Битва логики и интеллекта

Битва логики и интеллекта

В Грозном прошел региональный турнир по шашкам «Чудо-шашки» среди учащихся 5-х классов образовательных организаций республики.
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Спорт объединяет

Спорт объединяет

В Грозном прошел Фестиваль по технологичным видам спорта
Учащихся столичной гимназии наградили значками «ГТО»

Учащихся столичной гимназии наградили значками «ГТО»

Двум обучающимся МБОУ «Гимназия № 12 города Грозного» вручили золотые значки Всероссийского физкультурно-спортивного комплекса «Готов к труду и...
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
«Хонк-Фест» – жарко даже в холодный день

«Хонк-Фест» – жарко даже в холодный день

Море гостей, 9 котов, тонна черемши для угощения. Чем еще удивил гостей чеченский IV Гастрономический фестиваль черемши «Хонк-Фест», который с...
Битва логики и интеллекта
Битва логики и интеллекта
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Спорт объединяет
Спорт объединяет
Учащихся столичной гимназии наградили значками «ГТО»
Учащихся столичной гимназии наградили значками «ГТО»
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
«Хонк-Фест» – жарко даже в холодный день
«Хонк-Фест» – жарко даже в холодный день

Муртазалиева Мадина

Нохчийн Республикин Мехк-Ден, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан Указца нийса а догIуш, вайн республикехь хIора шарахь а лаккхарчу тIегIанехь даздеш ду Нохчийн меттан де. Ткъа хIокху шарахь вайн Мехк-Дас

 хIара 2023-гIа шо «Даймохк» газетан бIе шо кхачарна лерина, Нохчийн меттан шо дIакхайкхийна, доккха хазахетар а, боккха кхаъ а бина кху дуьненарчу хIора а нохчичунна.

 

Цунна лерина, хIокху шарахь вайн махкахь нохчийн маттана гонаха дан леринчу гIуллакхех а, «Даймохк» газето беш болчу балхах а лаьцна тхан къамел хилира Нохчийн Республикин «Даймохк» газетан коьртачу редакторца Шамсудинов Бувайсарца.

Дикка хан йу, нохчийн мотт дуьненара дIадовлуш долчу меттанашна йукъахь бу бохуш, дуьйцу. Мотт дIа ца балийта а, тIехIоьттина долу хьал хийца а хIун дан деза аьлла хета хьуна?

Со цу ЮНЕСКАХ чул а ч1ог1а вайн нохчийн къомах теша. Вайн къоман синкхетамах а теша. Нохчийн къоман кхин а сирла хир долчу кханалерчу дийнах а теша. Мел чIогIа кхерам бу бохуш, ЮНЕСКО-с иза кхайкхорах, цхьа нохчи дуьнен тIехь мел ву мотт дIабала йиш йац. Ас хьалха билгал а даьккхина, хIинца а боху – вай цадезачара вайна тIехь кхуллуш хIума ду иза. Вайн мотт а, къам а дIадалийта луучара дуьйцуш а ду. Амма цкъа а и луур церан дер а дац, дала йиш а йац. Дуьненан цхьанна а пачхьалкхехь доцчу кепара нохчийн мотт кхиорехь, иза баржорехь, меттан гIуллакх лаккхарчу тIегIане даккхарехь шен ницкъ кхочург деш ву вайн Мехк-Да, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Оцу кепара гIо-накъосталла а долуш, мотт кхиорехь къахьега хIумма а хала дац. Оцу вай тахана схьалаьцначу некъахула, дIаса а ца таьIаш, дIадаха дезаш ду вай. Дийнна нохчийн меттан институт йу махкахь кхоьллина, болх беш. Мотт электронни машане боккхуш бу. Кестта муьлхха а, оьрсийн йа ингалсан маттахь санна, парггIат нохчийн маттахь хаттар йаздан а, цунна жоп каро а йиш хир йу электронни ресурсашкахь.  ДIахьош дукха вовшахкхетарш ду, къаьсттина берашца, хIунда аьлча иза тIекхуьу чкъор ду, мотт ларбар церан декхар ду. Ткъа уггаре а коьртаниг, мотт баха бисийтарехь дан дезарг ­– иза мотт бийцар ду. Чохь, доьзалца, нанас бераца, вовшашца, арахь, белхан меттигашкахь, йукъараллин меттигашкахь. Вай даима а бийца безаш а, буьйцуш а бу ненан мотт. Цундела, вай цадезачара хIуъа кхолларх а, маттаца долуш долу хьал вайн махкахь хилла а ца Iаш, дуьненахь а ма-дарра гуш ду. И гуш дерг галдаккха йолчу Iалашонца лелош хIуманаш ду уьш.

 Вайна ма-хаъара, хIокху тIаьхьарчу шерашкахь, нохчийн меттан бакъонашна йукъа масийттазза хийцамаш бина. Школехь доьшучу берийн хааршна пайдехь буй-те уьш?

Нохчийн меттан бакъонашкахь хийцамаш бу. Иза бакъ ду. Делахь а, тIаьххьара хиллачу сацамца, керлачу бакъонаша берашна дикачу агIор бен тIеIаткъам бойла дац. Дукха хьолахь, мотт цхьанакепа берзор ду церан коьрта Iалашо. Маттахь цхьа дош шина кепара йаздеш хилар а дIадаьлла, нийсайаздарехь долу хьал а дикка аттаче дериг хиларх тешна ду вай, и бакъонаш  бахьана долуш. Берийн хааршна, дикачу агIор бен, цхьа а тIеIаткъам бийр болуш хIума дац иза.

 Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана, хIара карара шо Нохчийн меттан шо ду аьлла, дIакхайкхийначул тIаьхьа дуккха а 1едалан урхаллаша жигарабаьккхина маттаца беш болу болх. Дикачу агIор цхьа а хийцамаш гой хьуна оцу гIуллакхан хьокъехь?

Дуккха а го. Масала, уггаре а хьалха, матте безам кхоллабелла берийн. Хьехархой а, кхитIе а долчу дешаран белхахой а хьалха хиллачул а алсам, церан тидам маттана тIебохуьйтуш а, ненан матте безам кхуллуш а болх беш бу. Цхьана хIуманна тIе берийн безам бахийта а, церан безам, дог-ойла йухайалийта а дукха хIума ма ца оьшу. Цундела ма ду тIекхуьучу тIаьхьене и санна долу хIума даггара дIакховдор. Хазахетарца дIахьо бераша и санна болу, ненан маттаца болу болх. Къаьсттина культурин, дешаран дакъошкахь ду и хьал. Керлачу агIор схьабоьллу бераша шайна ненан мотт. Къоман иллеш, эшарш, гIиллакхаш, дерриге а го царна. Го, шайна дIакховдийча. Вай даккхийчара дан дезаш гIуллакх ду иза. Мало а ца йеш. Цул сов, вайн кхечу ведомствошкахь а, министерствошкахь а дIахьош дуккха а цхьаьнакхетарш, «Горга стоьлаш» йу. Цара гIо до вовшашца уьйраш, гергарлонаш таса. Нохчийн маттахь, нохчийн маттах къамел дан а, вайн меттан хиндолчух долчу хаттаршна жоьпаш лаха а.

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1