Хелхарх а, цуьнан кепех а
- Подробности
- Категория: Общество
- Опубликовано: 05.07.2021 18:32
Хелхар – искусствон уггаре а ширачех цхьа кеп ю
Ибрагимов Ризван
Францехь йолчу Ласко цIе йолчу хьехан пена тIехь, хIинцачул 20 эзар шо гергга хьалха, сех терра хелхар дечу холмачхочун сурт ду.
Шира хелхар, пантомима санна, магин Iадатех кхолладелла ду.
Юьхьанца дуьйна хелхар поэзица а, музыкица а цхьаьна кхолладелла ала хала ду.
Хелхаран искусство, археологин материалаша чIагIдеш ма-хиллара, ширачу палеолитан оьмарехь, поэзи а, музыка а кхоллаялале дуккха а хьалха хилла ю.
Ширачу заманашкахь дуьйна, дуьнен чу даьллачу адамца иза даллалц дехаш ду хелхар.