Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Вайн республикехь дуккха а нах бу нохчийн мотт Iалашбарехь а, иза кхиорехь а шайн дакъа юкъадиллина. Царах цхьаъ России Федерацин дешаран сийлахь белхало, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо, Соьлжа-гIалин № 20 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо йолу Ибрагимова Сацита ю.

Ибрагимова Сацита берашка ночийн мотт хьоьху 44 шо зама ю. Оцу муьрехь цо хьанала бинчу балхана цунна елла Сийлаллин грамоташ, баркаллна кехаташ, ткъа 2016-чу шарахь Сацита нохчийн метан а, литературин а, тоьллачу пхеа хьехархочунна юкъа а нисъелла. Цуьнан къинхьегаман некъ 1976-чу шарахь болабелла шайн юьртарчу КIотар-Юьртарчу № 1 йолчу школехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархо йолуш.

1995-чу шарахь Сацита шен доьзалца Соьлжа-ГIала схьаеара. Ша карарчу хенахь болх бечу № 20 йолчу школе еара иза.

– Ненан мотт, нохчийн мотт сунна безабалар, бакъ дерг дийцича, тхан да вара дешна а, говзанча а, нохчийн мотт безаш а. ЧIогIа дукха дийцарш хаьара цунна. Иштта тхайн дегара схьа бу сан нохчийн мате болу безам. Цул тIаьхьа со школе ара яьлча ненан меттан хьехархо веара тхуна Астамиров Ахьмад. Цу хенахь, цу заманчохь цо тхуна луш йолу урокаш вайн керла лехамашца яра. Нохчийн меттан урок тIе кхачаре са а тосий хуьлура тхо. Ша а чIогIа хаза буьйцура цо и. ХIора урокехь цхьа хаза хIума хуьлура цуьнан кечдой, цхьацца хаза дийцарш. Тхо дела а дой, тха самукъа а доккхий юха оцу урокан ойла тIе ерзо а хаьара цунна, – дуьйцу Сацитас.

Нохчийн матте болу безамо дог ира хIоттадора цунна байташ а, дийцарш а яздан. Шен дийцарехь цхьаъ «Адамалла» нохчийн зударийн кхаа чкъурана лерина яздина цо. Цхьаъ чкъор – нанойн, важа шен нийсархойн, кхозлагIниг хIинцалерчу вай заманхошна.

И дийцар 9-чу классан дешаран Iаматна юкъа а дахийтина. Иштта, шен ницкъ ма-кхоччу дешархошна нохчийн мотт марзбан гIерташ, нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ довзийта гIерташ къахьоьгуш а ю иза.

– Жима йолуш дуьйна чIогIа яздан лаьара суна. Фольклор тIера берийн туьйранаш сайна дага ца даьхкича, сайгара керла туьйранаш дуьйцура ас. Хьехархо ю бохуш бераш охьа а ховшадой болх бора ас оценкаш хIиттош, – иштта дуьйцу хьехархочо.

Нохчийн мотт Iамабарехь хьалха а, хIинца а долчу хьелашца башхалла шега юй аьлла хаьттича, Сацитас йовзийтира шен дог-ойла:

– Йоккха башхалла ю. Цу заманчохь сан могIар болчара книгаш йоьшура, библиотекаш чохь Iара. Нохчийн маттахь йоьшура, иштта кхидолчу къаьмнийн книгаш йоьшура. Таханлера бераш вайна махаъара ешарна тIера бац, тахана сайн ницкъ макхоччу бераш дешарна тIедерзо гIерташ къахьоьгу ас. Ас болх бо 44 шо ду, амма тахана а кардо суна сайна ца хуург, тахана а Iемаш ю со.

Къамел дерзош нохчийн метан мехаллах, маьIнех, Нохчийн метан денца доьзна шена хетарг билгалдаьккхира Сацитас:

– Цхьа зама еара вайна нохчийн мотт буо бер санна юьстах баьккхина. 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 25-гIа апрель Нохчийн меттан де аьлла дIакхайкхина. И бахьана долуш лакхарчу тIегIане белира нохчийн мотт. Цуьнан сий дина, пусар дина. Тахана мелла а гIолехь ду нохчийн меттан хьал. Дахаран доккха зеделларг долчу оцу хьехархочуьнца хиллачу къамелах вай юха а сацам бо, Iаламан доккха маьIна ду нохчашна шайн къоман мотт безар а, иза хаар а. Цундела вайх хIораммо а шен ницкъ кхочург дан а деза нохчийн мотт Iалашбан а, кхион а.

Магомаева Диана

***

Нохчийн мотт

Моз санна, мерза бу,

Сан нохчийн мотт!

Шовданал цIена бу,

Сан нохчийн мотт!

Де-дийне мел дели

Малх санна,къегаш,

И дашо жовхIар ду,

Сан ненан мотт!

Бераллехь хьо суна

Нанаса марзбина.

Дадас а базбина,

Хьо говза бийцина.

Бехк буй ткъа, хьан

Зовкхехь кхиъначу сан,

Хьо безар, хьо эшар,

Хьо хесто лаар!

Шелонна йовхо ю,

Сан нохчийн мотт!

Цамгарна дарба ду,

Сан нохчийн мотт!

Сингаттам тIебеъча,

Дог доьхна висча,

Синкхача хуьлу хьох,

Сан ненан мотт!

Нанаса бер санна,

Вай дайша ларбина,

Оьздачу наноша

Литтина, цIанбина.

Вайга схьакховдийна

И дашо жовхIар,

Йишин бер ва санна,

Лерина Iалашбай

ТIаьхьарчу тIаьхьене

ДIакховда белаш!

Ибрагимова Сацита

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1

Официальные ресурсы

Глава Чеченской Республики

 

Парламент Чеченской Республики

 

Министерство Чеченской Республики по национальной политике, внешним связям, печати и информации

 

Битва роботов