- Подробности
-
Категория: Общество
-
Опубликовано: 20.04.2021 14:53
С. Хамзатов
Ша Iаш волчу урамехь а, куьпахь а, юьртахь а, луларчу ярташкахь а шех нахана беркат долуш ву Воккха-Дада. Цуьнан беркатах ирс эца, цунах дагабовла, цуьнга «шира хабарш» дийцийта, хьехам байта дукха кегийрхой оьху. Тахана а баьхкинера уьш. Шена гуонаха уьш охьа а ховшийна Iара воккха стаг, церан хаттаршна, сих ца луш, жоьпаш а луш.
– Воккха-Дада, салам даларх лаций дийцахьа тхуна. Хьаьнга дала мегар ду салам, хьаьнга дала мегар дац? ХIун гIиллакх ду салам даларехь а, схьаэцарехь а лелон дезаш? – хотту цунна аьрру агIор хиъна Iаш волчу жимачу стага.
- Подробности
-
Категория: Общество
-
Опубликовано: 20.04.2021 14:52
Джабраилова Азман дуьнен чу яьлла 1952-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 14-чу дийнахь Малхбалерчу Казахстанан областан Каменевка юьртарчу Джабраилов Мохьмадан а, Асмаан а доьзалехь.
1957-чу шарахь, шайн дай баьхначу Йоккхачу-АтагIа цIабирзира церан доьзал. Меттигера № 1 йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Азман Нохчийн пачхьалкхан университетан исторически факультете деша хIоьттира. Дешна яьлча, Къинхьегаман некъ Йоккхачу-АтагIарчу школехь истори хьоьхуш дIаболийра. Школехь ткъе ялх шарахь болх бина. Цу юкъана оццу школехь кIеззигчу ханна оьрсийн мотт а, литература а хьехна.
Хьехаран декъехь алссам зеделларг хиларна, 2003-чу шарахь Йоккхачу-АтагIарчу кхузаманан академин директоран болх тешабо Азманах. 2009-чу шаре кхаччалц бо цо иза. Карарчу хенахь пенсехь ю Азман.
Азман байташ язъян школехь доьшуш йолуш йолаелла. Цуьнан кхоллараллехь карор ю патриотизмах, Iаламах, Даймахках, безамах, и. дI. кх. байташ. Уьш зорбане йийлина «Даймохк», «Гумс», «Аргун», «Нийсо» газеташкахь а, «СтелаIад», «Орга», «Нана» журналашкахь а, иштта «Грозный в стихах» аьллачу юкъарчу гуларехь а. Цо оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь язйо. Азманан дика нисло берашна леринарш а.