Нохчийн меттан йоза нийсайаздаран коьрта бакъонаш
- Подробности
- Категория: Общество
- Опубликовано: 16.03.2021 16:37
(Начало в № 4 от 24.02.2021)
- § 22. Йуьхьанцарчу кепехь цхьаннал сов дешдакъа долчу дешнашкахь цхьаллин терахьан доланиг дожаран тӀаьххьарчу дешдекъехь «и» хилахь, хотталург, дустург дожаршкахь шинна а терахьехь «-ех», «-ел» йаздо.
Масала:
илли иллин иллех иллел;
мача мачин мачех мачел;
гали галин галех галел;
лами ламин ламех ламел;
предложени предложенин предложенех предложенел;
концепци концепцин концепцех концепцел;
монографи монографин монографех монографел;
лекци лекцин лекцех лекцел.






