Соьлжа-ГIалин Мэрин дешаран Департамент Муниципальни бюджетни йукъардешаран хьукмат «Гимнази № 5» (Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 5») Нохчийн меттан, литературин хьехархо: Исаков Наврдин Бирлант
Нохчийн литература. 11 класс
УРОКАН ТЕМА: «Пхьармат» цIе йолу литературин цхьаьнакхетаралла кхоллайаларан истори.
- 1. Урокан тайпа: ийна урок
- 2. Урокан Iалашо: «Пхьармат» цIе йолу цхьаьнакхетаралла кхоллайалар а, цуьнан мехалла йовзийтар а.
- 3. Кхочушдан лору жамIаш:
Личностни: нохчийн литература йовза лааран синмехаллаш кхоллар, нохчийн къоман ширачу заманера схьайогIу культуре кхетам кхиор.
Метапредметни: халонашна сема хила, хийцалучу хьелашка хьаьжжина, шен сацамна адаптаци йан, кхочушхиллачу (кхочуш ца хиллачу) жамIийн бахьанаш кхето хаа.
Предметни: «Пхьармат» цIе йолу цхьаьнакхетаралла кхоллайалар а, цуьнан мехалла йовзийтар а.
- 4. Коьрта дешнаш: Пхьармат, тIаьхьало, цхьаьнакхетаралла.
- 5. Базови кхетамаш: адам, къам, текст.
- 6. Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:
Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
Iаматца болх бар
Кластер хIоттор
Текстаца болх бар (инсерт технологех пайдаэцар)
Хаттарш, тIедахкарш
Мах хадоран кехаташца болх бар
БЛОЧНО-МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР
БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар
Модуль 1.1. Проблемни хьал
(Олхазарийн эла Ида)
- ХIай декъаза Пхьармат, хIай хьо къине Пхьармат,
Ца ваьлла хьо дохко айхьа диначунна?
Нагахь дохковаьллехь, аса зен дийр дац хьуна,
Хьайн сина гечдойтуш, жоп хазаде суна! ...
(Пхьармат)
Айса цIе йадийна со дохко ца ваьлла,
Халкъе серло кхаьчна, сан са малхадаьлла,
Ас хадийна зуламхочо Селас латто гIело,
ТIаьхьенашна бийца цунах хилла белам…
(«Пхьармат». Сулейманова Зайнап, 6 кл.)
Хьан дуьйцур дара, хьенан ду хIара могIанаш?
Говзаран цIе дIайазйе.
Дийца, шаьш муха кхета кхуьнан маьIнах?
ХIора стага хIун дита деза шена тIаьхьа?
1975-чу шарахь Пхьарматах лаьцна миф зорбане йаьккхинера Сулейманов Ахьмада.
Пхьармат говзарийн цIе хилла ца Iа, кхин стенан цIе хилла-те «Пхьармат»? (проблема)
Модуль 1.2. Iалашо хIоттор
Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (хIун хуур ду, Iемар ду)
«Пхьармат» цIе йолу цхьаьнакхетаралла муха кхоллайелла а, стенна оьшуш хилла и.
БЛОК 2. ГIуллакхан мур
Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар
ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)
- 1. Нохчийн литературин керла мур болабелира:
1) ХХ-чу бIешеран 1950-чу шерашкахь+
2) ХХ-чу бIешеран 1960-чу шерашкахь
3) ХХ-чу бIешеран 1945-чу шерашкахь
4) ХХ-чу бIешеран 1955-чу шерашкахь
- 2. «Къоман дахар гайтаран барам алсам хиларца а, тергоне лоьцучу чолхечу хаттаршца Арсановн роман хIинццалц схьа уггаре тоьллачарах хилла», - хIокху дешнийн автор ву:
1) Арсанукаев Шайхи
2) Мамакаев Мохьмад
3) Туркаев Хьасан +
4)Мамакаев Iаьрби
- 3. Роман «Алун шераш» нохчийн маттахь зорбане йелира:
1) 1959–1961-чу шш. +
2) 1960–1962-чу шш.
3) 1965–1966-чу шш.
4) 1966–1967-чу шш.
- 4. Роман «Алун шераш» оьрсийн маттахь зорбане йелира:
1) 1959–1961-чу шш.
2) 1960–196-чу шш.
3) 1965–1966-чу шш.
4) 1966–1967-чу шш. +
- 5. Нохч-ГIалгIайн Республика йухаметтахIоттийра:
1) 1957-чу ш. +
2) 1951-чу ш.
3) 1952-чу ш.
4) 1953-чу ш.
Вовшийн белхаш таллар. Мах хадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп – 1 балл)
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар
«Шуна хIума довза луурш» рубрика
Дешархоша Iамат тIера дIайоьшу (13-19-гIа агIонаш) «Пхьармат» миф.
Джамбеков ШаIранис «Нохчийн халкъан бартакхолларалла» хьалхарчу декъехь
(29–36-гIа агIонаш) йалийна йу.
Дешнаш тIехь болх:
Пхьармат – наьрт-аьрстхо
Башлам – ло Iуьллу лам
ЧIож – айма
Чхьонкар – дубинка
ГIагI – кольчуга
Дешархоша ролешкахь дIайоьшу «Пхьармат» миф.
Мила ву Пхьармат? ХIунда ваханера иза къиза Села волчу?
Села-Сата цунна гIо хIунда дира?
Наьрташна цо йеънарг хIун йара?
Майра наьрт Пхьармат Села волчу йухавахар хIун бахьана дара?
Йаздархойн цхьаьнакхетараллех «Пхьармат» аьлла цIе тиллар хIун бахьана дара?
Дешархоша шаьш йешначу мифах пайда а оьцуш, кхочушйо кластер.
Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
Хьехархочун дош:
1970-чу шерашкахь дуьйна республикин йаздархойн вовшахдеттадаларш ладаме гIуллакх хилла даьллера. Къоначеран кхолларалла кхиарехь доккха накъосталла дара и тайпа гуламаш. Цигахь гучубевлира хIинца гIарабевлла бевзаш болу: Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, Абдулаев Леча, Яхъяев Леча, Яралиев Юсуп, Бисултанов Апти, Гайтукаева Бана, Исмаилов Абу, Исаев ТIаус, Цуцаев Iалавди, Цуруев Шарип, Джумалаева Лула … Дуьххьара оццул мехалчу кхеташонехь дакъалаца буьйлалучу авторийн ойла хилира литературин цхьаьнакхетаралла кхолла.
«Пхьармат» цIе йолу литературин цхьаьнакхетаралла кхоьллира 1975-чу шарахь. Ларамза дацара и тайпа цхьаьнакхетаралла хьашт хилар а, цуьнан цIе «Пхьармат» тиллар а. Оцу муьрехь Пхьарматах лаьцна миф зорбане йаьккхира Сулейманов Ахьмада. РогIерчу кхеташонехь литературин цхьаьнакхетаралло сацам бо цунна «Пхьармат» аьлла цIе тилла. «Пхьармат» литературин цхьаьнакхетаралла беркат хилла дIахIоьттира къоначеран говзалла лакхайаккхарехь. Цуьнан куьйгалхо Ахмадов Муса хIоттаво. Уггар къоначарах велахь а, накъосташа цунах тешийнера литературин цхьаьнакхетараллин куьйгалла дар.
БЛОК 3. Рефлексивни мах хадоран мур. ЖамIдар, цIахь бан болх
Модуль 3.1. Ша шен мах хадор, ойла йар
Вайн урокан йуьххьехь йалийна эпиграф, ларамза йалийна йацара.
(Олхазарийн эла Ида)
- ХIай декъаза Пхьармат, хIай хьо къине Пхьармат,
Ца ваьлла хьо дохко айхьа диначунна?
Нагахь дохковаьллехь, аса зен дийр дац хьуна,
Хьайн сина гечдойтуш, жоп хазаде суна!...
(Пхьармат)
Айса цIе йадийна со дохко ца ваьлла,
Халкъе серло кхаьчна, сан са малхадаьлла,
Ас хадийна зуламхочо Селас латто гIело,
ТIаьхьенашна бийца цунах хилла белам…
(«Пхьармат». Сулейманова Зайнап, 6 кл.)
Дийца, хIунда ца волу Пхьармат ша диначунна дохко?
ХIун бахьана дара литературин цхьаьнакхетараллин «Пхьармат» цIе тиллар?
Къоначу йаздархойн похIма кхиарехь муьлха дакъалецира «Пхьармат» литературин цхьаьнакхетаралло?
Модуль 3.2. Урокан жамIийн мах хадор. ЦIера болх
Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.
Дешаран гIуллакхийн рефлекси
Дешаран Iалашо: «Пхьармат» цIе йолу цхьаьнакхетаралла кхоллайалар а, цуьнан мехалла йовзийтар а.
ХIун Iеми вайна?
ЦIера болх (инструктаж)
«Пхьармат» миф йеша.
«Пхьарматан васт» мини-сочинени йазйе.


