Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Джабраилова Азман дуьнен чу яьлла 1952-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 14-чу дийнахь Малхбалерчу Казахстанан областан Каменевка юьртарчу Джабраилов Мохьмадан а, Асмаан а доьзалехь.

1957-чу шарахь, шайн дай баьхначу Йоккхачу-АтагIа цIабирзира церан доьзал. Меттигера № 1 йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Азман Нохчийн пачхьалкхан университетан исторически факультете деша хIоьттира. Дешна яьлча, Къинхьегаман некъ Йоккхачу-АтагIарчу школехь истори хьоьхуш дIаболийра. Школехь ткъе ялх шарахь болх бина. Цу юкъана оццу школехь кIеззигчу ханна оьрсийн мотт а, литература а хьехна.

Хьехаран декъехь алссам зеделларг хиларна, 2003-чу шарахь Йоккхачу-АтагIарчу кхузаманан академин директоран болх тешабо Азманах. 2009-чу шаре кхаччалц бо цо иза. Карарчу хенахь пенсехь ю Азман.

Азман байташ язъян школехь доьшуш йолуш йолаелла. Цуьнан кхоллараллехь карор ю патриотизмах, Iаламах, Даймахках, безамах, и. дI. кх. байташ. Уьш зорбане йийлина «Даймохк», «Гумс», «Аргун», «Нийсо» газеташкахь а, «СтелаIад», «Орга», «Нана» журналашкахь а, иштта «Грозный в стихах» аьллачу юкъарчу гуларехь а. Цо оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь язйо. Азманан дика нисло берашна леринарш а.

Берашна лерина литература кIезиг хилар тидаме а эцна, республикин Яздархойн союзо 2017–2018-чуй шерашкахь цхьайтта книга зорба туьйхира. Царех цхьаъ яра Джабраилова Азманан «Бераллин аз» книга а.

2018-чу шарахь дIаяьхьначу Къоман литературин «Шеран поэт» къовсаман декъашхо хилла иза, Диплом а делла цунна. Цигахь дакъалаьцначу номинантийн юкъарчу гуларна юкъаяхана Азманан оьрсийн маттахь язйина пхи байт. Маяковскийн мидал а елла цунна.

Азманан цхьайолу байташ мукъаме йирзина. Масала, «Нур-ЖовхIар» тобанан солисткас Яхъяева Аминас дIалокху «Хьомениг» а, «Безам» а и. кх. дI. а.

 

ЙоI а, тилпо а

– Нана, соьга тилпо лохьа, –

ЙоIа дехарш хиезадо.

Нанас олу, – Цулла малхе

Ялий, жимма йолало! 

УьйтIахь лулара йоI гича,

Цхьа самукъаделира.

Къамел дина, цхьа хан яьлча,

Ши йоI ловза елира.

ХIара пеш ю, – олуш бертал

ДеъкIов гIутакх диллира.

Мутт чохь хилла банка лехна,

Пеша тIе яй хIоттийра.

– Уггар мерза жижиг вайн ду, –

Ши тIулг яйчу тесира.

Чопа йицлахь, чорпа "пал" бу, –

Олуш, чопа ийцира.

Таьллан бекъа сара лехна,

Кагбеш, галнаш хедийна.

ГIаш лахьийна, шун кечдира,

Жижиг даьлча кхихкина.

Галнаш сихха яйчу тесна,

Чоьлпа – гIаж чухьовзийра.

Уьш кхихкина евлла, аьлла,

Юу сурт а хIоттийра.

Ши йоI къиежа, вовше хьоьжуш,

Реза ю шайн ловзарна.

– Мерза-м ю вайн галнаш, – олуш,

Кхана ловза барт хилла.

– Нана, суна дов ма делахь,

Аса гIамарш кегорна.

Ахь соь тахна тилпо еллехь,

Со чохь Iийна хир яра.

ЙоI дIаяхча юьхь, куьг йила

Шиех-ха Нана къежира.

Кхана цуьнга и ца яла

Шен ойланца сацийра.

КIант а, дитт а

КIант ву дIасахьоьжуш кетIахь,

Акхтарг малхал лекха хетта.

Мохехь гIаш шабаршца леста,

IиндагIаш ду ловзуш лаьттахь.

Буса акхтарг гича гIенах,

ГIад куьйгашца хьаьсти кIанта.

Бохь техкара, ловзош седа.

Дистхилира дитт, деш хьехар:

- Орам бу сан лаьттан бухахь,

Дехар ду со, лаьтто кхабахь.

Орамаш ду адамийн а.

Хьекъал оьшу уьш лардан а.

Шабарш дора дитто лерехь:

- Дахар хеда, шен бух бацахь.

Хьайн орамех ма хадалахь,

Уьш мел ду, хьуо вуй хаалахь.

Iуьйренца ша самаваьлча,

Юха диттах шен бIаьрг кхетча,

Дагчохь саций дитташ лардан,

Синтарш дуогIа бешахь, арахь.

Хьалауьйъу шен бер нанас

Хьалауьйъу шен бер нанас,

Шен нур доькъуш, малхо санна.

Муьлхха хало дагтIе эцна

Беран дуьхьа цо къахьегна.

Хьалауьйъу шен бер нанас:

- Сан жиманиг, хьажахь дIаса!

Гуш юй хьуна ялтийн аре?

Цуо сатесна хьо кхиаре! 

Нуьре къиега беран бIаьргаш.

Цунна Да го ялта лелош. 

Дукха вахарг кхиъна ваьлча

Цунах дена хир ву гIоьнча!

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1