Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Арсанукаев Муса

Веданан кIоштарчу Хорача юьртана къилбаседа-малхбузе агӀор долчу лаьмнашна тӀера чуэгаш чухчари ю. Ӏаьндойн регӀа тӀера ткъех метр лакхара чуӀенаш, седа санна, сирла а, цӀена а хи ду иза, Ӏаламо кхоьллинчу исбаьхьачу хьостанах схьадаьлла. Цу хих наха «Шовда-чӀаба» олу.

Къоьзан Ӏома тӀе воьдучу некъаца ду и шовда. Кхузахь массо а хенахь адам хуьлу – тӀехволучунна хӀоранна а лаьа, кхузахь сецна, Ӏаламан хазаллах марзо эца а, шийла шовда мала а. «СадоӀуш волу Харачойн Зеламха» аьлла, наха цӀе тиллина хӀоллам а бу шовданна юххехь.

ТӀулгах дина, зоьрталчу ламанхочун сурт ду иза. ПаргӀат охьа а хиъна, леррина хьалхахьа дӀа а хьоьжуш, Ӏа, карахь топ йолу, гӀеметтахӀоьттина стаг ву суьрто гойтург.

Дийцарехь, кхузахь садоӀуш хазахеташ хилла Харачойн Зеламхина.

Нохчийн ширачу Ӏедалехь иза ма-хиллара, кест-кеста «нускал хитӀе даккхар» олу ламаст а дӀахьо кху шовданна йистехь. Цу гӀуллакхна гонахарчу ярташкара нах а богӀу кхуза.

Шовданан цӀе тиллар иштта нисделла бохуш, дуьйцу кхузарчу наха: Хорачуьрчу цӀеяххана хазачу йоӀана цхьа лурвоьлла жима стаг везавелла. Шен мостагӀех лечкъаш, хьаннашкахула, лаьмнашкахула лелаш хилла и кӀант. ЙоьӀан да-нана реза ца хилла шайн доьзалхочо бинчу харжамна, йоӀ кхечу стаге яхийтар хьехош хилла цара.

Ломан когашкахь, кхузахь Ӏаламо исбаьхьаллица хазйинчу меттехь – жимачу шовданан йистехь, шаьш тӀехьийзачу зудаберашка – къамел дан богӀуш хилла юьртара кегий нах.

Зудабераша, кегийчу чамешца хи схьа а оьцуш, шайн кӀудалш юзуш хилла.

Шена, дукхаеза йоӀ хитӀе йогӀу лар а йина, шовданан йисте веана лурвоьлла кӀант. Тешамна кара хӀума луо шена аьлла, дехар дина жимачу стага. ПIелгара схьаяьккхина, дашо чIуг елла йоIа кIанте. Баркаллица схьа а эцна, чIуг кисана йиллина жимачу стага. Оццу хенахь шовданна тӀебогӀучу нехан гӀовгӀанаш хезна цушинна. Уьш бекхам бан богӀу лурвоьллачу кӀентан мостагӀий хилла. Йоьхначу йоӀа: «Къайлавала сихха!» – аьлла кӀанте. Амма езачу йоӀана хьалха кӀилло хила ца лиъна цунна. «ХӀинца со вадахь, суна а, сан тайпанна а тӀе эхь догӀур ду», – ойла йина кӀанта.

Яхь йолу къонаха дозаллица вала кечвелла. Шен гӀодаюккъе йихкина шаьлта схьа а яьккхина, лаьтта охьакхоьссина цо. Бекхам бан хьаьгна болу мостагӀий тӀелата кийча хилла. ЦӀеххьана, шен коьртара йовлакх а даьккхина, цӀий Ӏано кечбеллачу нехан когашна хьалха иза охьатесна йоӀа. Исбаьхьа цуьнан чIаба охьахецаелла коьртара. Лаьтта кхаччалц еха йолчу йоIан чIабанах цецбевлла а, хIоьттинчу хьолехь шаьш хIун дан деза а ца хууш бисина мостагIий.

Лурвоьлла кӀант вен баьхкинчу нахана юккъера схьа а ваьлла, царах массарал а воккхачу къонахчо иштта къамел дина: «Совцалаш! Вайнехан шира Ӏадат дохо йиш яц вайн. Шуна гуш ду: вайн мостагӀ вала кийча ву, шен тайпанан сий а лардина. Цуьнан доьналлин мах хадош, вай цунна гечдан деза».

ТӀе а кхайкхина, мара а беттабелла, кӀант витина цара. ЙоӀана а баркалла аьлла цо динчу гӀуллакхна. Уьш берриге а юьрта бахана, лурвоьлларг витина хилар нахана дӀа а хоуьйтуш.

Оццу дийнахь юьртарчу баккхийчу наха захало эцна йоIан дена тӀе нах бахийтина. Кхаа дийнахь, кхаа бусий ерриге а юьрто ловзар латтийна, кегийнаш цхьаьнакхетар а, стаг витар а даздеш. ДоьалгӀачу дийнахь шовданна тӀе хи эца баьхкинарш, цец а бевлла, бисина. Хьалха жима хиллачу шовданах, чухчаре хилла.

Везачу Делан совгӀат хилла иза, юьртарчу нехан беркате гӀуллакхаш бахьана долуш делла долу. ЙоӀа шен тӀехьийза кӀант кIелхьаравоккхуш, гучуяьккхинчу чӀабанан сий деш, Ӏаламан цу ниӀматах «Шовда-чӀаба» аьлла, цӀе тиллина юьртахоша. ХӀинца а наха иштта цӀе йоккху цуьнан.

ХӀара шира дийцар дукха генарчу хенахь дуьйна схьадохьуш ду нохчаша, вовшашка дуьйцуш, тӀекхуьучу тӀаьхьенна довзуьйтуш.

Дайн хаза а, оьзда а гӀиллакхаш кегийчарна хиъча, уьш цара, лар а деш, лелийча, нохчийн къоман яхь-оьздангалла а, сий-ларам а цкъа а бовр бац.

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1