Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования

Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования

Иман Хамдиева В Московской области, в городе Долгопрудный, завершился финальный этап Всероссийского инженерного конкурса «Первый элемент. Модель»,...
Успешный интенсив в Грозном

Успешный интенсив в Грозном

Создали проекты – победили сомнения
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования
Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования
Успешный интенсив в Грозном
Успешный интенсив в Грозном

Исаков Наврдин Бирлант,

нохчийн меттан, литературин хьехархо,

Муниципальни бюджетни йукъардешаран хьукмат «Гимнази № 5»  

Урокан тема: Долахь а, йукъара а цIердешнаш, церан нийсайаздар.

  1. 1. Урокан тайпа: ийна урок
  2. 2. Урокан Iалашо: долахь а, йукъара а цIердешнаш вовшах къасто а, нийсайаздан а.
  3. 3. Кхочушдан лору жамIаш:

Личностни: нохчийн мотт, истори а, шен мехкан культура а йовза лаам гучубаккхар;

Метапредметни: хьехархочун гIоьнца Iалашо кепе йалор, тексташкахь, таблицашкахь белла хаам схьакъасто, талла, къепе бало, хааман кхетам бала, цуьнан жамI дан, къамелан хьал толлуш, кхечу стеган дагахь долчух а, цуьнан бахьанех а кхета.

Предметни: долахь а, йукъара а цӀердешнаш вовшах къасто а, къамелехь, йозанехь царах нийса пайдаэца а.

  1. 4. Коьрта дешнаш: морфологи, цIердешнаш, йукъара, долахь.
  2. 5. Базови кхетамаш: адам, халкъ, текст
  3. 6. Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:

Ловзаран кеп «Схьалаца гIалат»

Хаарш зер (хаарийн актуализаци)

Iаматаца болх бар (бакъо йешар, шардар кхочушдар)

ЦIердешнийн классификаци (цхьаьнадогӀург а, цхьаьнатайпаниг дIасадекъар)

Таблица тIейузар (схьадевлла дешнаш кхоллар)

Чолхе йоцу жима-исследовани (жима йа доккха)

Маххадоран кехаташца болх бар (шаьш шайн маххадор)

БЛОЧНО-МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР

БЛОК 1. Мотивацин-Ӏалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тӀеэцаран хьелаш кхоллар

Модуль 1.1. Проблемни хьал

Рубрика «Вайн халкъан дозалла». Бераш, шуна хаьий, Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалоцуш Нохч-ГIалгIайн дошлойш полк хиллий? Мила хилла цунна куьйгалла деш?

Цунна куьйгалла деш хилла нохчийн йахь йолу кIант Висаитов Мовлад.

Ловзаран кеп «Схьалаца гIалат»

Висаитов Мовлад вина 1913-чу шеран хIутосург беттан 13-чу дийнахь нохчийн ширачу йуьртахь Лаха-Неврехь. Цу йуьртара бевлла дуккха а вайн халкъо дозалла дан хьакъболу къонахий: йаздархой – Мамакаев Iаьрби, Асйханов Шамсудди; Iилманчаш – Авторханов Iабдурахьман, Джамалханов Зайнди, кхиберш а.

   Нохчийн махкахь диц ца дина Висаитов Мовладан а, цо куьйгалла диначу полкан а турпалаллин гIуллакхаш. Цунна хIоттийна Соьлжа-ГIалахь, «сийлаллин аллея» музейна хьалха, хIоллам. Цуьнан цIарах йу Соьлжа-ГIалин цхьа кIошт а.

– ДIайеша текст. 

– Йалийначу кийсак тIехь коьрта турпалхо мила ву?

 – Билгалдаха цадевза дешнаш.

Дешнаш тIехь болх

Хьакъволу – заслуженный, хIутосург (бутт) – май, Iилманча – ученый, хIоллам – памятник, кIошт – район, дошло – кавалерист, всадник (кавалерийский полк).

Лакхахь йалийначу текстехь схьакараде гIалаташ. Дийца, муьлха къамелан дакъош ду уьш? Стенах олу цIердешнаш?  ХIунда йаздан деза уьш даккхийчу элпашца? ТIейуза таблица.

Мила ву Висаитов Мовлади? …

Нийса жоп:

1 Висаитов Мовлади – къонах, турпалхо

2 Мамакаев Iаьрби – йаздархо

3 Айсханов Шамсудди – йаздархо

4 Авторханов Iабдурахьман – Iилманча

5 Джамалханов Зайнди – Iилманча

6 «Сийлаллин аллея» – музей

ХIун башхалла йу хIокху цIердешнашна йуккъехь?

Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

Модуль 1.2. Ӏалашо хӀоттор

Хуур ду: цIердешнаш долахь а, йукъара а хуьлий.

Iемар ду: текстехь, предложенешкахь уьш нийса дIайаздан.

 

БЛОК 2. ГӀуллакхан мур

Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар

Хаарш зер (тест)

  1. 1. Лахахь далийна дешнаш цIердешнаш ду:

1) дохк, хIаваъ, хьекъал, тега, дош;

2) шахьар, стогалла, цIерпошт, хьормат;

3) сихалла, ала, даар, хьехар, алар;

  1. 2. Берийн журналан цIе билгалйаккха:

1) «Орга»;

2) «Вайнах»

3) «СтелаIад»

  1. 3. ЦIердош предложенехь хила тарло:

1) подлежащи

2) сказуеми

3) къастам

  1. 4. ЦIердешнаш хийца ца ло:

1) дожаршца

2) терахьашца

3) классашца

5.Билгалдаха схьадовлаза дешнаш.

1) кор, дитт, диг

2) бешахо, беш, эшам

3) лам, ламанхо, толам

Вовшийн белхаш таллар. Маххадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп – 1 балл)

Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гӀуллакхаш кхочушдар

№2, 2023 шеран журнал «СтелаIад» гайтар, цунах пайдаэцар

Журналан 2-гIа агIо тIера дIайеша байт

Соьлжа-ГIала, Даймохк, Терк а, –

Царна хьалха элп ду доккха:

Церан сийне, маьIне хьожжий,

И цIердешнаш иштта дохку.

(Доккха дош. Эдуард Мамакаев, 1939 шо)

Муьлха дешнаш ду доккхачу элпаца йаздина? ХIунда?

Учебникана тIехь болх бар.

Схьайелла 51 параграф. ДIайеша бакъо. 

Массо а цхьатерачу хIуманашна техкинчу йукъарчу цIерех йукъара цIердешнаш олу. Масала: хи, лам.

Цхьатерачу хIуманашна йукъара схьакъастош цхьана хIуманна йа адамна тиллинчу цIарах долахь цIердош олу.

Шардар 247. Долахьчу цIердешнашна буха-ши сиз, йукъарчу цIердешнашна цхьа сиз хьокхуш, схьайазйе предложенеш: 1 вариант – 1–4 предл.; 2 вариант – 5–8 предл.

СадаIаран минот

Мархаш догIанах йассало:

– Дола, догIа, дола!

Чуьппалгаш а кхиссало,

– Мала, кIа, ахь мала.

КIено охьатаьIий,

Молу, молу, молу.

Мела догIа, ца соцуш,

ДогIу, догIу, догIу.

РогIера тIедиллар. (Тобанашкахь болх)

1-ра тоба: Соьлжа-ГIалийн урамийн цIераш йазйе.

2-гIа тоба: Соьлжа-ГIалахь хIиттийнчу хIолламийн цIераш йазйе.

3-гIа тоба: шайна девза хийн цIераш дIайазйе.

Хила тарло жоп:

Урамийн цIераш: Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах урам, Абузар Айдамировн цIарах урам, Алиев Вахин цIарах урам, Александр Чеченскийн цIарах урам.

ХIолламаш: турпалхочун Висаитов Мовладин хӀоллам, турпалхочун Нурадилов Ханпашин хӀоллам, Халкъийн доттагӀаллин хӀоллам, «ТӀеман сийлаллин гӀала» – чурт, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах сийлаллин мемориальни комплекс.

Хиш: Соьлжа, Орга, Марта, Бас, Терк

Хьехархочо барта толлу белхаш, нийса доцург йукъардаккхарца, хIора нийса йаздинчу дашна 1 балл луш, жамI до.

Рубрика «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш». Таблица тIейузар. Схьадевлла, схьадовлаза дешнаш карладахар.

Шела-шелахо, Марта-мартанхо, Терк-теркахо, Ведана-веданхо, Закан-Юрт-заканйуьртахо, Нажин-Юрт-нажинйуьртахо, Iалхан-Юрт-Iалханйуьртахо.

ХIун бахьана ду йуьртан цIе доккхачу элпаца йазйар, ткъа цуьнан вахархо - жимачу элпаца. Муьлха дешнаш ду шолгIачу бIогIамалгехь дерш?

ЖамI: Долахь долчу цIерех схьадевлла цIердешнаш йукъара цIераш ларало, цундела уьш жимачу элпашца йазйо.

Къаьмнийн, тайпанийн цIераш а, иштта гIаланийн, йартийн цIерех кхоллайелла адамийн йукъара цIераш а кегийчу элпашца йазйо. Масала: нохчи, гIалгIа, гуьржи, оьрси, гIебарто, Iаларо, курчало, бено, цIонтаро, гендаргано…

Жима йа доккха (мини-исследовани)

 Дешнаш шайн маьIница догIучу суьртех цхьаьнатоха. Дийца, дахарехь кхин мичахь пайдаоьцу вай оцу дешнех? (Слайд тIехь дешнаш а, суьрташ а ду: тIаус, аьрзу, леча, петIамат, марха, седа, полла).

 

БЛОК 3. Рефлексивно-маххадоран мур. ЖамӀдар, цӀахь бан болх

Модуль 3.1. Ша шен маххадор, ойла йар

РогIера тIедиллар: Къовларш йостуш, цIердашна хьалха жима йа доккха элп дуьллуш схьайазйе предложенеш. Бакъонца тIечIагде шайн жоьпаш.

Баьхкинчу хьешашна йукъахь вара ши (хIири) а, цхьа (гIумки) а, кхо (Iаьнди) а. Тхан лулахо (гIумки) институтехь доьшуш ву. Цуьнан ваша (хIири), дешна а ваьлла, лоьран балха хIоьттина. ПхоьалгIачу классера (Iаьнди) дика доьшуш ву.

ХIинца вовшийн белхаш толлур ду. ХIора нийса йаздинчу дашна 1 балл хIоттайо.

Модуль 3.2. Урокан жамӀийн маххадор. ЦӀера болх

Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана.

Рефлекси

Дешаран Iалашо: долахь а, йукъара а цIердешнаш вовшах къасто а, нийсайаздан а.

ХIун Iеми вайна?

ЦIера болх.

  1. 1. Шардар 248, бакъо. (текстана йукъара схьайазде долахь долу цIердешнаш).
  2. 2. Рубрика «Вайн халкъан дозалла» йу «СтелаIад» журналан 14-чу агIон тIехь. Журнал тIера халкъан турпалхочух лаьцна статья йукъара жима кийсак схьайазйар, долахь а, йукъара а цIердешнаш билгала а дохуш.
  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1