УРОКАН ТЕМА: «Алун шераш» романан исбаьхьаллин чулацам а, анализ а
Соьлжа-ГIалин Мэрин дешаран Департамент
Муниципальни бюджетни йукъардешаран
хьукмат «Гимнази № 5»
(Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 5»)
Нохчийн меттан, литературин хьехархо:
Исаков Наврдин Бирлант
Нохчийн литература. 11 класс.
УРОКАН ТЕМА: «Алун шераш» романан исбаьхьаллин чулацам а, анализ а.
1.Урокан тайпа: ийна урок
2.Урокан Iалашо:«Алун шераш» романан исбаьхьаллин чулацам бовзийтар а, исторически говзаран анализ йар а.
3.Кхочушдан лору жамIаш:
Личностни: синмехаллаш харжа оьшучохь а, оьздангалла харжа эшар нисделлачу хьолехь а нийса харжам бар; некъаца лело деза къоман ламасташ лардар.
Метапредметни: харжа, анализ йан, системизаци йан, башх-башха информацин тайпанийн, гайтаран кепийн интерпретаци йан; цхьаьна йогIу аргументаш лаха.
Предметни:«Алун шераш» романан исбаьхьаллин чулацам бовзийтар а, исторически говзаран анализ йар а.
4.Коьрта дешнаш: роман, турпалхо, чулацам, анализ.
5.Базови кхетамаш: къонах, къам, текст.
6.Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:
- Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
- Iаматца болх бар
- Ловзаран кеп «ХIаъ, хIан-хIа»
- Текстаца болх бар (инсерт технологех пайдаэцар).
- Хаттарш, тIедахкарш.
- Маххадоран кехаташца болх бар.
БЛОЧНО- МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР
БЛОК 1. Мотивацин-Ӏалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тӀеэцаран хьелаш кхоллар.
Модуль 1.1. Проблемни хьал.
ХIинцалерчу литературехь шех алсам пайдаоьцу жанр йу иза. Шен кхиарехь лакхарчу тIегIане кхаьчна и. Цхьана агIор, иза эпически произведени йу, шен барамехь бIе сов агIонах лаьтташ йолу. Ткъа вукху агIор – иза дуьненахь шайн меттиг лоьхуш йолчу личностийн кхолламах лаьцна дуьйцуш йолу произведени йу.
Муьлха произведени йу вай тахана йийцаре йен йерг? (роман «Алун шераш»)
Модуль 1.2. Ӏалашо хӀоттор.
Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (хIун хуур ду, Iемар ду)
«Алун шераш» романан исбаьхьаллин чулацамах а, исторически говзаран анализах а.
БЛОК 2. ГӀуллакхан мур.
Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар.
ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)
- 1. Нохчийн литературехь романан жанр кхиош къахьегна:
1)Даудов Гиланис
2)Хизиров Адама
3)Петирова ПетIамата
4)Ошаев Халида +
- 2. Нохчийн литературехь дуьххьара йуьззина роман зорбане йаьккхинарг ву:
1) Ошаев Халид
2) Арсанов СаьIид-Бей +
3) Ахмадов Муса
4)Саидов Билал
- 3. Роман – иза
1)дахар шуьйра а, кIорггера а гойтуш, дуккха а турпалхой а болуш, церан амалш кхиаран хьелаш а къастош, кхочушхуьлуш долу гIуллакхаш шаьш кхиарехь а гойтуш йолу йоккха эпически говзар. +
2)къаьсттана шина декъах лаьтташ йолу исбаьхьаллин говзар. ХIора дакъа шен чекхйаьлла сюжет а йолуш, турпалхойн тоба а йолуш хуьлу. И ши дакъа цхьаьнатухург цу шиннех чекхйолуш авторан ойла а, коьрта турпалхой а хилар ду.
3) литературин кхаа тайпанах цхьаъ. Драматургически говзар сцени тIехь хIотто лерина а йолуш, персонажаша вовшашка дечу къамелан кепехь хуьлуш йолу.
4) стеган дахарера цхьаъ, наггахь масех а гIуллакх гойтуш йолу жима эпически говзар.
- 4. Дилоги - иза
1) дахар шуьйра а, кIорггера а гойтуш, дуккха а турпалхой а болуш, церан амалш кхиаран хьелаш а къастош, кхочушхуьлуш долу гIуллакхаш шаьш кхиарехь а гойтуш йолу йоккха эпически говзар.
2) къаьсттана шина декъах лаьтташ йолу исбаьхьаллин говзар. ХIора дакъа шен чекхйаьлла сюжет а йолуш, турпалхойн тоба а йолуш хуьлу. И ши дакъа цхьаьнатухург цу шиннех чекхйолуш авторан ойла а, коьрта турпалхой а хилар ду. +
3) литературин кхаа тайпанах цхьаъ. Драматургически говзар сцени тIехь хIотто лерина а йолуш, персонажаша вовшашка дечу къамелан кепехь хуьлуш йолу.
4) стеган дахарера цхьаъ, наггахь масех а гIуллакх гойтуш йолу жима эпически говзар.
- 5. Ошаев Халид кхелхина:
1) 1977 шеран товбецан беттан 3-чу дийнахь +
2) 1978 шеран товбецан беттан 4-чу дийнахь
3) 1979 шеран товбецан беттан 5-чу дийнахь
4) 1976 шеран товбецан беттан 2-чу дийнахь
Вовшийн белхаш таллар. Маххадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп - 1 балл)
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гӀуллакхаш кхочушдар.
Хьехархочун дош:
Ошаев Халидан «Алун шераш» роман шен чулацам шуьйра хиларца а, цо схьалаьцна историн мур боккха хиларца а уггар мехалчу говзарех цхьаъ йу нохчийн литературехь. Иза йеа книгица арайаьлла нохчийн маттахь, ткъа, кхаа книгица – оьрсийн маттахь. Оцу романо йукъалоцу имам Шемалан тIом гIаьттичхьана Октябран гIаттам толлалц болу историн боккха мур. Авторо цу тIехь шуьйра гойту тайп-тайпанчу адамийн дахар: лам чохь а, гIалгIазкхийн станицашкахь а, паччахьан эскаран гIопахь а, Соьлжа-ГIалахь а, БуритIехь а, Петроградехь а.
Дешнаш тIехь болх:
Алу – пламя, уголья, жар
Эпически роман – иза эпосан ламасташ кхин дӀахьош, турпалаллин хиламаш гайтина ца Ӏаш, адамийн йукъаметтигаш а, йукъараллин процессаш а шуьйра гойтуш йолу исбаьхьаллин произведенин тайпа ду. Ишттачу произведенешкахь къаьсттана тидам тӀебохуьйту турпалхойн чоьхьара дуьне кӀорггера гайтарна а, йукъараллин маьӀна долу хиламаш нийса гайтарна а.
ДIахIоттам – исбаьхьаллин говзар шен дакъошца дIанисйаран кеп, цу тIера хиламаш гайтаран раж. Оьрсийн маттахь цунах композици олу.
Тетралоги – сюжето а, авторан Ӏалашоно а цхьаьнатухуш, диъ декъах лаьтташ йолу литературин, музыкальни, кинематографин произведени.
Текстаца болх бар. Ролешкахь йешар (автор, Эласис, Лоьма, Ахьмад)
Романехь билгалйолу авторан ойла, цуьнан синхаамаш, цуьнан шен турпалхошца йолу йукъаметтигаш. Романан тIехь нохчийн къомо Октябрьски революци йолчу хенахь гайтина майралла а, цуьнца цхьаьна синмехаллаш а йовзуьйту. Масала, йоьалгIачу киншки тIехь новкъахь лело деза гIиллакх довзуьйту авторо йешархочунна:
ДIалелхийтира кхаа накъосто говраш. Органан тогIин шу тIедевлча, аьтто агIор вогIучу Эласис элира:
– Лоьма, схьанехьа, аьтту агIор валал Ахьмадна.Нах буьйлур бу вайх, кепехь ца хилча.
– ХIунда буьйлур бу? – хаьттира Ахьмада.
– Говрашкахь йа гIаш кхоъ воьдуш хилча муьлхарниг мичхьа хIотта веза ца хаьа хьуна?
– Дера ца хаьа. ГIалахь ма кхиъна со.
– Новкъа гIаш йа говрашкахь шиъ воьдуш хилча, жимаха аьрру агIор хIутту вайн Iедалехь. Кхоъ хилча – аьтту агIор, ткъа ханна йуккъерниг аьрру агIор волу. Воккханиг йуккъе воккху.
– МаьIна хIун ду цуьнан? – хаьттира Ахьмада, тамаша бина.
– МаьIна кIоргера дац цуьнан. Хьо тхол воккханиг ву. «Хьадал иза дел», аьлла хьайна йуххера Лоьма вохуьйтур ву ахь, и жимаха хиларна. Нагахь со хьуна аьтту агIор вогIуш хилча, Лоьма дIавахча, сан дезар дара, сайн меттиг а хийцина, хьуна аьрру агIор хIотта. Лоьмина со воккхахо ву. Суна меттиг хуьйцуш хало хир йац, со аьрру агIор вогIуш хилча. Цунна йу новкъа вахаран кеп иштта, – дийцира Эласис.
– Ткъа виъ вогIуш хилчи? – вела а къежна, хаьттира Ахьмада.
– Виъ вогIуш хилчи а, пхиъ вогIуш хилчи а жим-жиманиг аьтту агIор хIутту, уггар воккхачул жиманиг аьрру агIор хуьлу.
Йайн чаболахь дIалелхийтира накъосташа говраш.
Хаттарш, тIедахкарш.
- ХIун маьIна долуш йу хIара кийсак?
- Дийца, муьлха гIиллакх лардан деза некъаца?
- «Нах буьйлур бу вайх, кепехь ца хилча» - бохучу аларх муха кхета шу?
- Схьайазде билгалдаьхна дешнаш, оьрсийн матте а дохуш.
ЖОП:
Синмехаллаш – душевные ценности
ГIиллакх – обходительность, вежливость, любезность
Нах – люди, народ
ГIаш – пешком
Чаболахь – рысью
Вовшийн белхаш таллар. Маххадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп - 1 балл)
«Бакъ дуй и?» (ХIаъ, хIан-хIа)
- «Алун шераш» роман нохчийн маттахь арайаьлла йеа книгица. (хIаъ)
- Алхаст, зуда йалийначул тIаьхьа, оьрсийн гIопе дIавоьду. (хIан-хIа)
- КхоалгIа дакъа долало Ахьмадан ден-ненан сатийсамаш, церан дахар довзийтарца. Сипсо реза ву Ахьмада хаьржинчу некъана. (хIаъ)
- «Алун шераш» шина книгах лаьтта. (хIан-хIа)
- «Алун шераш» романехь авторан ойла билгалйолу, цуьнан синхаамашца, шен турпалхошца йолу йукъаметтигашца. (хIаъ)
Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
БЛОК 3. Рефлексивно-маххадоран мур. ЖамӀдар, цӀахь бан болх.
Модуль 3.1. Ша шен маххадор, ойла йар.
Хаттарш, тIедахкарш. ТIейуза таблица..
|
№ п/п |
Хаттарш |
Жоьпаш |
|
1 |
«Алун шераш» романехь муьлха турпалхой бевзира шуна тахана? |
|
|
2 |
Стенах олу эпически роман? |
|
|
3 |
Стенах олу тетралоги? |
|
|
4 |
Ошаев Халидан говзаршкахь коьрта муьлха теманаш йу? |
|
|
5 |
Маца йазйина «Алун шераш? |
|
Модуль 3.2.Урокан жамӀийн маххадор. ЦӀера болх.
Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.
Дешаран гӀуллакхийн рефлекси.
Дешаран Iалашо: «Алун шераш» романан исбаьхьаллин чулацам бовзийтар а, исторически говзаран анализ йар а.
ХIун Iеми вайна?
ЦIера болх (инструктаж)
- 1. «Алун шераш» романан анализ, терминаш д/I.
- 2. Эссе «Со йаздархо ву».


