Спорт объединяет

Спорт объединяет

В Грозном прошел Фестиваль по технологичным видам спорта
Учащихся столичной гимназии наградили значками «ГТО»

Учащихся столичной гимназии наградили значками «ГТО»

Двум обучающимся МБОУ «Гимназия № 12 города Грозного» вручили золотые значки Всероссийского физкультурно-спортивного комплекса «Готов к труду и...
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
«Хонк-Фест» – жарко даже в холодный день

«Хонк-Фест» – жарко даже в холодный день

Море гостей, 9 котов, тонна черемши для угощения. Чем еще удивил гостей чеченский IV Гастрономический фестиваль черемши «Хонк-Фест», который с...
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Волшебная сила пера

Волшебная сила пера

В Национальной библиотеке ЧР прошли мероприятия, приуроченные к Всемирному дню писателя
Спорт объединяет
Спорт объединяет
Учащихся столичной гимназии наградили значками «ГТО»
Учащихся столичной гимназии наградили значками «ГТО»
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
«Хонк-Фест» – жарко даже в холодный день
«Хонк-Фест» – жарко даже в холодный день
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Волшебная сила пера
Волшебная сила пера

С. Хасанов

Мединатера Макка боьдучу некъана аьтту агIор лам бу. Цуьнан сийначу басешкахь садаIа кест-кеста некъахой совцу. Варкъан олуш йу и меттиг. Цигахь Iаш ду Iаьрбийн Музайн тайпа.

Маккахь АллахIан нур даржале – Мухьаммаде (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) пайхамаралла доссале кIеззиг хьалха оцу тайпанах болчу уггаре а къечу цхьана доьзалехь кIант вира. Цунна Iабд ул-Iузза цIе тиллира. Доьзална напха латтон гIерташ, шен йерриге а хан болх барна дIалуш волчу ден аьтто ца хуьлура кIентан хьакъ йоллу терго йан, цуьнан гIайгIа бан. КIентан деваша хьал долуш вара. Шен доьзал цахиларо, хIокху дуьненах марзо эца ца вуьтура иза. Шен вешин кIант кхаба ша волчу дIавигира цуо. Цунна ден метта хилла дIахIоттира иза, оьшуш мел дерг латтош. КIант къаьсташ вара амал дика хиларца, гIиллакхе хиларца, кхатаме хиларца. Иза везавала кхин цхьа бахьана дара иза а.

Хан дIайоьдура. Кхиъна вогIучу Iабд ул-Iуззана оцу хенахь хууш дацара Маккахь хуьлуш дерг а, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а, цуьнан асхьабашна а тIехь лелош дерг а. Цунах дерг цунна ца хууш дуьсуш дара Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен асхьабашца Мединате дIакхалххалц.

Цул тIаьхьа дукха хан йалале жимачу стагана хиира Делан Элчанах (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цуьнан оьздачу амалх, гIиллакхех, Цхьаъ бен воцчу АллахIан дине цуо кхайкхарх дерг. Цунна оцу хьокъехь дерг дуьйцура къепалца йуьртахула чекхбовлуш болчара. ХIоразза а, Мединатера къепал йогIуш йу аьлла хезча, цунна дуьхьал воьдура хIара. Ца Iебаш хоьттура Пайхамарх (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а, цуьнан асхьабех а, церан кхиамех а, халонех а лаьцна.

Оцу хенахь жимачу стеган дог къагийра бакъдинан нуьро. Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гина а воцуш, даггара везавелира цунна, цIеначу даггара тийшира Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) АллахIа ваийтина хиларх а, цунна АллахIа мел деллачух а. Сийлахьчу АллахIан динах дуьххьара Варкъан арахь тешнарг иза вара.

Жима стаг шен дин (тешар) лечкъон дезаш вара шен тайпанан нахах, цу йукъахь шена дукхавезачу девешех а. Пайхамарх (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен тайпанах волу цхьа а теший-те бохуш хIокхо ладоьгIуш денош, беттанаш дIаоьхура. Цунна къаьсттина чIогIа лаьара шен девашас бакъдин тIеоьцийла. Амма цуьнан лаам кхочушхила боьгIна ца хиллера.

Иштта цхьана дийнахь, Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) генахь Iан кхин тоха са а ца хилла, цуьнца цхьаьна хила дукха чIогIа лаарна, иза шен девешина тIевахара. Цо цуьнга элира: «Сан деваша! Ас дукха ладийгIира хьо Мухьаммад Пайхамарх (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тешар вац-те бохуш. ХIинца сан собар кхачийна. Со хьуна дIахаийта воллу Веза-Сийлахьчу АллахIан а, Цуьнан Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а дин айса тIеэцна дуккха а хан хилар. Нагахь санна ахь и дин тIеэцахь – доккха ирс кхочур ду хьоьга, нагахь санна ца эцахь, пурба луо суна адамашна цунах дерг дийца».

Жима стаг ала ца вуьтуш, дукха оьгIазе йукъахваьккхира девашас. Цунна кхерамаш тийса волавелира иза. «Латаца а, Уззаца а (цIуйн цIераш) чIагIо йо ас хьуна айса мел деллачух хьо ваккха, айса хьуо схьаваьккхинчу къелле йухаверзо», – тIечевхира иза цунна. Йуха шен тайпанан нахе кхайкхамаш бан волавелира иза, шен вешин кIантана дуьхьал довлар доьхуш. Массо а ша цо дуьйцучунна реза цахилар хаийта а гIертара. Цара кхерамаш туьйсура къеллин бала хьегуьйтур бу, тайпанна йуккъера эккхор ву, бохуш.

Делахь а, оцу берриге а кхерамаша мискъалазарратал Iаткъам ца бира Делах тешаро нуьре динчу жимачу стеган дагна. Иза сацам боллуш новкъа вала, шена дукха везачу Пайхамарца (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьаьнакхета кечамбан волавелира. Ша аьлла ма-хиллара, девашас цунна йелла мел хилларг дIайаьккхира, духаран биста кхаччалц. Тишачу палсаца шен дегI дIахьулдан дезаш хилира иза. Кхин тIехь духар а доцуш, Мединате ваха новкъа велира жима стаг. Шена дукхавезачу АллахIан а, Цуьнан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьхьа хIижрат деш вара иза.

Бода боьллачул тIаьхьа бен ца кхечира Iабд ул-Iузза Медината йистте. Шена тIера палс схьа а баьккхина, иза йуккъехула бийкъира цо. Цхьа дакъа гIодайукъал лакхахьа хьарчийра, шолгIа дакъа гIодайукъал лахахьа хьарчийра. Мединате дIакхаьчча, иза маьждиге вахара, цу чохь буьйса йаккха. Сатасале дикка хьалха жима стаг Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIенна йуххе вахана охьахиира. Цу чохь ламаз дан аравала везаш вара Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). сакарзахдаьлла, дог кийрара араэккха гIерташ санна, детталуш дара жимачу стеган.

Эххар а кирхьа дIатеттира. Цунна хьалхха дIахIоьттира Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Хазахетаро, воккхаверо дуьзира къоначу некъахочун дог, цуьнан беснешна тIехула бIаьрхиш лешара. Ламаз динчул тIаьхьа Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) даима воьрзуш ма-хиллара, асхьабашкахьа дIавирзира. Уьш, рогI-рогIана тIе а боьлхуш, Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) куьг лоьцуш бара. РагI жимачу стагана тIекхаьчча, цуьнга а хьаьжна, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттира: «Жима стаг, хьо мичахьарчух ву?» Корта хьала а ца ойъуш, цо жоп делира: «Музайн тайпанах ву», – аьлла.

«ЦIе хIун йу хьан?», – хаьттира цо цуьнга.

«Iабд ул-Iузза йу», – жоп делира хьешо.

«Хьо IабдуллахI (иза «АллахIан лай» бохург ду) ву», – элира цо. Йуха, иза шен йуххе тIе а озийна, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Тхуна йуххехь хир ву хьо, тхан хьаша хир ву хьо». ХIетахь дуьйна массара а IабдуллахI ала долийра цунах.

Мискачу жимачу стагана ирс хетара Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) йуххехь хилар. Иза воккхавера цунна йуххехь хиларх. Цунах  марзо оьцура, дин Iамадора, цуьнан хьехамашка, Делара долчу вахьйушка ладугIура. IабдуллахIа шен йерриге а ойла тIейахийтинера АллахIана Iамал-Iибадат дарна, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьйцучуьнга ладугIуш, бусалба Iилма Iаморна.

Жима стаг Мухьаммадна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIаьхьара волуш вацара. Массо меттехь цуьнца цхьаьна хуьлуш вара, цу йукъахь тIемашкахь а. Табукехь тIом бан баха беза хан тIекхаьчча, IабдуллахIа, тIе а вахана, Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дийхира шена доIа дар. Иштта элира цуо: «ХIай Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Веза-Сийлахьчуьнга дехахьа сох оцу тIамехь шехIид вар».

Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) АллахIе доIа дира IабдуллахIан дегI тешна боцучеран таррех лардар доьхуш. ТIаккха жимачу стагана эхь хийтира. Цо элира: «ХIай Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) и деха ма ца бохура ас!». Цуьнгахьа а воьрзуш Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цуьнга элира: «Нагахь санна Делан дуьхьа тIаме ваха араваьлча хьо цомгаш хилахь, оцу цамгарх кхалха а кхалхахь, хьо шехIид хуьлуш ву хьуна. Нагахь санна хьо дийнато  шена тIера чукхоссахь, и бахьанехь хьо кхалхахь – хьох шехIид хуьлуш ву хьуна...»

Цул тIаьхьа де-буьйса а далале IабдуллахI цомгаш хилира, хорша а эхаш. Дукха хан йалале иза кхелхира – Везачу АллахIан некъа тIехь а волуш, цуьнан дин айъа лууш, шен гергарчарна генахь волуш. Асхьабаша циггахь каш даьккхира цунна. Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) коша чу а воьссина, Абу Бакре а, Iумаре а (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийхира жимачу стеган дакъа коша чу кховдор. Йуха, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен дезачу, сийлахьчу куьйгашца меллаша, Къилбехьа – КаIбатана тIеверзош, коша чу охьавиллира иза.

Цигахь хиллачу IабдуллахI ибну МасIуда дийцина: «Гинчо чIогIа синтем байъина вара со. Зуль-Биджадайх («палсан шина кийсиган да» – иштта висина ву иза исторехь, дуьххьара Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьхьал хIоьттинчу суьртехь) хьаьгна висира со. Ма чIогIа лиира суна оцу коша чохь верг суо хуьлийла. ЭхI, нагахь санна со Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дукхавезна хиллехь, цуо кховдийна хир ма вара со лаьтте».

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1