9
Нохчийн меттан де тIекхочуш хиларца доьзна, Гуьмсехь «Нохчийн кхерч» цIе йолу фестиваль дIаяьхьира. Цигахь дакъалецира Гуьмсан кIоштан школаша.
ХIора а школин хьехархоша а, дешархоша а шайн-шайн четарш хIиттийнера, яханчу заманахьлера сурт а хIоттош. Цигахь дакъалаца баьхкинчеран таро хилира вайн дайша лелийна хиллачу пхьегIех а, кхийолчу хIуманех а бIаьрг тоха. Дешархоша нохчийн маттахь эшарш лийкхира, ловзар а хIоттийра. ХIора а четара чохь вайн къоман даарех юьзна стоьлаш яра. Дакъалацархойн таро хилира нохчийн даарех чам баккха.
Иштта, циггахь фестивалан хьовсархойн кхиэле дехкина дара куьйган белхаш. Гуьмсан кIоштан № 7 йолчу школин хьехархоша а, дешархоша а вовшахтоьхначу композици юкъахь ширачу заманан кузаш а, верта а, нохчийн пеш а, дечиг-маьнга а, урчакх а яра. Царах къаьсттина самукъадаьллера фестивале баьхкинчеран. Гуьмсан кIоштан администрацин куьйгалхочо Оздамиров Iусмана а лаккхара мах хадийра цара биначу кечаман. Нохчийн Iадатца, шен хIусаме дуьххьара веанчу хьешана совгIат ло. Оццу кепара, школин директора Магомадова Заретас вайн республикин зератийн суьрташ тIехь долу альбом елира Оздамиров Iусманна совгIатана.
Циггахь, Берийн кхоллараллин цIийнехь Гуьмсан кIоштан дешаран урхаллин цIарах Сийлаллин грамота а луш, декъалйира №7 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Чермыханова Лиза. Иштта, нохчийн маттахь хаза байт язъярехь дIаяьхьначу кIоштан конкурсехь толам баккхарна, 9-чу «А» классан дешархочунна Баймурадов ИбрахIимна Сийлаллин грамота а, кубок а елира.
Тимаева Раиса