7
Итт шо ду оцу конкурсехь къоначу дакъалацархойн шайн корматаллин хаарш алсамдаха а, кхин тIечIагIдан а таро хуьлуш йолу.
Хууш ма-хиллара, хIора а хьехархочун шен-шен некъ хуьлу берашна Iилма дIахьехарехь. Ткъа массо некъан а коьртаниг цхьа Iалашо ю: беро Iамийнарг, цунна мичча хенахь а хууш хилийтар.
ХIара санна йолчу конкурсо таро хулуьйту къоначу хьехархошна вовшашна зеделларг довза а, кхачамбацаршна тIехь бан безачу балхана Iама а.
Россин Федерацин 67 регионерчу 750 къоначу хьехархочо а, куьйгалхочо а дакъалецира «Педагогически дебют–2017» конкурсехь. Масех номинацех лаьтташ яра конкурс. Нохчийн Республикера дакъалоцуш волу 7 дакъалацархо шайн-шайн номинацешкахула финале велира. «Къона куьйгалхой» а, «Къона хьехархой» а номинацешкахула толаман меттигаш ехира Умалатов Сайд-Эмина а, Висаитов Ахьмада а. Конкурсан лауреаташ хилира Тепсуркаева Залина, Айдамиров Iумар, Бисултанов Сайд-Iадлан, Хаджимурадов Рамзан, Тисаева Элина.
Шен инстаграмерчу агIонехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана толамхой а, лауреаташ а декъалбеш, билгалдаьккхира: «Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешна вара, Нохчийчоь меттахIотто хьекъал долу, лаккхара корматалла йолу говзанчаш оьшуш хиларх, ткъа уьш, уггаре а хьалха, школехь Iилманца кхио безаш бу. Ахьмад-Хьаьжин нийсачу, бакънекъа тIехь къахьоьгуш схьадогIуш ду вай. Баккхий кхиамаш, юьхькIам бу, оцу конкурсехь дакъалаьцначу вайн республикерчу къоначу хьехархоша шайн-шайн номинацешкахь лаккхара жамIаш гайтар. Ас даггара декъалво цигара хIора а дакъалацархо. Иштта, Нохчийчоьнан хIора а хьехархочунна шен балха тIехь кхиамаш а, аьтто а хуьлийла лаьа».
Сусаева Танзила