Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Вайх хIоранна а ненан мотт халкъан син культура дIакхехьархо бу, къоман кхетам кхолларехь Iаламат мехала маьIна а леладо цо. Аьлларг дуьххьалдIа дешнаш хилла ца дисийтархьама къаьсттина къоначу чкъурехь кхио деза оцу кхетамашка долу хьашт, ненан мате болу безам.

Ненан меттан мехаллех лаьцна дуьйцуш нохчийн берийн яздархочо Сейлмуханов Мусас билгалдаьккхира «ненан мотт» бохург нохчийн маттахь бен ненан мотт сана декаш цахилар. «Ткъа хIун хир ду ненал деза а, хьоме а, – боху цо. – уггаре хьалха цо Iамабо берана ненан мотт, цуьнга безам, ларам кхуллу. Иза вайна массарна а хьоме хуьлий дIа а хIутту, хIунда аьлча, оцу маттахь къамел до нанас». Ненан матте болу безам кхиорна буьззинчу барамехь гIо до нохчийн мотт Iалашбарна, кхиорна, шуьйра бовзийтарна тIехьажийна Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьош йолчу нийсачу политико. Оцу Iалашонца цо 2007-чу шарахьлерчу шеен Указаца хIора шарахь билгалдоккху долу нохчийн метан Де хIоттийра. Иза вай билгал а доккху хIора шарахь 25-чу апрелехь. И дезде юкъадалор бахьанехь дуьйцийла йоццуш алсамдаьлла нохчийн мотт Iамо луучу регионан бахархойн хьашт. Цуьнца доьзна дIахьо дуккха а барамехь кхоллараллин, культурин, Iилманан гIуллакхаш, лакхадоккху бахархошна мотт бовзаран хаарийн тIегIа. Ишттачу гIуллакхашна юкъахь ду Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствос вовшахтухуш долу, хIинцале а ламаст хила дIахIоьттина «Ненан мотт – иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу!» аьлла йолу этнографин диктант. Кху шарахь иштта диктант язйира регионан юкъарадешаран ерриге а организацешкахь. Иза язъеш берашца цхьаьна дакъалоцуш церан дай-наной а бара. ХIора школо шена тIехь долечу жоьпаллех кхетарца кечйира диктант дIахьон йолу меттигаш. Дукхах йолчу школашкахь дIабаьхьира берийн кхоллараллин гайтамаш, дешархойн ницкъашца кечйира концертийн программаш. Ишттачу цхьана акцехь дакъалецира регионан дешаран, Iилманан министра Байханов ИсмаьIала. Цо диктант язйира Соьлжа-ГIаларчу юкъарадешаран № 18 йолчу школехь. Тайп-тайпанчу меттигашкахь диктанташ язъеш дакъалецира республикехь бевзаш болчу юкъараллин а, политикин а деятельша. Этнографин диктанташ кест-кеста язъйо вайн республикехь. Тхуна хаа лиира оцу гIуллакхаша мел боккха Iаткъам бо адамийн культурин кхетамна. Цунах лаьцна шена хетарг дийцира Соьлжа-ГIаларчу юккъарчу юкъарадешаран № 23 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Паршоева Раисас.

– Тхан школан дешархоша, церан дай-наноша, ткъа иштта хьехархоша хIоразза а жигара дакъалоцу этнографин диктанташ язъярехь. Кху шарахь иза язъеш дакъалецира 30 стага. Заданеш даима а шайна тIе тидам бохуьйтуш а, пайдехь а хуьлу. Масала, маса элп ду нохчийн алфавитехь, моссалгIачу шарахь дIакхайкхийра нохчийн меттан Де. Иштта дийцира цхьа орам болчу дешнех, дешнех-синонимех, кхидолчух. Иштта тидам тIебохуьйтуш яра нохчийн литературехула елла заданеш. Дуккха а болчарна хиира, масала, Мамакаев Iаьрбин музей муьлхачу юьртахь ю, 1955-чу шарахь нохчийн муьлха газет араделира Алма-Ата гIалахь, муьлха журналаш арахоьцу вайн республикехь.

Раисас билгалдаьккхира этнографин диктанташ язъяр чIогIа мехала а, оьшуш а гIуллакх хилар. Къаьсттина баккхийчарна, хIунда аьлча, царна карлайолу шаьш хьалха Iамийна материал. Дуккха а керланиг девза диктанташ язъечу хенахь ненан мотт Iамийна боцучарна.

Тимаева Раиса

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1

Официальные ресурсы

Глава Чеченской Республики

 

Парламент Чеченской Республики

 

Министерство Чеченской Республики по национальной политике, внешним связям, печати и информации

 

Битва роботов