Нохчийн литература. 11 класс.
УРОКАН ТЕМА: Исаева Марьяман дахаран а, кхоллараллин а некъ.
- 1. Урокан тайпа: ийна урок
- 2. Урокан Iалашо: Исаева Марьяман дахаран, кхоллараллин некъ а, нохчийн литературехь прозин жанр кхиорехь лаьцна дакъа а довзийтар.
- 3. Кхочушдан лору жамIаш:
Личностни: дуккха а къаьмнаш долчу йукъараллехь Россин гражданин хилар дозалла хетар, ненан мотт Ӏамор; нехан леларан мах хадо хаар а, харц леларшна резацахилар.
Метапредметни: довзаран талламан гӀирс санна хаттарех пайда эцар; догӀуш долу хаттарш хӀиттор, шен лаамехь лоьхучу хаамашна жоп лахар.
Предметни: Исаева Марьяман дахаран, кхоллараллин некъ а, нохчийн литературехь прозин жанр кхиорехь лаьцна дакъа довзийтар.
4.Коьрта дешнаш: проза, поэтически говзарш, музей
5.Базови кхетамаш: мотт, дахар, информаци
6.Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:
- Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
- Iаматца болх бар
- Текстаца болх бар (инсерт технологех пайда эцар)
- Таблица тIейузар
- Хаттарш, тIедахкарш
- Мах хадоран кехаташца болх бар
БЛОЧНО- МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР
БЛОК 1. Мотивацин-Ӏалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тӀеэцаран хьелаш кхоллар.
Модуль 1.1. Проблемни хьал.
«Хьекъал долчу нехан къамел кхолладеллачу хьелашца догIуш хуьлу».
Хьан достур дара кицанан маьIна?
Хьекъал долу стаг муьлха синмехаллашца билгалволу?
Шен къоман лазам дагца лелош, къоман культура кхиорехь, йоза-дешар даржорехь къахьегначух ала мегар дуй бакъйолу йаздархо?
Шуна бевзий и тайпа йаздархой? (проблема)
Модуль 1.2. Ӏалашо хӀоттор.
Хьанах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (хуур ду, Iемар ду)
Исаева Марьяман дахаран, кхоллараллин некъ а, нохчийн литературехь прозин жанр кхиорехь лаьцна дакъа довзийтар.
БЛОК 2. ГӀуллакхан мур.
Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар.
ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)
- 1. «Алун шераш» цIе йолу роман йазйинарг ву:
1)Ошаев Халид +
2)Арсанов СаьIид-Бей
3)Нажаев Ахьмад
4)Гайсултанов Iумар
- 2. «ГIойтIахь», «Iалхан-Юьртахь» дакъош ду:
1) хьалхарчу киншки тIехь
2) шоллгIачу киншки тIехь
3) кхоалгIачу киншки тIехь
4) йоьалгIачу киншки тIехь +
- 3. Ошаев Халид вина ... -чу шарахь ... цIе йолчу йуьртахь.
1)1930-чу ш. ГихтIа
2)1903-чу ш. Хьалха-Марта
3)1922-чу ш. Валарг
4)1898-чу ш. Чахкара-ГIалахь +
- 4. «Романан коьртачарах маьIна ду – Имам Шемала йеххачу заманахь дIакхехьна тIом историн хьесапехь теллича эрна хилла хилар, паччахьо хаьржина Кавказ шена карайерзоран некъ гIалат а, зуламе а хилар», - хIокху дешнийн автор ву:
1)Сайдуллаев Хьасан
2)Мамакаев Iаьрби
3)Сулаев Мохьмад +
4)Кибиев Мусбек
- 5. «Говзар дика йешало, мотт къаьсташ а, атта кхеташ бу. Iаламан сурт а, авторо, совнах коьчалш йукъа а ца йалош, персонажийн ойланца нисдеш, хаза дуьллу. Диалогаш динамични йу. Роман тIехь дукха йу, дешархочо пайдаоьцур болу, исторически хаза хаарш гучудоху меттигаш а…», - муьлхачу романах лаьцна аьлла ду Сулаев М. хIара дешнаш?
1) «Алун шераш» +
2) «Зеламха»
3) «Лаьмнаша ца дицдо»
4) «Лай тIехь цIен зезагаш»
Вовшийн белхаш таллар. Мах хадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп - 1 балл)
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гӀуллакхаш кхочушдар.
Iамат тIера статья йешар, хаттаршна жоьпаш далар.
- Исаева Марьяман бералла мичахь дIайахна?
- Марьяман литературица йолу уьйр-марзо чIагIйинарг мила вара?
- Марьяман дешархошна йукъахь муьлш хилла тIаьхьа сийлахь Iилманча а, къоман гоьваьлла йаздархо а?
Дешнаш тIехь болх:
Оьзда – вежливый, воспитанный
Йахь – гордость, соревнование
Къонах – молодец
Iамат тIера Исаева Марьямах лаьцна статья йешарца, тIейуза таблица.
|
Хаттар, тIедиллар |
Тезис |
|
Йина |
Исаева Марьям йина 1898-чу шеран 20-чу декабрехь Одессехь халкъан хьехархочун Хакишев Солтин доьзалехь. |
|
Дешна |
Йуьхьанцара дешар Исаева Марьямна цIахь, шен доьзалехь Iамийна, кхидIа деша йахийтина Одесса гIалин 2-чу гимнази. Одессера Хакишев Солтин доьзал Нохчийчу цIабирзича, Соьлжа-ГIаларчу гимназин 5-чу классе деша дIаэцна йоI, иза чекхйаьккхина цо. Гимназера йаьлча, хьехархойн курсаш а чекхйаьхна. |
|
Белхаш бина |
Лаха-Неврерчу школехь оьрсийн меттан, литературин хьехархо, 1920-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь Нохчийчоьнан халкъан дешаран отделан дошкольни декъан куьйгалхо. Граждански тIом болчу хенахь байлахь дисинчу берийн Iуналла деш, уьш берийн цIеношка дIанисдаран гIуллакхаш вовшахтухучу, царна оьшуш болу дешаран а, хьехаран а гIирсаш кечбар кхочушдечу дешаран отделан куьйгалхо. 1924-чу шарахь Исаева Марьям Ростов гIала ВКП(б) Къилбаседан Кавказан крайевой комитетан зударийн отделан куьйгалхо. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь Исаева Марьям йуха а Нохчийчу балха схьайалайо. Халкъан дешаран, культура кхиоран тайп-тайпанчу учрежденешкахь куьйгалхочун белхаш бо цо. |
|
Говзарш |
Романаш: «Ирсан орам», «Ирс кхоллархой». "Вайн дуьхьа эгнарш", "Лайла", "ГIамаран Iин". "Сох большевик муха хилира","Революционерийн илли" , " Пионер". |
|
Гочдарш |
А. С. Пушкинан, М.Ю. Лермонтовн «Хаджи-Абрек», И.А. Крыловн, Н.А. Некрасовн «Дед Мазай и зайцы», А.П. Чеховн «Каштанка», украинин литературин классикан Т.Г. Шевченкон «Батрачка». |
|
Зорбане йийлина |
1964-чу шарахь «Ирсан орам» романан хьалхара книга. «Ирс кхоллархой» романан шолгIа книга 1969-чу шарахь. |
- ДIайеша текст, оьрсийн маттера дешнаш нохчийн матте а дохуш.
«Ирсан орам» романан чулацамехь ду нохчийн народ, махках а даьккхина, Казахстанехь хиллачу хенахьлера гIуллакхаш. 60-чу шерашкахьлерчу чеченский литературин тематика шорйина Исаева Марьяман «Ирсан орам», «Ирc кхоллархой» романаша. Великая Отечественная тIом болчу хенахь даймехкан состояние а, сила а алсамдаккхарехьа йолчу Iалашоно цхьабартбеш вовшахтоьхначу тайп-тайпанчу къаьмнех долчу адамех лаьттачу къинхьегаман коллективо тылехь хIайттараллица работа бар гайтина «Ирсан opам» цIе йолчу роман тIехь. Белхалошна йуккъехь долчу интернациональни доттагIалло коллективан работа хьуьнарш алсамдохуш хилар къеггина билгалдаьккхина авторо. Исбаьхьаллин кепехь дуьззина образы кхоьллина оцу коллективан куьйгалхочун Акаев Русланан а, парторг йолчу Анна Васильевнин а. Оцу халчу хенахь Даймахкана чIогIa оьшуш йолу фосфориташ йохуш болх беш долу люди говза вовшахтоха хууш, цаьрца дика кхетош-кхиоран работа дIахьош болу руководители бу уьш.
Нийса жоп
«Ирсан орам» романан чулацамехь ду нохчийн къам, махках а даьккхина, Казахстанехь хиллачу хенахьлера гIуллакхаш. 60-чу шерашкахьлерчу нохчийн литературин тематика шорйина Исаева Марьяман «Ирсан орам», «Ирc кхоллархой» романаша. Сийлахь-Боккха Даймехкан тIом болчу хенахь даймехкан хьал а, ницкъ а алсамдаккхарехьа йолчу Iалашоно цхьабартбеш вовшахтоьхначу тайп-тайпанчу къаьмнех долчу адамех лаьттачу къинхьегаман коллективо тылехь хIайттараллица болх бар гайтина «Ирсан opам» цIе йолчу роман тIехь. Белхалошна йуккъехь долчу интернациональни доттагIалло коллективан белхан хьуьнарш алсамдохуш хилар къеггина билгалдаьккхина авторо. Исбаьхьаллин кепехь дуьззина васташ кхоьллина оцу коллекктиван куьйгалхочун Акаев Русланан а, парторг йолчу Анна Васильевнин а. Оцу халчу хенахь Даймахкана чIогIa оьшуш йолу фосфориташ йохуш болх беш долу адамаш говза вовшахтоха хууш, цаьрца дика кхетош-кхиоран болх дIахьош болу куьйгалхой бу уьш.
БЛОК 3. Рефлексивни мах хадоран мур. ЖамӀдар, цӀахь бан болх.
Модуль 3.1. Ша шен мах хадор, ойла йар.
Хаттарш, тIедахкарш
- Маца болабелира нохчийн литературехь Исаева Марьяман мур?
- Исаева Марьяма проза кхиорехь хIун дакъалецира?
- Муьлха романаш йу цуьнан шина книгах лаьтташ?
- Муьлхачу йаздархойн говзарш гочйина цо нохчийн матте?
- Муьлха дахаран мур бу шуна цуьнан синкIоме хетарг?
Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
Модуль 3.2. Урокан жамӀийн мах хадор. ЦӀера болх.
Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.
Дешаран гӀуллакхийн рефлекси.
Дешаран Iалашо: Исаева Марьяман дахаран, кхоллараллин некъ а, нохчийн литературехь прозин жанр кхиорехь лаьцна дакъа а довзийтар.
ЦIера болх (инструктаж)
- 1. Исаева Марьяман кхоллараллах лаьцна реферат.


