Дикаллех
Дикалла… И маца кхачийна? Хьенан?
Дуьне а Дикаллех кхоьллина Дала,
И маьлхан зIаьнаршца комаьрша Iена,
ТIейолху догIанца, лайн чимашца а.
Алийша, ва нах, хIай, алийша, хIунда
Дац-те вай комаьрша хазачу дашна?
Алийша, доьху ас, алийша, хIунда
Ю-те вай Дикалла кхоош вовшашна?
Хьовсийша – стигал мел сирла ю, сийна!
Мел цIена, догдика, юьхь санна беран!
Делийша, адамаш, серлонан сийнна,
ДIалахкий мархаш шайн яххьашна тIера.
Дикалла хьулйо вай дегнаш чохь вешан,
ДIагойтий бендацар я оьгIазалла.
Алийша, хIай нах, аш, со кхетавейша:
Мичара яьлла вайн саьхьар писалла?
Хьовсийша, нах, малхе, къежачу сирла,
ЗIаьнаршла, бер санна, безам хьарчийна.
Къежийша вовшашна цу маьлхан сийнна –
Вайн – адмийн – дегнаш ду малхо латийна!
Демеев ИсмаьIал
Ненан мотт
Исбаьхьа бу ненан мотт,
ГIиллакхан шен йолуш ботт.
Дешел хаза бу иза, –
Доккхуш лаьтта цо заза.
Олхазарийн йиш санна,
Лерехь хеза и денна.
Шатайпа ду меттан аз:
Цуьнан даим сий до ас.
Ийна бу и сан цIийца,
Лаам бу сан и бийца.
Цунах воккхавеш ву со, –
Сан хаарш шордина цо.
Дахарехь и ирс каро,
Цо сан йина ю таро.
Иза хир дара ирча,
Цуьнца уьйр сан ца хилча...