Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

С. Хамзатов

Ша Iаш волчу урамехь а, куьпахь а, юьртахь а, луларчу ярташкахь а шех нахана беркат долуш ву Воккха-Дада. Цуьнан беркатах ирс эца, цунах дагабовла, цуьнга «шира хабарш» дийцийта, хьехам байта дукха кегийрхой оьху. Тахана а баьхкинера уьш. Шена гуонаха уьш охьа а ховшийна Iара воккха стаг, церан хаттаршна, сих ца луш, жоьпаш а луш.

– Воккха-Дада, салам даларх лаций дийцахьа тхуна. Хьаьнга дала мегар ду салам, хьаьнга дала мегар дац? ХIун гIиллакх ду салам даларехь а, схьаэцарехь а лелон дезаш? – хотту цунна аьрру агIор хиъна Iаш волчу жимачу стага.

Шега диначу хаттарна жоп дала цкъа а сихлуш Iедал дац Воккха-Дадин. ХIинца а, ойланийн уьйриган юьхь лохуш санна, кIеззиг соцунгIа а хуьлий, шен къамел дIадолийра цо: – Нохчаша, божарша вовшашка салам даларан гIиллакх лардан дезаш дуккха а агIонаш йолуш ду.

Пхийттара ваьллачунна хIоранна а тIехь ду и далар, схьаэцар. Вайн божарша бен луш дац салам. Iаьрбаша салам дас – кIанте а, вашас – веше а, девеше а, бераша – дега-нене а, цIийндас шен хIусамнене а, зударша вовшашка а ло. Иза церан гIиллакх а, Iадат а ду. Вайн халкъан гIиллакхашца догIуш дац иштта саламаш далар.

Цул сов, массеран а бакъо яц салам дала. Могаш болчеран, тIеман (бIаьхаллин) декхарех чекхбевллачеран, шаьлтанца юкъйихкинчеран бакъо хилла салам дала а, схьаэца а. Салам даларна юкъа ца богIу зударий, цомгашнаш, заьIапхой, юкъехказа болу кхиазхой, юкъяьстина къаной, цхьана цIийнах болу нах, бархIалгIачу дега кхаччалц ненахой, уьссалгIачу дега кхаччалц – стунцхой. Вай хIинцца хьахийначара вовшашка салам цадалар уьш цаларар дац, мелхуо а, цаьрца болу ларам, эхь-бехк шатайпанчу тIегIанехь хилар ду. Вуьшта аьлча, вовшашна бехке нах бу уьш.

Салам мич-миччахь а, хьаьнг-хьаьнга а луш цахилар вай дуьйцуш хилча, кIеззиг шуна масалш дало лаьа суна. Хьовсал, цхьа стаг шен нийсархойн цхьана тобанна тIекхаьчча: «Ассаламу Iалайкум», – аьлла, салам дала деза. Оцу тобанехь воккхах волчо схьаэца деза салам «ВаIалайкум ассалам» олуш. Нагахь санна тобанехь пхеаннал сов стаг велахь, церан массеран а куьг лоцуш, чекхвала ца оьшу. ТIевогIуш делла салам кхачам болуш хир ду. Нагахь санна тобанехь пхеаннал кIезиг нах белахь, хьаькам вуй, воккха вуй бохуш гуонна юккъехула а ца лелаш, аьрру агIорхьара аьтту агIор, куьг луш, чекхвала веза.

Цхьадолчу халкъийн, цу юкъахь казахийн, гIиргIизойн салам хьалха далар толам лоруш ду. Нохчийн иштта дац. Вайн гIиллакхашца салам даларан хьалхе тIевеанчуьнгахь, тIехволучуьнгахь, воккхачуьнгахь, лакхара охьавогIучуьнгахь, хIусам чу вогIучуьнгахь ю. Масала, хьалха заманчохь говрахь вогIучо гIаш вогIучуьнга, ломара охьавогIучо ломах хьалаволучуьнга, карахь ларча йоцучо мохь бохьуш вогIучуьнга хьалха луш дара салам.

Тахана вай тидам тIебахийта беза хьаькама, даржехь лакхара волчо, Iилма долуш волчо хьал-бахам дукха болуш волчо, салам хьалха дала дезаш хиларна. Даржо, хьаькамалло, хьал-бахамо кураваьккхина вац, гIиллакхах вохийна вац боху шатайпа балгало ю иза.

ТIевогIучо йиъ-пхиъ метр герга кхаьчча луш ду салам. Стаг тIевогIуш гича, тобано къамел сацо деза, вогIург тIекхаччалц. Нагахь тобано и ца дахь, тIехволург я тIевогIург цаьрга салам ца делча а волу.

Салам дала а, куьг лаца а ца деза кхача бууш Iачунна тIекхаьчча. Ишттачохь, «ГIоза юийла ахь» аьлча тоьаш ду. Вайн халкъалахь магош дац ламаз дечунна, Къуръан доьшучунна, луьйчучунна тIекхаьчча а, цIанонна ваханчохь (хьаштагIа чохь) салам далар. Салам делча, иза схьа а оьцуш, дегI нисдеш гIалагIаттар тIедожадо вайна вайн гIиллакхаша. Ша волччохь меттах хьайна я кIеззиг хьалаайвелла Iан мегар дац.

Болх бечунна тIекхаьчча а дала деза салам-маршалла. Цуьнца цхьаьна, ялта, хасстоьмаш дIабуьйш велахь – «хьоькъийла», мангал хьокхуш велахь – «гIоза яайойла», йоькхана хуьлда, даьхни Iалашдеш велахь – «дебийла», ала деза.

Салам деллачул тIаьхьа куьг кховдоран а ду шен гIиллакх. Юккъехь ши гIулч йисича кховдадо куьг. Геннара куьг а кховдийна тIегIертар вайн дайша осала лерина. Делахь а, хьаькамо иза дарх, цунна бехк-м муххале а ца буьллу, мелхуо а, иза цуьнан догдикалла а, адамалла а лору. ГIодаюккъе дихкинчу доьхкарал лахахь куьг дIа а ца кховдадо я салам дIаоьцучо дIа а ца лоцу. Салам луш дIакховдийна куьг (пхьарс), голехь саттийна хила ца деза.

Дукхах болчу баккхийчарна хууш а, цара лелош делахь а, къоначарна юкъахь дукха бац зударий, божарий цхьаьна болчу кхаьчча, зударшка маршалла хьалха хатта дезий хууш берш. Цкъа хьалха цаьрга маршалла а хоттий, тIаккха божаршка салам дала догIу. Иштта, кхечу халкъийн векалш чохь болчу нисвеллехь, хьалха цаьрга хатта деза салам-маршалла. ДIаса къаьсташ а, хьалха Iодика церан йо.

Вайн гIиллакхашца догIуш дац, бал берзаре ца хьоьжуш, синкъерамехь а, ловзаргахь а болчаьрга салам а луш тIехIоттар. Бал чекхбаллалц собар дан деза. Иштта товш а, догIуш а дац шел хьалхара тоба доIа а, кадам а бина ялале, уьш юкъах а бохуш, салам луш, тезетан дайшна тIехIоттар. Хьалхарчара кадам бина баллалц собар дан деза. ТIаьхьарчу хенахь юкъадаккха гIертош ду салам даларца догIуш доцу кхин цхьа «гIиллакх» а. ДIабоьдуш гулам я кхеташо йолуш, тIаьхьа а висина чувогIучо (кхечу меттигашкахь а нисло иза) чохь берш шаьш болчуьра хьала а гIиттош, чIогIа салам ло. Иза мегар дац. ТIаьхьа а висина ишттачу а, кхечу а метте (алссам адамаш гулделлачу) кхаьчнарг тийна-таьIна охьахаа веза паргIат йолччу метте. Иза товш а, хаза а хуьлу.

Вайн дайша лардеш лелийна гIиллакхаш, цу юкъахь салам даларан а, схьаэцаран а, куьг даларан а гIиллакхаш а лардар, лелор шуна, къоначарна тIехь ду. Салам далар а, юхадерзор а дайн хета мегар дац. Бусалба дино а боху вайга вовшашна юкъахь салам-маршалла даржаде. Салам далар деза суннат ду. Шега делла салам схьаэцар, цул деза а долуш, важиб ду. Делахь-хIета, салам даларал а деза ду иза схьаэцар. Цундела иза даларехь а, схьаэцарехь а ледарло ян а, шена хет-хетарг лело а маггане а мегар дац. Вайн дайша лелочуьнга хьовса деза, царах Iама деза, масал эца деза. Вайн халкъ мел деха латта дезаш ду салам даларан а, бIеннаш кхидолу а гIиллакхаш. Уьш ца лардича-м вай нохчий а хир дац», – дерзийра Воккха-Дадас шен къамел. Цунна баркалла а аьлла дIабахара кегийрхой, юха а цуьнца къамел дан, цуьнга ладогIа хьаьгна а болуш.

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1