Исаков Наврдин Бирлант,
нохчийн меттан, литературин хьехархо
Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 5»
УРОКАН ТЕМА: Ошаев Халидан говзарш а, церан теманаш а. Роман жанрах лаьцна.
1.Урокан тайпа: ийна урок
2.Урокан Iалашо: Ошаев Халидан произведенешкара коьрта теманаш йовзийтар, роман жанрах кхетам балар.
3.Кхочушдан лору жамIаш:
Личностни: синмехаллаш харжа оьшучохь а, оьздангалла харжа эшар нисделлачу хьолехь а нийса харжам бар; шен а, нехан а леларан нийса мах хадо хаар;
Метапредметни: харжа, анализ йан, системизаци йан, башх-башха информацин тайпанийн, гайтаран кепийн интерпретаци йан; цхьаьна йогIу аргументаш лаха.
Предметни: Ошаев Халидан произведенешкара коьрта теманаш йовзийтар, роман жанрах кхетам балар.
4.Коьрта дешнаш: роман, турпалхо, шераш, диалог.
5.Базови кхетамаш: стаг, къам, текст, информаци
6.Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:
Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
Iаматца болх бар
Ловзаран кеп «ХIаъ, хIан-хIа»
Текстаца болх бар (инсерт технологех пайда эцар).
Хаттарш, тIедахкарш.
Мах хадоран кехаташца болх бар.
БЛОЧНО-МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР
БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар.
Модуль 1.1. Проблемни хьал.
Дийца, хIун го шуна суьрта тIехь? (говзарш)
«Гарман аре», «ЦIармата ши стаг», «Магнитофон, стуннаний»; «Алун шераш».
Муьлха жанрашкахь йазйина йу хIара говзарш? (дийцарш, роман)
ЦIераш йаха церан. Совнаха цIе билгалйаккха.
Дийцарш: «Гарман аре», «ЦIармата ши стаг», «Магнитофон, стуннаний»; роман: «Алун шераш».
Хьан йазйина хIара говзарш? (Ошаев Халида)
Модуль 1.2. Iалашо хIоттор.
Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (хIун хуур ду, Iемар ду)
Ошаев Халидан произведенешкара коьрта теманах а, роман жанрах а лаьцна.
БЛОК 2. ГIуллакхан мур.
Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар.
ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)
- 1. Ошаев Халидан дахаран шераш билгалдаха:
1) 1910-1973 шш.
2) 1920-1992 шш.
3) 1898-1977 шш.
4) 1898-1977 шш. +
- 2. 1950-чу шарахь Нохчийчу йухавирзира къоман литературин бух биллинчарах цхьаъ волу йаздархо:
1) Ошаев Халид +
2) Бексултанов Муса
3) Ахмадов Муса
4) Хизриев Адам
- 3. Ошаев Халидан оьрсийн маттахь йазйинчарах, вуно чIогIа мехала болх бу:
1) «Брест – орешек огненный» +
2) «Топонимия Чечено-Ингушетии»
3) «Устное народное творчество»
4) «Русско-чеченский словарь»
- 4. Сальмурзаев Мохьмадца цхьаьна латиницин буха тIехь йолу нохчийн алфавит хIоттийна:
1) Мамакаев Мохьмада
2) Ошаев Халида +
3) Мамакаев Iаьрбис
4) Бексултанов Мусас
- 5. Халидан деда Истамбул кхелхина:
1) 1899-чу шарахь
2) 1898-чу шарахь
3) 1897-чу шарахь
4) 1896-чу шарахь +
Вовшийн белхаш таллар. Мах хадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп - 1 балл)
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар.
Хьехархочун дош:
Ошаев Халида шена хьалха хIоттийна Iалашо Iаламат чолхе йара: халкъан дахаран XIX-чу бIешерашка кхочуш долчу орамашца цхьаьна, хIетахьлера цуьнан дахаран кеп, лехамаш, ойланаш гучу а йохуш, халкъан кхетам лакхабаларан некъаш гайтар, ламанхойн кхетам дуьнен чохь хуьлуш лаьттачу хийцамийн духе кхиъал шорбаларан бахьанаш таллар. Ала деза, нохчийн литературехь хIетахь цхьаммо иза тидаме ца эцнера, цхьа Арсанов СаьIид-Бей воцучо.
Йаздархочун исбаьхьаллин кхоллараллехь дийцарш, очеркаш, повесташ, романаш, пьесаш йу. Теманашца а шуьйра йу цуьнан кхолларалла. Къаьсттана тидам тIебахийтина хилла йаздархочо Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман тематикехула говзарш йазйарна. Исторически а, вайн заманан а тайп-тайпана гIуллакхаш ойъу йаздархочо шен произведенешкахь, вайнаха граждански тIамехь шайн мохк ларбеш латтийна къийсам гойту.
Дешнаш тIехь болх:
Нохчийн литературин йацйинчу дошамах пайда а оьцуш, дийца стенах олу роман а, дилоги а.
РОМАН (йу) – дахар шуьйра а, кIорггера а гойтуш, дуккха а турпалхой а болуш, церан амалш кхиаран хьелаш а къастош, кхочушхуьлуш долу гIуллакхаш шаьш кхиарехь а гойтуш йолу йоккха эпически говзар. Масала, Арсанов СаьIид-Бейн «Маца девза доттагIалла», Ахмадов Мусан «Буьйсане доьдура хи».
ДИЛОГИ йу – дилогийш йу; (гр. di – шозза, logos – дош) – къаьсттана шина декъах лаьтташ йолу исбаьхьаллин говзар. ХIора дакъа шен чекхйаьлла сюжет а йолуш, турпалхойн тоба а йолуш хуьлу. И ши дакъа цхьаьнатухург цу шиннех чекхйолуш авторан ойла а, коьрта турпалхой а хилар ду. Масала, дилоги йу Окуев Шимин «Лай тIехь цIен зезагаш» цIе йолу ши роман.
Текстаца болх бар.
Iамат тIера статья дIайеша. Дийца, шуна кхин муьлха романаш йевза.
Романан жанр кхиорехь къахьегна йаздархойн цIераш дIайазйе.
Нохчийн литературехь романан жанр кхиош къахьегна Ошаев Халида, Музаев Нурдина, Айдамиров Абузара, Окуев Шимас, Ахмадов Мусас, кхечара а.
«ХIаъ, хIан-хIа».
Дуьххьара йуьззина роман зорбане йаьккхинарг Арсанов СаьIид-Бей вара. (хIаъ)
«ПетIамат» цIе йолчу говзаран автор Ошаев Халид ву. (хIан-хIа)
Исаева Марьяма «Ирсан орам», «Ирс кхоллархой» дилоги йазйина. (хIаъ)
Ошаев Халидан «Алун шераш» пьеса йу. (хIан-хIа)
Къаьсттана романан жанрехь нохчийн йаздархоша дукха говзарш йазйира 1960-чу шерашкахь. (хIаъ)
Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
БЛОК 3. Рефлексивни мах хадоран мур. ЖамIдар, цIахь бан болх.
Модуль 3.1. Ша шен мах хадор, ойла йар.
Хаттарш, тIедахкарш
Муьлхачу жанрашкахь эвсараллица болх бина Ошаев Халида?
Стенах олу роман?
Стенах олу дилоги?
Ошаев Халидан говзаршкахь коьрта теманаш муьлха йу?
Маца, мичахь велла Ошаев Халид?
Модуль 3.2. Урокан жамIийн мах хадор. ЦIера болх.
Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.
Дешаран гIуллакхийн рефлекси.
Дешаран Iалашо: Ошаев Халидан произведенешкара коьрта теманаш йовзийтар, роман жанрах кхетам балар.
ХIун Iеми вайна?
ЦIера болх (инструктаж)
- 1. Iамат тIера «Романах кхетам балар» статьян анализ, терминаш д/I.
- 2. «Дукха агIонаш йолу стаг» сочинени-рассуждени.


