s11

ХIинца, цхьана баттахь дешархой а, студенташ а дешна бевр бу. ТIекхочуш аьхке ю. Шайна юкъахь кхаж а тосий, садаIа даха меттиг хоржу цара. Юха, бераш шайн хьехархошца цхьаьна садаIа доьлху. Дийнна шарахь болх бина вайн нах а боьлху шайн белхахойн тобанашца. СадаIа даха дика меттигаш вайн махкахь шортта ю.

Бакъду, иштта вайн гIаланашкахь а ю шортта меттигаш. Масала, даккхий маьждигаш, театраш, музейш, юург яа ваха а шортта меттигаш ю. Делахь а, аьхке тIееъча, къаьсттина хазачу Iаламна йистехь садаIа лаьа. Иштта меттигаш а дукха ю вайн. Оьрсийн яздархоша шаьш Къилбаседа Кавказах лаьцна яздеш, къаьсттина тамаш беш яздо вайн Iаламах лаьцна.

Дукха хьолахь, лаьмнашка боьлху вайн махкахой а, туристаш а.  Масала, Веданан кIоштахь садаIа дика меттигаш ю. Лекхачу лаьмнашна юкъахь Къоьзан Iам бу. Дуьххьара иза схьагича, цуьнан хазаллех тамаш беш, ала дош доцуш вуьсу. Iуьйренца чIогIа шийла хуьлу цигахь, хиш а ду цигара вуно чIогIа шийла. Оцу лекхачу лаьмнаш тIехь тIулгашца яздина нохчийн тайпанаш а, тукхамаш а ду. Уьш хIора шарахь боьлхучу вайн махкахоша шайн-шайн тайпанаш ду яздина. Тахана цигара некъаш тодина, цигахь дина хьешацIа а ду, буьйса а йоккхуш Iан дагахь волчунна.

Къоьзан-Iомах лаьцна вайн наха дукха хьалха дуьйна дуьйцуш цхьа дийцар ду. Мацах, хIинца и Iам болчу меттехь, цхьа жима юрт хилла. Оцу юьрта веана цхьа миска стаг. Цо сагIина хIума йоьхуш хилла, амма цхьаммо а луш ца хилла. Юха, оцу юьртахь Iаш цхьа миска зуда хилла, тIехь да а воцуш шен доьзал лелош. Шен неIаре иза веъча, оцу зудчо шен цхьа кIеззиг бен боцу берашна латтош хилла болу кхача дIало цунна. ТIаккха вукхо цуьнга олу и юрт хи буха гIур йолуш ю, доьзал а эций дIагIо цигара. Шен лулахь а, юьртахь а орца даьккхича, зудчо дуьйцучух цхьа а ца теша, хIара шен берашца дIаяхча, юрт хи буха йоьду.

И дийцар шена чохь дика маьIна долуш ду.

ТIедогIучу кIирандийнахь лаьмнашка баха ойла йолуш бу Нохчийн пачхьалкхан университетера студенташ а. Царах цхьамма, Сугаипова Аминас дуьйцу: «Кху шарахь тхо дешна довлуш ду. ТIаккха тхайн хьехархошца цхьаьна Къоьзан-Iам тIе даха дог-ойла йолуш ду тхо. Хаза меттигаш дуккха а ю вайн, делахь а, дукхахболчарна лаьмнашка даха лиира».

Тахана вайн махка оьхуш дуккха а туристаш бу тайп-тайпанчу къаьмнех. Уьш бахкаран бахьана дуьххьара вайн хаза тойина гIаланаш ю, шолгIа - вайн хаза аренаш, лаьмнаш а. Ткъа шайна хьошалла а дина дIабоьлхучу туристийн юха а вайн махка бахка лаам а, дог-ойла а хуьлу.

Базиева Зарина