Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Зайтемиров  Сайдик

Сарралц кха тIехь болх бина, суьйренца цIа вогIуш вара Аюб. Хьоча тIехь цхьа хаза хьечаш гина, цергех хи тесна, дукха хазбелла хьоча тIера хьач баьккхира Аюба. Хьач биъна ваьлла, шолгIаниг баккха куьг кховдочу хенахь цIаьххьана дагаиккхира цунна, ша ца хууш неха керта йистера хьач а баьккхина, и кхаьллина хилар. Дукха холчу хIоьттира иза.

– Ой, хIара ма тамашийна хIума ду ас динарг? –  бохуш ша-шега лен вуьйлира, йуьхь тIера бос хийцалуш. ХIинца дера веза со, оцу хьочан хIусамда волчу вахана, цуьнга айса кхаьллина хьач сайна хьанал байта.

– Ассаламу Iалайкум, Дауд, цIахь вуй хьо?

– ВаIалайкум ассалам, дера ву-кх, чоьхьа вала.

– ХIан-хIа со чу веана ца Iа. Могуш-паргIат Iаш дуй вай?

– Далла бу хастам, дика Iа! Вай дуй могуш-паргIат Iаш!

– АллахIан хастам бу, вай ду дика Iаш. Хьо сайна къинтIера ваккха веана со. Тахана сарралц кха тIехь болх бина, цIа вогIуш ойлане ваьллачохь вицвелла, хазбелла, ца хууш хьан керта йистера некъаца долу аракхевдинчу га тIера хьач баккхина и кхаьллинера ас. Со и хьоьга хьанал байта веана. Суна хьанал бахьара ахь.

– Цкъа чоьхьа вала, тIаккха жоп лур ду ас хьуна.

Йуьхь тIера бос хийцабелира Аюбан. Цуьнан коьрте ойланаш хьийзара, хIинца хIун олу-те, сох бехк баккха воллу-те, йа хьанал ца бан воллу-те, бохуш.

– Дика мел дерг догIийла кху керта!

– Диканца дукха вехийла хьо а! Зуда, сихха йуург-мерг охьайилла!

Ма хьейе йуург, хIинцца йиъна вогIуш ву со, – элира Аюба.

– ХIан-хIа, хIокху кертахь йиъна вац.

 Валол, шун тIе воьду вайша. Шуьнехь дара дукха хаза дакъийна жижиг, ахьар галнаш, кIон берам, чIепалгаш, хингалш, кхехкийна гIабакх, хьечин, баьллин мутт. 

– Аюб хьо гIайгIане гуш ву суна, ас хьанал бина хьуна ахь кхаьллина хьач. Со къинтIера ваьлла хьуна цIенчу даггара. Дела реза хуьлда хьуна, Дала сий дойла хьан!

Хьо ву хьуна вай нохчийн хьанал, бусулба, вуьззина къонах. Ма дика, оьзда, хьанал кIант кхиийна хилла хьо кхиийначу нанас. Масала эца хьакъ ву хьо. Дала сий дойла, оцу хьо кхиийначу ден, ненан. Хьо иштта хьанал, бусулба кIант хилча, хьоьца гергарло, доттагIалла, дезара суна.

– Дала мукъ лахь, ши ваша, ши доттагI ву-кх вайша!

– Дала мукъ лахь! Аюбан йуьхь, малх кхетча санна, серла йелира цунах кхаъ хилла. Ас, айса синтарш дIадоьгIучу хенахь олу, цIенчу Дела дуьхьа, адамашна, олхазаршна, кхийолчу муьлххачу садолчу хIуманна а, йиъначунна хьаналйеш, сайна, тхан дайшна, наношна тIера, тхоьгарчу сагIе са мел туьйсучарна тIера, сагIийна дуьйш ду-кх хьо синтар, олий дIадуьй ас, Дала мукъ лахь.

– Дала мукъ лахь, Дела реза хуьлда хьуна! АллахI Дала сагIа хуьлийтуьйла хьан уьш!

Ма доккха сагIа ду и дуьненахь а, эхартахь а.

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1