Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Зайтемиров Сайдик

ХIусамнана. Стаг, хьо меца вуй? Чай молий, ахь?

ХIусамда. ХIан-хIа, вац, вуьзна эккха воллу. Ма тамашийна болх бу хIара, хьо тахана дера йоцуш хIара де хиларна.

ХIусамнана. ДIавалахь стаг, со маца гина хьуна дера! Со-м йу хьуна делла цициг санна даима къежна.

ХIусамда. Им бакъ ду. Случайно, хьо цIа йаха лууша-м йац?

ХIусамнана. Йац, кхин дIа алахь?!

ХIусамда. Дера хира йац, хьо, ахча дезаша-м!

ХIусамнана:. Хьажал хьайна, цIийнада-м ву, хаза шен хIусамненан дагара хууш! Стаг, цхьа эзар сом дац хьоьгахь?

ХIусамда. Соьгахь-м дац, цхьа сом.

ХIусамнана. Хьоьгахь-м дац, амма соьгахь-м ду!

ХIусамда. Хьоьгахь мичара хуьлу? Сан кисана-м ца кхаьчна хьо?

(Кисана куьгаш туху).

ХIусамнана. Хьуна мичара долу? Ас дехча-м цхьа сом ма дацара хьоьгахь?!

ХIусамда. Дара цхьа эзар сом, валар-висар хилахь, аьлла дIалачкъийна.

ХIусамнана. Делахь ма ле суна, хIара эзар сом ду алий.

ХIусамда. Оццул ас лачкъийна лардеш долу хIара эзар сом, десара ала, хьо тIе муха кхечира?

ХIусамнана. Хала ду ткъа, пуьтушна тIекхача, селхана хьан бедарш йуьттуш кисана хьаьжира со, ванах кху стега документаш-м дац-те аьлла, тIаккха цу киснахь вай цхьа хаза, цхьа сийна эзар сом ду-кх. Цхьа хазахетта суна!

ХIусамда. ХIаъ, хьуна хета мегар ду.

ХIусамнана. Хьуна хета дезар иза-м. Кисана ца хьожуш, хьан бедарш  йиттинехь хIун хира дара? Хих  иэделла и хьан документаш хилла меттиг хир бацара. Цундела хьуна гIуда догIу, кхин цхьа эзар сом.

ХIусамда. Собар, собар ахьа-м кхин эхь ца хеташ со декхар ма вахийти!

ХIусамнана. Шек дIа ма валахь стаг, вац хьо, декхар.

ХIусамда. Муха вац со декхар, хIинца хьо ма йу соьга кхин эзар сом гIуда, бохуш.

ХIусамнана. И текхна ваьлла хьо.

ХIусамда. Муха ваьлла со и текхна? Дера хир йац хьо, сан костюм кисана кхаьчна-м?

ХIусамнана. Сом хьаха ца кхаьчна, хьан костюм йара-кх суна тIекхаьчнарг. Селхана костюмана иту хьаькхна, йуха иза вешалки тIе уллуш, ца хууш киснара  кхин цхьа эзар сом охьадуьйжи-кх.

ХIусамда. Ахь и Iуьнкара йерзийна-м йацара?

ХIусамнана. Йацара дера, вешалка кагйеш, ша Iуьнкара йелир-кх иза.

ХIусамда. Со-м ца хилла-те оцу костюм чохь?

ХIусамнана. Вай, дIавалахь дIа, дика дера ду цу ахчанна  тIе бераш ца кхаьчна. Бераш тIекхаьчнехь хIун хир дара?

ХIусамда. ХIумма хир дацар-кх, сан киснахь хир дар-кх сан ахча.

ХIусамнана. Дара чIогIа, цара цхьан ловзо кехаташ ду моьттуш, этIийна, цаца сан дийра дара, тIаккха хьоькхучу мохо дуьненан йеа маьIIе дIахьуруг хира дара. Цу тIе и пекъарш, хьехархой,  субботникаш йеш хир бара. Кхин  эзар сом декхар ву хьо, гIуда ду хьуна.

ХIусамда. Лаа вуй со декхар, йуха а сан документаш дуьттур долуш-м дац?

ХIусамнана. Диттарна-м кхерам бацара, амма и вайн бераша вайна ца хууш схьаэцна  бага Iиттина хиллехьара, кийчча кхераме инфекци йара-кх.

ХIусамда. Цунах хIун инфекци хир йара? Хьайн даго хьоьхург ма дийцахь.

ХIусамнана. Им эзар  нехан карахула чекхдолуш дай, валарна кхерам бу.

ХIусамда. Зуда, тIаккха хьай карара дIа ма даккхалахь.

ХIусамнана. ХIунда бахар ахь?

ХIусамда. Дера боху, нах ахча ца хилчи ма ле, ткъа  ахь ахча дерг ма волуьйту.

ХIусамнана. Аса-м ца волуьйту, хьан Iожалла тIекхаьчча цхьа минот совнаха вехар вац хьуна, шек дIа ма вала хьо! ЦIано  ларйан ма йеза. ГIуда ду хьуна эзар сом.

ХIусамда. Соьгахь-м дац, шадерг  хьан кара ма дирзи иза.

ХIусамнана. Ца оьшу, вайшиъ «расчетахь» ду.

ХIусамда. Делан Вазлора хир йац хьо, сан тIоьрмиг чу кхаьчна-м?

ХIусамнана. Селхана, хьуна хазахетийта, байт йазйан къолам эца хьан тIоьрмиг чу хьаьжира со, къоламан метта сан кара хIун йеанера хаьий хьуна?

ХIусамда. Эзар сом деана хир ду-кха, кхин хIун йогIур йара хьан кара?

ХIусамнана. Вай, стаг, деа дера, хIинца со туькана йоьда. Вададай, далалай, ма беркате деа хьо, таханлера де!

ХIусамда. ВаллахIи бу хIара зударий хьекъале а, саьхьара а. Зударийн хьекъал дац тов! ВаллахIи ду-кх. Ватсапчохь со цхьаьнга йазйеш велахь, мел дика хаьа алахь, хаац ватсап чохь кхин цхьа бIаьрг бацахь. Пуьтуш боттахь, теша теший, алахь! Дика хьаха ду, сан сбербанковски карта ца девзаш, цхьа визитка ду моьттуш Iаш йу, пекъар! И хаахьара «Карта заблокирована» эр дара, тоххарехь сом чекхдаьлла хьан, аьлла.

Лекхалла

Цхьана дийнахь, дуьнене бIаьрг тоха аса аьлла, тхайн ураме ваьллера со. Урамехула схьавогIуш говрахь Ваши ву-кха. Ас ма эли вашига: «Ваши соьга говр хохкуьйтий ахь?» – аьлла. Вашис боху-кх соьга: «Хьо говрахь волуш ма ву». Урамехь мел долу бераш а, со а гIад дахана дийли тхо, ва а ма ву говрахь волчулла лекха, цхьа ши метр дегI дина. Йуха кхана Iуьйрре Хасавюрта базар воьду со, ткъа со ма ву базарахь мел болчарна цхьа-ши корта тIехула хьоьжуш. ЧIогIа хаза ши йоI  йу суна гена йоццуш йогIуш, ткъа и ши йоI йу  цецйаьлла  сан когашка хьожуш, йуха сан коьрте хьоьжуш.

– Йа АллахI, и-м забар йац, хьажахь цуьнга, сайн дахарехь гина дац суна иштта лекха адам!

– ВаллахI йара хьуна со а и цхьана  лекхачу гIант тIехь   ву моттуш.

– Устазаш,  иза-м  гIант тIехь вац!

– Вац  дера, хьажахь когашка.

– Ваа, тIе ма да хьо!

–  Цуьнан деха пхьаьрсашка хьажахьа!

– Вайшиннан деггIахь ма ду цуьнан пхьаьрсаш.

– Когашка хьажахь, мел баккхий бу?

– Цунна мегаш мачаш хир ма йац, и лаа веаний-те хIокху базара.

– Шена бедарш тегийта веана хир ву.

– ДIайалахь, цунна хьан тоьгу бедарш.

– Цунна цхьа эзар метр кIади дезар ма ду, цу тIе цхьа бохча тай дезар ду.

– И-м бакъду.

– И шайн неIарах чу муха волуш хир ву-те!

–  Хьуна иза спортзал чохь Iаш ву-м ца моьтту, охьатаьIна вер ву-кх.

– Ца валахь цо шен туьта йохор-м йу.

–  ВаллахIи, йохийчи а бухахь йиссал  цуьнгахь йолуш-м йу и.

– Ма кхардалахь, тфу, тфу, тIе ма да хьо!

–  Ма деттахь суна тIе и хьайн боьха туьйнаш, хьо кхин лакха йолучура йаьлла хьуна.

– И-м ду.

– ЧIогIа ма дийцахь вай къомах хила тарлой иза-м.

–  Вац дера, цуьнан сийначу шина бIаьрге хьажал хьо?

–  Сурт даккхий вайшимма цуьнан, иза дIавирзинчу хенахь.

– «Аса-м дIа ца вирзичи доккхуьйтур ду сурт, иштта хазачу шина йоIаца!»

– Вааа, устазаш, нохчи вацахь!

Шаьшинна къамел хезни хиъна, эхь хетта цхьана агIорхьа къайлайелира ши йоI.

Йуха кхочууш луьстраш духкучу  йукъа ма кхочу со, сан гIодйуккъалц  лаха охьа кхочуш оьхкина ду уьш а, дакъаза ма довларш.

ОхьатаьIна воьдуш ву со-м, шалха кхета воллу, могIа чекх болий, алахь. Зударий бу вовшака  къамелаш деш,  шайна йуххехула со тIех  ваьлча.

– «Смотри, какой высокий мальчик, я в жизни не видела!» – бохуш.

Вукхо боху: «Я тоже не видела. Может он «Растишки» много ел?»

Растишка мича гина суна.

 Цхьа халла чеккхбели и могIа, дукха охьатаьIна Iийна йуха букъ нислой, алахь. – «Что с тобой мальчик, тебе плохо?», – бохуш   цхьаъ тIейеа суна.

– Нет спасибо, – аьлла, хьаланисди ас сайн дегI, вай цхьа цецйаьлла, соьга хьоьжуш  дIатили и. Иштта дIавоьдуш ву со, сайна тIейуха бедарш лоьхуш, аса-м динна Хасавюрт базар толлуш йу, цхьа бедар мегий алахь, нет мальчик ты слишком высокий, это «Стандарт», бохуш  даг тIе туьха туьйсу,   оцу ишколехь кIордийна хьех-мерех йаьллера и стандарт, халла мукъа деанчу дийнахь, оцу стандартах къаьстина базар веанера со,  оцу  Ганга Бехкановнас хIокху базарахь болчу йохкархошна а Iамийна хилла-кх и стандарташ. Йуха дехьа ваьлча, это как раз твой размер, бохуш цхьа баккхийчу нехан  бедарш гойтуш бу суна.

– Не надо, спасибо, – эли-кх ас.

– Я что, дедушка что ли, – аьлла, йуха жимма лаха ваьлча, сайна мегаш бедарш карийна, хазахетта катоьхна  схьаийци ас уьш.

Со а хир ву хьехархо

– Баба, баба! Мохь бетташ чоьхьавелира кIант.

 – ХIун хилла бабин кIантана?

 – Тхуна нохчийн меттан керла хьехархо ма йеана!

 – Вай, и бохург хIун ду, шун нохчийн меттан хьехархо йацара?

 – Йара, хIара санна дика-м йацара. Меттиг текхна, цIенош доьхна, кхелхина бахна уьш, баба.

– И-м забар ма йац, ткъа. Дала диканца меттахIоттадойла царна хилла зиэн.

Тхуна тахана йеанчу хьехархочун цIе Хадижа Увайсовна йу. Цунна тIера духар мел хаза дара: кIайн коч, Iаьржа йубка, коьртахь баьццара йовлакх, белшах тесна Iаьржа тIоьрмаг, пхьаьрсах дихкина хаза сахьт. Уьш мел товш хетара цуьнгахь! Ткъа Хеда Имрановна балха йогIучу хенахь и йеха коч лаьттах текхаш йагIара, ишкола чу нуй хьокхучарна, хьакха нуй ца буьтура цо, и йерриге чан цуьнан кучо схьалахьайора. ДогIа деана нислахь-м шен куча йухах болу хатт дIабаккха гIерташ, тхан урок йукъал тIех йолура.

Пхаьрсах тесна тIоьрмиг хир бара хьуна цхьа жима хIума, чу книга ца кхоьуш, иза даима тхоьга йоьхуш лелара хьуна, шениг йицйелла цIахь йисина, бохуш. Иза-м даима йисара цуьнан цIахь, шена атта ишколе йархьама. Баба, ган йезара хьуна иза, класс чухула йолалуш! Цхьа метр хиллал лекха долчу тублени кIажоша, йоккха топ йетташ санна тIах-тIих деш. Йуьхь тIе хьаькхна хир дара хьуна бес-бесара басарш, наггахь тхуна-м йовза ца йовзара иза, ишколана йогIу цхьа комисси йу моьттуш хуьлура тхо. Хьажахьа, баба, цхьана дийнахь кIарула Iаьржа ши бIаьрг бина и йогIуш сайна йайча, цхьаммо бIаьрга буй тоьхна моьттуш ма вара со, и сайна йуххера галлалц. Тхан классера йоIарша-м «тени» алар, суна-м ца довзара и IиндагIаш. ЦIахь бан белла болх толлучу хенахь, ахь бакъо йийцича, дика Iамийна охьахаа, олура. Ас бакъо дийнна Iамайора, цул совнаха сайггара масалш далош, ткъа Абубакар, Iадлан цхьа предложени Iамайой вогIура ишколе. Хеда Имрановнас шайга кхин ца йуьйцуьйтий хууш, хIилла лелош воллура и шиъ. Терахь тIехь хьехархочун кхьоъ гIалат хилар ас шена гайтича, суна тIе мохь хьаькхна со дIакхаллаза витира цо, хьуна хаьа дика, Iилманчаша тIеэцна дешнаш ду уьш иштта йазде аьлла. Со цецвелира цо иштта аьлча, и Iилманча мила хилла-те, цхьана даштIехь кхоъ гIалат деш волу, аьлла. Ткъа Хадижа Увайсовна йеачхьана тхан терахьаш нийса хуьлу, Хеда Имрановнас вийцина Iилманча дIаваьккхинчух тера дара. Ша керла тема йийца йолалуш цо алара, тахана вайн тема «ЦIердош» йу, шуна массарна хаьа цIердош хIун йу: кIант, йоI, гIант – уьш цIердешнаш ду. Ткъа тхуна мичара хаьа цIердош хIун йу, цо ца хьехча, цуьнга хатта мила вахьара, цIе йаьлла йогIучу машено санна мохь хьоькхура цо. ХIинца вай шардар йаздийр ду, тIедиллар кхочушде олий, ша гIанта тIе охьахуий телефон кегош, наггахь йелар оьккхуш, йуха цхьаммо телефон тохахь цуьнга цхьа эсала, качлой хабар дуьйцуш урок чекхйала герга йоьдура. Тхуна-м иштта и йоьлуш цкъа ца гинера. Девлий шу, чехкка довлал, бохуш тIе мохь а хьокхий, йуха а телефонах тасалора. Со шардар йаздина ваьлла, Хеда Имрановна, тIедиллар кхочушдина аьлча, ваьллехь тептар дIакъовла, собар де, массери тептарш схьа а гулдина толлур ду ас. Ткъа суна чIогIа лаара, айса йаздинчу шардаран тIедиллар нийса кхочуш дина, йа ца дина хаа. ЦIахь бан болх лора хьуна дийнна цхьа тептар.

Цхана дийнахь цIера болх йазбеш, сайна хаа а хууш, дукха гIалаташ даьхна ваханера со ишколе. Хеда Имрановнас тIейеана, хьажа а ца хьожуш, нийса йазбина болх бу аьлла пхиъ диллира суна. Со чIогIа цецвелира цо пхиъ ду аьлча. ТIаккха хиира суна цIера болх йазбина хилчхьана, мухха йазбича а  мегий, цуьнга и цкъа а хьожур йоций.

Ишколера Хеда Имрановна дIайоьдуш ган йезара хьуна, баба, моьттур дара хьуна иза итт шо набахтехь даьккхина йоьдуш йу. Ган йезара хьуна, баба, и ишкола кертара арайолуш цуьнан долуш долу самукъа.

Ткъа Хадижа Увайсовнас цIахь Iамийнарг хотту, цIахь кхочуш бина белхаш толлу, гIалаташ хьоьга хьайгга карадойту, хеттарш деш хьо хьуьо тIевуьгу цо хьан гIалаташна. Цо мел олу дош йелайаларца олу, керла коьчалах мел дика кхетадо масалш далош, интерактивни уьн тIехь болх бойту, тIе чан йиллина лаьтташ хилла долу. Дешархошка шайн-шайна бан болх ло. Тхо-м чIогIа цецдаьхна Хадижа Увайсовнас. Мел хаза йара оха тахана гIиллакхах лаьцна йина садаIаран минот.

«ГIиллакхе верг наха лору,

ГIуоза ваха цара олу,

ГIатта, вагIахь воккханиг,

ГIиллакх ма ду коьртаниг!»

– Баба, цо хIун элира хаьий хьуна, кхин муьлха гIиллакхаш девза шуна? – аьлла хаьттира. Ас сайна  ахь Iамийна гIиллакхаш дIадийцира: воккханиг вогIуш хьалагIатта веза,Iуьйре, де, суьйре дика деш маршалла хатта деза, воккхачунна некъ бита беза, нагахь санна цуьнгахь йеза ларча йелахь, цуьнгара иза схьаэцна  и шайн цIа кхаччалц  дIахьош гIо дан деза.

– Дукха ваха хьо, нийса боху ахь! – аьлла со хастийра Хадижа Увайсовнас. Ша-ша а, тобанашкахь а болх бира оха, «Дайна элп караде», аьлла. Со, Iела, Тимур, Хьамзат цхьана тобанахь вара. Тхан тобанна беллачу балхана тIедиллар Iаламат самукъане дара, «Дешдакъойх дош кхоллар» аьлла. «ба, чIо» дешдакъош дара тхан тобана делларш. Хьамзат бачIо хила деза бохуш вара, суна-м и чIоба дуй хаара, Хьамзат къар ца лора, тхан-м цунах дийлина са хаьддера. ТIаккха ас «чIоба» боху дош довзийтира, говрана хIоъ луш болу тIоьрмиг бу, аьлла. Хьамзат къера хилира ша аьллачунна. Вайн дадас сарахь говрана хIоъ лучу хенахь соьга кхойкхий чIоба схьаба олий вохуьйтура.

Тхан тобано хьалхара меттиг йаьккхира. Урок чекхйолуш «смайликаш» йелира тхоьга, шайна урок  хазахеттехь самукъанениш йахка, хаза ца хеттехь гIайгIане «смайликаш» йахка, оха-м массара самукъанениш йехкира. ТIаккха тхуна цIахь бан болх белира, тIедилларх кхетийра.

  – Хьажахьа, баба, гой хьуна, аьлла тIоьрмиг чуьра киншка хьалайаьккхина гайтира ас. Йан а йара атта а, дешархочуьнга ойла йойтур йолуш, хаарш лакха дохур долуш а. ТIаккха горгали бийкира, оха даьхна жамIаш дневникаш тIе дихкира. Хьехархочуьнца Iадика йина, цхьаьний арадевлча, йуха оха цунна го бира, цхьацца хеттарш деш. Вовшех къаста ца луш дикка Iийра тхо.

– Сох а хир ву воккха хилча, Хадижа Увайсовна санна, дика хьехархо.

– Баба, баба, самайала, бохуш меттахйохура ас баба, амма бабина-м со мара воьллинчохь наб кхетта хиллера.

– ХIун бахара ахь бабиниг, ой, хьо дIавижаза вара? Йуха шена массо ас дийцинарг хезча санна, нийса боху, нийса боху, бохуш маьнги тIе хьала а хилла, дIайижира баба.

Со кханенна ишколе ваха кечам бан волавелира.

ШолгIа меттиг

Ненавешин кIентан той дара, Iалам хаздеш деанчу, хазчу гуьйренан кIиран дийнахь. Гуьйренан де делахь а, стигал йекхна, малх хьаьжна, хаза йара. Массо цхьа мерза, цхьа хаза цхьаьнакхеттера тхо. Хьалхалера хилларш а, лелларш а, лайнарш а, дайнарш а дуьйцуш. Нускал схьадало хан герга хIоьттира. Мел кIеззиг, шовзткъе итт машен хир йара нускал схьадало гулйелларг.

Машенаш кечйеш бара. Со шайна тIе кхайкхира, сан дикачу  ненавежарша а, ненайижарша а.

– Аюб, хьо ву оха хIокху машенахь хьалха хиъна нускул дало вохуьйтуш. Хьо кхарал воккха волу дела, хьо йуххьара лелар воцу дела. Хьо сема хилалахь, Аюб, машенаш меллаша хахкалаш, варайлаш, ларлолаш. Дала лардойла вай йуьхьIаьржонах.

– Амин! Дала мукъ лахь, ларлур ду тхо.

Тхо машенаш чу а хевшина дIадуьйладелира. Со а, сан шичой а, цIенна гена девллачул тIаьхьа вовшийн машенашца къийса дуьйла делира.

– Собар де, меллаша гIо, сих ма ло, вашигIара, йишигIара чIогIа лерина ма аьлла соьга, сох тешна ду аьлла, шу а соьца ма дахкийтина.

– ДIавала дIа, хьо кIилло, даима кхоьруш висна-кх хьо.

– Со кIилло вац, со сайх ца кхоьру, со йуьхьIаьржонах кхоьру. Шайн мерза са вайна гатта деш, вайна сахьийзочу вайн дайх-нанойх къа ца хета хьуна? Цхьа адам лаза дахь, йа цхьа йеза машен йохайахь хIун дан воллу хьо? Дала лардойла вай вочух! Цара соьга дукха лерина тIекаренаш ма йина, меллаша дIасагIолаш, аьлла.

– Вай шолгIа меттиг схьайаккха йезаш йу, вай меллаша гIойла дац.

–ХIун шолгIа меттиг?  Вай спортивни къовсамехь ду, йа нускал дало доьлхуш ду?

Со ма ца кхета!

 Массо сох бийлабелира.

– Хьо кху заманан  ван а вуй, и-м иштта керла йукъа  даьккхина хIума дай, мода йу. ШолгIа меттиг схьайаккха йезаш йу, машенашца къовсуш. Нус чохь йолчу машенна тIехьа хIоьттина йогIу шолгIа  машен йу и шолгIа меттиг йаккха йеза бохург.

И-м Iовдалалла, вон мода йу. Хаза бертахь шен-шен меттиг ларйеш, цхьаъ вукхул хьалха ца лелхаш, дIаса дахка  декхарийлахь ду вай, иштта гIиллакхехь ду .

– Ахь хIун дуьйцу-м ца хаара суна, вайгахь шолгIа меттиг хила йезаш йу-кх.

– Собар де, меллаша хахка.

Иштта биснарш бара къовсаме бевлла. Тхан машен-м тIема йолуш йоллура. Тхан машен  дукха чехка хиларна саца а ца йелла, йахана хьалхарчу машенах кхийтира, ткъа хьалхарниг кхечунна тIе кхийтира, иштта массех машен йохийра.

– Вааа, хIун хили, хIун хили? – бохуш, орца дели массо машенаш чуьра нах охьа а буьссуш. Халла, дIаса сетташ, машен чуьра арадевлира тхо. Махьрий бара хьоькхуш, «Цхьа лазийна-м вац?» –бохуш. АллахIан хастам бу, цхьа ца лазош, йуьхьIаьржонах лардарна.

– Гой хьуна, хIара дара хьуна ас бохург, ишттачух кхерара со. Далла бу хастам, цхьа лаза ца вина, нехан цхьа адам лазийнехь хIун хир дара? АллахIа Дала йуьхьIаьржонах лардина-кх вай. Нахана несалахь ца хилчахьана, хIара эчигаш-м хир дара, делахь а, хIокхул тIаьхьа хьуна хаа ду, дика дарс ду хIара, кхул тIаьхьа ларлур ву хьо ишттачух.

– Аюб ма нийса луьйш хилла хьо, ма ла ца дуьйгIира ас хьоьга.  Сан сонталла хилла и шолгIа меттиг бохуш, къийсавалар. И ду-кх хьуна вокхачуьнга ла ца доьгIча, боккхачу балано лоцу бохург. Ас ойла ца йина хилла, нехан цхьа адам лазийнехь, йа дийнехь хIун дийр дар ас, ма йуьхьIаьржа вара со тIаккха. Ас хьоьга ладоьгIнехьара массийтта машен йохор ма йацара, адамаш кхералур ма дацара. Со къера ву-кх, сох даьллачу гIалатна, кхул тIаьхьа кхин ца далийта, Дала мукъ лахь.

– Дала мукъ лахь, дика нигат ду. Дала массо вочух лардойла вай. Кхул тIаьхьа ларвала веза ишттачух.

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1