Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Мотт цхьамма а марзбан безаш бац, иза хIора а адаман шен цIийца бу, дас кхиийна, нанас белла, хIора денна хьайн хIусамехь, урамехь, махкахь бIаьргашна гуш, лергашна хезаш, кхетамо базбина тIе оьцуш лаьттина, кхин дIалатта безаш а бу

 Карина Узуналова

 Олуш ма-хиллара, мотт – иза къоман са ду, культурин бух а бу. Къоман уггаре коьрта бахам а бу мотт. ХIунда аьлча къам а, мотт а бохуш долу дешнаш цхьа маьIна долуш лара мегар ду. Цхьана къомо шина я кхин сов а меттанашкахь къамел дан тарло. Амма буьйцург цхьа мотт бен боцчохь, ши къам хила йиш яций хаьа вайна.

Кхидолчу къаьмнашна шайниг санна, нохчашна а дукхабеза шайн ненан мотт. ХIаъ, халахеташ делахь, шайн ненан меттан мах лахара хадийна болу «кIентий» а нисло вайна юкъахь. Кху заманна шаьш тIаьхьабисарна кхоьруш хила а там бу уьш. Амма вай теш ду, шайн ненан меттан сий-ларам беш болу къонахий мел бу нохчийн мотт бехарг хиларх.

Тахана нохчийн меттан декъехь а, иза бийцарехь а кхолладеллачу хьолех, ткъа иштта вайн ненан меттан кханенах а лаьцна «Вести республики» газетана шена хетарг а, шен дог-ойла а йовзийтира «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара.

Нохчийн мотт герггарчу хенахь вайна юкъара дIабала кхерам бу бохуш, Iовжаме къамелаш хеза вайна. Цу хьокъехь хьуна хIун аьлла хета?

Шена тIехула лелаш ца хилча дIаболуш болу некъ санна, муьлхха мотт а адамаша буьйцуш, цу маттахь яздеш ца хилча, дIаболуш бу. Вай цадезачара, я шайна цхьа цIе езачара хIуъа дийцахь а, и кхерам вайн маттана бац, иза суна ца го. Делан боккхачу къинхетамца, вайн мотт денна кхуьуш бу, вайн Iедало, халкъо кхиош бу. Хьалхо, цIена бакъ а долуш, тIехIоьттинера мотт а, цу шен маттаца нохчийн халкъ а кху дуьнен тIера дIадаларан кхерам. Вайна дагадогIу, цхьана зуламан дайша, кху вайн халкъан мостагIаша, халкъан цIарах харц цIераш а тохкуш, дерриг дуьне а кху халкъан мостагI а кхайкхийна, дуьнен тIера дерриг а дIадаларан киртига тIе хIоттийра нохчийн халкъ. Амма Делан къинхетам боккха бу. И кхерам, дуккха а вайн дика кIентий, къонахий дIабовлуш хиллехь а, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) орцахвалар бахьана долуш дIабелира. Ахьмад-Хьаьжас шен са а, дахар а дIаделира цу хенахь вайн халкъ таханлерчу дийне дало. Вайн халкъ кху дуьненахь шен мотт а, меттан йоза а долуш даха дезаш хиларан, нохчийн Iадаташ, гIиллакхаш кху лаьтта тIехь лела дезаш, уьш оьшуш хиларан, даха хьакъ хиларан тоьшаллин дуьхьа шен дахар дIаделира вайн халкъан турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). Иза вайн халкъо цкъа а диц дан ца деза. Вайн халкъ даха деза шен мотт а, шен меттан йоза а долуш, кху маттаца Iадаташ а, гIиллакхаш а лардеш.

Нохчийн мотт ларбарехь а, иза кхиорехь а Iедалан тIегIанехь деш долчу гIуллакхийн тешаш ду вай. Делахь а, кхитIе муха-хIун дан деза аьлла хета хьуна?

Цхьадолчу тIегIанехь гIуллакхаш ца дина!? Iедало а, вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана а массо тIегIанехь а, дан йиш ерг а, дан йиш йоцург а цхьаьна дина вайн халкъан мотт ларбан а, иза кхион а, бахийта а. Нохчийн халкъах Везачу Дала боккха къинхетам бина, – вайн республикин Куьйгалхо нохчийн маттахь ойла еш ву, вайн меттан дозалла, къоман синкхетаман амал евзаш ву ша нохчи хиларе терра. Доккха беркат ду иза. Хьалха, гонахарчу мехкашка кхаьчча, ас вайн махкахь, мехкан Куьйгалхочо шен указаца дIакхайкхийна, хIора шарахь билгалдокххуш Нохчийн меттан де ду аьлча, дукхахберш теша а ца тешара. Нохчийн меттан хьокъехь закон ду Парламенто тIеэцна, ткъа иштта, меттан йоза Iамо, кхин а атта хилийтаран Iалашонца инзаре баккхий белхаш бу вайн Iилманчаша беш… Дисинарг вайн карахь ду. Iедало ша дан дезарг дина, меттан хьокъехь закон тIе эцна а, Нохчийн меттан де билгалдоккхуш долу указ арадаьлла а 13 шо даьлла. Тахана хIора а нохчи ден-ненан декхар ду шен бераца шен мотт бийца а, цунна иза Iамон а, шен матте цу беран безам кхолла а. Цхьаволчунна моьтту ненан мотт Iамош хан яйъича оцу беранна кхидолу меттанаш Iемар дац. Иза уггар а галбаьлла кхетам бу аьлла хета суна. Дуьххьара шен мотт дика Iамийча, кхидолу меттанаш кхин а сиха а, кIорггера а Iамон атта хир ду хIоранна а. Иза ас ца боху, дуьненан Iилмано дуьйцу иштта. Цунна хIора а вайн кханенан, вайн тIаьхье кхин а лакхара Iилма долуш хилийтаран дуьхьа хIора а да-нана декхар ду шайн беранна ненан мотт Iамон а, цуьнга безам кхолла а, кхечу меттанийн дешнаш юкъа кхуьйсуш бере ша буьйцуш болу мотт талха ца байта а. Мотт талхор, иза сийсазабар цу беран синкхетамна зен дар ду. Ткъа беран синкхетамна зен дан вайн цхьаьннан а бакъо яц. Вайн кхане ю бер!

Хьо куьйгаллехь волу газет кехата тIехь арадаьлла ца Iаш, электронни кепехь а деша таро йолуш ду. Нохчийн маттахь газет доьшуш болчеран барам алсамбаккха аьтто бой цу балхо?

Нийса эли ахь и. Газет зорбанан а, электронни а кепехь арадаьлла ца Iаш, дуьненахь а евзаш йолчу социальни сеташкахь а болх беш ду. Цо гойту оьрсийн маттахь болчу хаамийн гIирсел а вайн къоман газет хьалха догIуш хилар. ХIунда аьлча, оха кхечара луш болу хаамаш дIакхачо вайн халкъе нохчийн мотт кхиабо. Нохчийн мотт безаш, я бовза лууш волчунна доккха гIо-накъосталла ду «Даймохк» газет.

Элеткронни кепехь а газет арадаларо, уггар а хьалха, и газет шена кхача аьтто боцчунна, кху махкал арахьа вехачунна шен мотт биц ца балийта а, кху махкахь, махкал арахьа вайн Iедало деш долу даккхий дика гIуллакхаш довзийта а аьтто бо. Газет Россин муьлххачу а гIала, махка кхача йиш йолуш делахь а, Россин дозанал арахьа вехачунна цуьнга язвала аьтто цахилар бахьана долуш, дина гIуллакх ду иза. Ткъа газет доьшуш болчеран барам алсамбаккхар, нохчийн маттахь газет хIораммо а доьшуш хилийтар, вайн мехкан Куьйгалхочун тIедилларца кхочушдеш, газетан цу тIехь боккха аьтто беш схьавогIуш Нохчийн Республикин Куьйгахочун гIоьнча, Хаамийн а, зорбанан а министр Дудаев Ахьмад ву, иштта, цуьнан тIедилларца газет хIоранга а дIакхачо тхуна накъосталла деш кху махкарчу берриге а хаамийн гIирсийн куьйгалхой а бу. Суна даггара баркалла ала лаьа цу хIоранна а, иштта, шен ненан маттахь арадолуш долчу газетан бала а кхочуш, тхан куьг, хьекъал ца кхочучохь тхуна накъосталла деш схьабогIуш болчу.

Кху тIаьхьарчу хенахь нохчийн маттахь алссам книгаш арайоху вайн республикехь. Амма уьш йоьшуш берш, халахеташ делахь а, чIогIа кIезиг бу. Стенца доьзна ду, аьлла хета хьуна иза? Книгийн чулацам книгаешархойн лехамашка хьажжина цахилар ду те иза, я зама ю-те бехкениг?

Иза бакъ ду. Вайн мехкан Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан накъосталица дуккха а книгаш ю Яздархойн союзо арайохуш. Царах 80 процент гергга нохчийн маттахь а ю. Амма ас эр дацара книга йоьшурш тахана вайн махкахь кIезиг бу, аьлла. Хьалха интернет йоцчу хенахь хилла книгаешархо дIаваьлла, иза цхьанхьа а вац. Амма луларчу мехкашка хьаьжча, вайн махкахь книгаш йоьшурш а, книгаш язъйийраш а алсамбевлла. Иза «Даймохк» газето схьабохьучу «Ас йоьшу нохчийн маттахь» аьлла болчу боламо а гойту. Сан, лаахь а, ца лаахь а, нохчийн маттахь мел язъешерг еша дезаш нисло, я суна сайна а лаьа массо а яздархочун, поэтан массо а хIума еша, амма цу боламехь дакъалоцуш болчара хьуна цкъа а хезна а воцчу нохчийн авторан говзар ешча чIогIа самукъадолу. Цхьана-шина баттахь цхьа эзар сов книга йоьшуш верг газетан сайта тIе кхачар боккха кхаъ бу. Иза вайн халкъан синкхетам тIеттIа алсамболуш хиларан коьрта тоьшалла а ду. Ткъа къаьсттина воккхавевойтуш дерг, цу боламехь дакъалоцуш берш вайн къонанаш хилар ду. Уьш вайн кхане, вайн тIаьхье ю. Иза вайн мехкан Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан лаам а, цо вайн хаамийн гIирсашна тIедиллинарг а ду. Вайн мехкан Куьйгалхочун и тIедиллар кхочушдеш, дийнахь а, буса а къахьоьгуш, тхуна оьшу массо а накъосталла деш схьавогIуш Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министр Дудаев Ахьмад а ву

Хууш ма хиллара, 2020-гIа шо чекхдолуш вайн республикехь араелира Нохчийн Республикин Указца тIечIагIйина йолу «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» гулар. «Даймохк» газето ларйой нийсайаздаран керла бакъонаш?

ХӀаъ, нохчийн меттан орфографин коьрта бакъонаш ю тӀеэцна дIадаханчу шарахь. ХӀинццалц хилла а доцуш беркате гӀуллакх ду иза. Амма, и бакъонаш тӀеэцарца цхьаьна, меттан йозанехь нисбелла цхьамогӀа хийцамаш а бу.

Карарчу хенахь «Даймохк» газетан белхахоша тӀедузуш ду оцу хьокъехь долу шайн хаарш. Ткъа кеста, Нохчийн Республикин Парламенто «Нохчийн Республикерчу меттанийн хьокъехьчу» законехь, и бакъонаш ларъяр тӀе а дожош, хийцамаш ма-бинна, къоман газето а бакъонаш ларъеш болх бийр бу.

Юха а тӀаккха боху ас: Парламенто уьш лелор тӀедожадаллалц «Даймохк» газетан белхахоша Ӏамош а, карлайохуш а ю уьш, царах пайдаэца дуьйладала муьлххачу а дийнахь кийча хилархьама.

Хууш ма-хиллара, хьо нохчийн маттахь яздеш журналист хилла ца Iаш, гоьваьлла поэт а ву. Хьуна нохчийн мотт марзбинарг хIун ду?

Со цу хаттарх ца кхета. Журналист бохучух а кхета со, поэт бохучух а кхета… Ткъа нохчийн мотт марзбинарг хIун ду, бохург, иза ахь тахана цхьамма хоттуш дац я дуьххьара хоттуш а дац. Со и хаттар хIунда кхоллало, бохучух ца кхета. Со школехь ялхолгIачу классехь волуш дуьйна нохчийн маттахь яздеш ву, вархIолгIачу классехь дуьйна зорбане волуш а ву. Юха цу хенахь дуьйна а цецвуьйлу со нохчийн мотт хьуна цхьамма марзбан безаш бу, бохучух. Хьайн цIа, хIусам, Даймохк Нохчийчохь хилар хьуна цхьамма марздан дезаш ду, я да, нана, гергарнаш уьш хьан хилар хьуна цхьамма марздан дезаш ду? Юха денна ахь цаьрца буьйцуш болу мотт, цу хьан дерриг а гергарлонан коьрта гIирс, синхаам, синкхетам, лаам дIагойтуш болу гIирс-нохчийн мотт хьуна цхьамма а марзбан безаш бац, иза цIийца ду, хила дезаш а ду, сан кхетамехь. Кхечу маттахь ша цхьаъ дIаяздича элп галдаьлча эхь а хеташ, шен маттахь яздиначунна тIехь шен гIалат даьлча, «иза ас школехь ца Iамийнера», аьлла, бахьана а карийна, эхь ца хетачух а ца кхета со, цкъа а. Мотт цхьамма а марзбан безаш бац, иза хIора а адаман шен цIийца бу, дас кхиийна, нанас белла, хIора денна хьайн хIусамехь, урамехь, махкахь бIаьргашна гуш, лергашна хезаш, кхетамо базбина тIе оьцуш лаьттина, кхин дIалатта безаш а бу. Дала мукъ лахь, лаьттар а бу. Дела реза хуьлда, кху вайн республикин Куьйгалхо Ахьмад-Хьаьжин Рамзан цу Iалашонца, вайн мотт, меттан йоза цу тIегIане кху махкахь даккхарна тIехь къахьоьгуш волчу.

Советийн муьрехь дуьйна а, цхьаболу дай-наной шайн берашка беккъа оьрсийн маттахь къамел дайта гIерташ хилла хилар хаьа вайна. Аьр вай, тIекхуьучеран кхане сирла хилийтархьама… Нохчийн мотт юьстах ца теттича хаа йиш йолуш бац-те оьрсийн мотт?

Цу хенахь рицкъ лахар а, вахар вар а, чу-ара валар а… дерриг а цхьана оьрсийн маттахь дара. Шайн берийн Iер-дахаран аьттонна, бохуш, хилла, жима аьтто болу кхетам бара иза. Ткъа тахана, дуьне кхечу тIегIанехь ду, арахьхIара ХХI-гIа бIе шо ду, хIара карара оьмар йолаелла 21-гIа шо ду. Тахана оьрсийн маттаца цхьаьна вайна юкъахь лелаш кхин а дуккха а меттанаш ду, и хIора а цхьацца аьттонан мотт бу, напгIан мотт бу, рицкъанан мотт бу. Амма ас юха а боху, дуьненан Iилмано дийцарехь, дуьххьара, кхоччуш шен мотт Iамийначу берана, цу беран синкхетамна кхидолу меттанаш Iамон а атта хиларал сов, и меттанаш кIорггера ган а аьтто хир бу. Юха, дуьнене хьежар а шуьйра хир ду. Ткъа уггаре а коьртаниг – шен мотт кIорггера Iамийна къонаниг цкъа а я харц дерг дуьйцуш а хир вац, ямарт а хир вац, хIилланаш, шалхонаш йолуш а хир вац. ХIунда аьлча, вайн маттахь, вайн меттан йозанехь, вайн меттан кхетамехь дац и цхьа а вониг. Вайн мотт цIена а, беркате а, хаза а, гIиллакхах, догдикаллех буьззина, эзарнаш шерашкара схьабогIуш болу нохчийн мотт бу.

Кегий долуш шайн берашна нохчийн мотт марзбарехь дас-нанас муха-хIун дан деза аьлла хета хьуна?

Дахар куьзга ду, олуш цхьа кица ду вайн. Ткъа бер цу де-ненан IиндагI ду, цхьадолчунна. Цу шиннан кхетаман, церан ойланийн, дуьнене болчу хьежамийн IиндагI ду бер дуьххьара, сан кхетамехь. Цу беро дуьххьара схьаоьцуш дерг цу шен дегара-ненера схьаоьцу. Цундела, цу берана мотт а, гIиллакх а, ша муьлхачу халкъах ду а, цу халкъан коьрта лакхе, коьрта сийлалла хIун ю а дас, нанас шаьшшиннан гIуллакхашца гайта деза, аьлла хета суна. Дерриг а доьзалера схьадогIуш ду, сан кхетамехь. Дала мукъ лахь, хIара вайн ерриге а Нохчийчоь санна, Нохчийн доьзал тахана денна толуш, денна хазлуш, денна кхуьуш схьабогIуш бу, цундела вайн тIаьхье а иштта сирла, иштта цIена, иштта лаккхара синкхетам болуш хир ю. Ткъа вайн нохчийн халкъан цу синкхетаман серлонан коьрта орам – иза вайн нохчийн мотт бу.

Доьзал ийманехь кхетош-кхиорехь доккха дакъалоцуш ю нана. Юкъараллин дахарехь а йоккха меттиг дIалоцу нохчийн зударша. Цундела тIедогIучу церан дезчу денца – 8 Мартаца уьш даггара декъалбан луур дара суна. Дала могаш-маьрша, ирсе дуккха а бахабойла уьш! Дала сийдойла церан! 

Дела реза хуьлда, Бувайсар, тхан хаттаршна кхачам боллуш жоьпаш даларна.

 

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1