Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
Ахмат-Хаджи Кадыров

Ахмат-Хаджи Кадыров

Путь спасения и возрождения народа
Целевое обучение – новые возможности для абитуриентов

Целевое обучение – новые возможности для абитуриентов

Иман Хамдиева Целевое обучение – это не просто способ получить высшее образование, а стратегический инструмент развития региона. В Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме
Ахмат-Хаджи Кадыров
Ахмат-Хаджи Кадыров
Целевое обучение – новые возможности для абитуриентов
Целевое обучение – новые возможности для абитуриентов

Саралиева Хеда,

нохчийн меттан а, литературин а хьехархо,

Соьлжа-ГIалин «Йуккъера йукъардешаран ишкол № 8»

8-гIа класс

УРОКАН ТЕМА: Хамидов Хьамидан Iабдул-Хьамид. «ДIа – коч, схьа – коч». Литературин произведенехь беламе долчух.

1.Урокан тайпа: ийна урок

2.Урокан Iалашо: Хамидов Iабдул-Хьамидан «ДIа – коч, схьа – коч» произведенехь беламе долчух  кхетам балар.

3.Кхочушдан лору жамIаш:

Личностни: синмехаллаш харжа оьшучохь а, оьздангалла харжа эшар нисделлачу хьолехь а нийса харжам бар, шен леларан нийса мах хадо хаар а, нехан леларан мах хадо хаар а, харц леларшна резацахилар а; шена а, кхечарна а бехк билла сиха цавалар.

Метапредметни: шена хетачух лаьцна гипотезин формулировка йар, шен хетачун аргументаци йалор; Iотбаккхамаш кIадбан, бартбан, кхечеран Iалашонех кхеташ хила, шеца къамел дечуьнца ларам хила.

Предметни: Хамидов Iабдул-Хьамидан «ДIа – коч, схьа – коч» произведенехь беламе долчух  кхетам балар.

4.Коьрта дешнаш: сатирика, беламениг, кIади

5.Базови кхетамаш: адам, халкъ, текст

6.Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш: Берашна вониг-диканиг довзийта а, нисделлачу хьолехь а нийса харжам бан а, шен леларан нийса мах хадо хаийта а, нехан леларан мах хадо хаийта а, оьздангалла ларйаран некъаш довзийта а.

Хаарш зер (хаарийн актуализаци)

Iаматца болх бар

Ловзаран кеп «Схьалаца гIалат»

Текстаца болх бар (инсерт технологех пайдаэцар)

Таблица тIейузар

Хаттарш, тIедахкарш

Маххадоран кехаташца болх бар

БЛОЧНО-МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР

БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар 

ХIун го шуна хIокху слайд тIехь?   

ХIун башхалла йу царна йукъахь?

Шун муха хета шайна совгIат делча?

СовгIат далар муха хила дезаш ду?

Модуль 1.1. Проблемни хьал

Гергарлонаш лелорехь коьрта хIун ду? СовгIат ду йа хьошалла ду?

СовгIат даларан муьлха билгалонаш хаа йеза стагана? (проблема)

Модуль 1.2. Iалашо хIоттор

Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (хуур ду, Iемар ду)

Хамидов Iабдул-Хьамидан «ДIа – коч, схьа – коч» произведенехь беламе долчух кхетам балар.

БЛОК 2. ГIуллакхан мур

Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар

ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)

  1. 1. Хамидов Iабдул-Хьамидан дуьххьарлера гулар:

1) «Лийрбоцурш»

2) «Абубешар» +

3) «Бож-Iела»

4) «Дурдий, Даргий»

 

2.Берийн журналан цIе билгалйаккха:

1) «Орга»

2) «Вайнах»

3) «СтелаIад» +

4) Вестник

 

  1. 3. Хамидов Iабдул-Хьамид вина ... -чу шарахь ... цIе йолчу йуьртахь.

1) 1920 ш. Йоккха АтагIа +

2) 1903 ш. Хьалха-Марта

3) 1922 ш. Валарг

4) 1910 ш. ТIехьа-Марта

 

  1. 4. ХIокху дешнийн автор ву:

Цунна дукха хаьара нохчийн хьалхазаманахьлера а, хIетта йукъадуьйлуш долу а халкъан дийцарш, кицанаш, забарш. Студентийн дехарца цо уьш кест-кеста дуьйцура йукъараIойлин кертахь мукъачу денойн суьйренашкахь тхо гуллуш хиллачу майданахь.

1) Эдилов Хасмохьмад+

2) Мамакаев Iаьрби

3) Арсанукаев Шайхи

4) Кибиев Мусбек

 

  1. 5. Дуьххьара арахецначу нохчийн газетан цIе хилла:

 1) «Советская Автономная Чечня» +

 2) «Халкъан аз»

3) «Серло»

4) «Ленинан некъ»

Вовшийн белхаш таллар. Маххадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп -  1 балл)

Модуль 2.2.  Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар

Хьехархочун дош:

Нохчийн гIиллакх-оьздангаллехь хьаша ларар къоман коьртачу ламастех цхьаъ ду. Йуьрта веана хьаша чукхайкхаран а, цунна совгIат даларан а гIиллакхах лаций дийций вай?

Шуна хIун хаьа цунах лаьцна?

Вайнехан кица ду халкъалахь лелаш «Хьаша ца вогIучу хIусаме беркат догIур дац» олуш. Цо билгалдоккху хьешаца лело беза бехкамаш. Амма бакъду, хIумане сатийсар, шена йеллачунна резацахилар, гIийбаташ дар Дела реза воцучарах ду. Цундела вай лардала деза цу тайпанчу хIуманах.

ХIинца Хамидов Iабдул-Хьамидан «ДIа – коч, схьа – коч» дийцар доьшур ду вай.

Дешнаш тIехь болх:

Шелиг – бочка

Куьйра – тIо берзбеш йолу кхаба

«Штапель» – бакъдолу къаде къеда долуш

Гоь – (матрас) дIавуьжуш буьллу мотт

Нитташ – (кропива) дарбане буц

Дийцар тIера кийсак ролешкахь дIайеша. Йешначух дуьххьарлера кхетам.

Муха дIадоладо йаздархочо шен дийцар?

Муьлха персонажаш билгалйевллира шуна?

Стеган амал муха йевза?

Шен дийцарехь беламе гайтинарг хIун ду йаздархочо?

Йаздархочо шен говзарехь васташца гучудоккху дахарехь хуьлуш дерг. Хилам йа гIуллакх беламе гайтаро гIо до вониг йукъара дадаккха, сийсаздан. Хуьлуш дерг беламца гайтар шен Iалашо а, маьIна а долуш ду.

Йешначух пайдаоьцуш, тIейуза таблица.

п/п

Персонажаш

Вон амалш

Дика амалш

I

Халисатан

 

Къинхьегамхо йу, гIиллакх долуш йу

2

Забу

Сутара, гIийбаташ до, тIехбеттамаш бо, нахах ца йеша

 

3

Курбикера лулара ши зуда

 

Йахь йу, Делах кхоьруш йу; адамийн йукъаметтиг ларйо

4

Жарадат

Дуйнаш дуу, Дала магийна доцу; гIо-накъосталла ца до

 

5

Iайнаъ

 

Тешаме, шега дало гIо-накъосталла до

6

Курбика

ПитIанхо, эладитанча

 

Ловзаран кеп «Схьалаца гIалат»

ДIайеша текст, билгалдаха гIалаташ

1944-чу шарахь Iабдул-Хьамид деша воьду Соьлжа-ГIаларчу театран искусствон институте. И чекх а йаккхале къоман театре балха волало. ХIетахь дуьйна цуьнан дахаран коьрта гIуллакх хуьлий дIахIутту театр, литература. Нохчийн къам махкахдаьккхинчу шерашкахь (1938-1954 шш.) тайп-тайпанчу культурин учрежденешкахь белхаш бо цо.

Нийса жоп

1938-чу шарахь Iабдул-Хьамид деша воьду Москварчу театран искусствон институте. И чекх а йаккхале къоман театре балха волало. ХIетахь дуьйна цуьнан дахаран коьрта гIуллакх хуьлий дIахIутту театр, литература. Нохчийн къам махкахдаьккхинчу шерашкахь (1944-1957шш.) тайп-тайпанчу культурин учрежденешкахь белхаш бо цо.

Меттан суртхIотторан гIирсан анализ.

Меттан суртхIотторан гIирс – фразеологизм шеца йолу предложени билгалйаккха.

1) «Дики зуда, хIинца ахьа гIо ца дахь чIогIа йуьхьIаьржа хIуттуш йу-кх со».

2) «Са-м ца гатди ахь, Забу? Цхьа гIуллакх ца нислуш хьейели со».

3) Ахьа оццул чIогIа ца аьлча а теша со-м».

4) «Ой, ахьа хIун дуьйцу, йоI!» (Жоп: 1)

Курбикин лулахо йолчу зудчо аьллачух муха кхета шу?

 «Забу, дика-м и дIа коч, схьа коч, боху хIума вай ваьшна йукъара дIадаьккхича хир дара. И совгIат дар дац. Цкъа делахь, ваьшна и коч йухалур йу аьлла хетачунна бен вай и луш йац, цул совнаха, ваьш и йелларг кех йаьлла а йалале «оха кучана кIади а йелла йахийти иза» бохуш къамелаш деш, ваьш йелла коч массарна а хаийта гIерташ лела вай. Иза а оьзда хIума дац!...»

Тахана дахарехь нислой и санна дерг? Дийца цунах лаций.

БЛОК 3. Рефлексивно-маххадоран мур. ЖамIдар, цIахь бан болх

Модуль 3.1. Ша шен маххадор, ойла йар

Хаттарш, тIедахкарш

Муха тасаделлера Хелисатан Забуца гергарло?

ХIун ойла хилира Хелисатан, Забус шена совгIат делча?

Муха гойту авторо Халисатан дахар?

Стенна холчухIоьттира Хелисат?

Муха тIеоьцу Халисата шен хьаша?

Забун дала совгIат муха карадо Халисатна?

Реза хуьлий Забу шена деллачу совгIатна?

Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.

Модуль 3.2. Урокан жамIийн маххадор. ЦIера болх

Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.

Дешаран гIуллакхийн рефлекси

Дешаран Iалашо: Хамидов Iабдул-Хьамидан «ДIа – коч, схьа – коч» произведенехь беламе долчух  кхетам балар.

ХIун Iеми шуна?

ЦIера болх (инструктаж)

  1. 1. Говзаран анализ.
  2. 2. Тест хIоттор.
  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1