шайца йуьгуш дивизии бархI йоккха топ йара: 4 - дошлойн артиллерех, 2 - ламанан йоккха топ, 2 - гаубица. ТIейоьдура дивизи шина колоннех…»

Йешначу текста тIехь болх бар.

Муьлха зама йу кху тIехь цуьйцург?

Муха кIентий хилла цу хенахь?

Къонахалла бохучу дешан маьIна муха достур дара аша?

Муха гайтина роман тIехь къаьмнашна йукъара доттагIаллин уьйраш?

Муьлхачу суртхIотторан гIирсех пайда эцна авторо? Дийца царах лаций.

«ГIазотехь валар» бохучух муха кхета шу?

 

ТIейуза таблица.

п/п

Хаттар, тIедиллар

Тезис

1

Билгалбаха  турпалхой

Яхьян Дота, Седикъан Эдал, Чочин Ида, Цанин Шида; кхо ваша - ИбрахIим, Махьмуд, Зураб; Сачин Александр; Гуьцин Сатабин ши кIант Хьасан, Хьуьсен; Дабишан Чоча, СаьIид, Идрис, Ида, Межид

2

Сачин Александран, ИбраьхIиман валар маца хилира?

МостагIаша ворхIалгIа атака йечу хенахь

3

ДIайазде,  Сачина тIаьххьара аьлла дешнаш.

«ХIинца ворхIалгIа атака йу цара йолориг. ХIинца вайша латталахь...»

4

Романехь муьлха ши Iадат ду нохчийн дика хеташ?

Ши Iадат ду нохчийн: велла стаг ма кхуьъу сиха дIаволлар, дIавуллуш, кешнашка зударий цабитар.

5

Йаздархочо пайда эцна суртхIотторан гIирсаш

Дустарш: IаммагIин сара санна, шайтIа санна, черчий санна, …

эпитеташ: вакъавелла стаг, сеттина букъ …

метафораш: хебаршка ихна йуьхь, белхар айъинера зударша, …

фразеологизмаш: дагахь доцург, чIикъ ца боккхуьйтуш, …

Вовшийн белхаш таллар. Мах хадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп -  1 балл)

 «Iалхан-Юьртахь» романан дакъа дийцаре дар

    «ТIом болийна ши сахьт далале, берех, зударех цIанйира йурт. Шайн вежаршца, дайшца, марошца бала а, биса а кIел севцира цхьаболу зударий. Йаккхий тоьпаш йетта а йолайале, пластунаш Ермоловски станицан тIайл сехьабаха кхиънера кIайнаш. Малх схьа а кхетале, йуьртана атаке гIевттира уьш. Кийча хиллера окопаш чохь Iаш болу йуьртахой. Патармаш кхоадеш, улло кхаччалц, цхьа топ дIа ца кхуссура. Улло а кхачийтина, тIекIирйира йуьртахоша тоьпаш, пулеметаш. Дера диллира кIайчеран...»

Хаттарш, тIедахкарш. Барта жоьпаш далар.     

Iалхан-Юьртахь хиллачу тIамехь муха дакъалецира йуьртахоша?

«Пондарх пIелг а бетташ, Дог-Майрачу Шегин илли долийра Саьмбас». ХIун бахьана ду йаздархочо шен романехь барта кхоллараллех пайда эцар?

ХIун маьIна хилла тIам тIехь илли аларан?

ХIун бахьана дара йуьртахой йуьртах бовлучу хенахь, Бетамирзин а, цуьнан накъостийн а йуьртахь совцар? Схьакараде цуьнан жоп книги тIехь.

Ахьмад а, Саьмба а муха нисвелира цаьрца?

 

БЛОК 3. Рефлексивни мах хадоран мур. ЖамӀдар, цӀахь бан болх.

Модуль 3.1. Ша шен мах хадор, ойла йар.

«ХIаъ, хIан-хIа».

  • Ма вохалахь! Хийла нохчочунна бина гуо бу xlapa. Вай дуьххьара а дац, тIаьххьара дуйла а хаац, - элира Саьмбас. (хIаъ)
  • Дог-Майрачу Шегин илли долийра Ахьмада. (хIан-хIа)
  • Шаьш дийна висахь, тхо исс леча, къийгаша кхолха гуо лаьцна, дисира алалаш, - элира Бетамирзас. (хIаъ)
  • Бехк ма биллалаш тхуна, накъостий, - вистхилира Тепса. - Тхойша лахь а, висахь а чекхвала хьожур ву. (хIан-хIа)
  • Вайн махке боьссинчу балега ладоьгIча, вайшинна хиндерг хIумма а дац. Вала а хаа деза. Леш хилча, гора ца вужуш, ирахь вала веза. Ца йер вай, Ахьмад, кIезиг ойланаш, - элира Саьмбас. (хIаъ)

Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.

Модуль 3.2. Урокан жамӀийн мах хадор. ЦӀера болх.

Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.

Дешаран гӀуллакхийн рефлекси.

Дешаран Iалашо: «Алун шераш» романан дакъойх кхетам балар, суртхIотторан гIирсаш карлабахар.

ХIун Iеми вайна?

ЦIера болх (инструктаж)

  1. I. «Iалхан-Юьртахь» романан дакъа деша, анализ йан.
  2. 2. Дакъошна йуккъера схьайазбе суртхIотторан гIирсаш.

 

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1