6
Оханан (апрель) беттан 16-чу дийнахь Нохчийн Республикехь билгалдаьккхира машаречу дахаран бархI шо кхачар. Нийсса бархI шо хьалха, 2009-чу шарахь, Терроризмана дуьхьал йолчу халкъан комитето цIеххьана бинчу хаамца Нохчийчохь контртеррористически операцин раж дIаяьккхира. ХIетахь дуьйна вай долчохь хIора шарахь билгалдоккху и дезде – Нохчийчохь Машаран де.
– ХIара сийлахь-доккха де ду – дуьненаюкъарчу терроризмана тIехь толам баккхаран де, – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана оцу дийнан хьокъехь. – ХIокху дийнахь дуьйна вайн республикин историн керла агIо дIайолаелла. Вай дерриге дуьненна а дIахаийтина вайн мохк ларбан, культура, ламасташ Iалашдан, уьш цхьаьнгга а хIаллак ца дайта, вайгахь доьналла хилар. Вайн къоман сий лардан хиъна вайна...
Оцу дийнахь а, иза тIекхачале а республикин ерриге а кIошташкахь даздаран концерташ, цхьаьнакхетарш, халкъан гуламаш, синкъерамаш дIабаьхьира.
Нохчийн лаьтта тIехь машар хIотторан де даздарна юкъа шайн дакъа диллина республикин школаша а. ХIора юьртан а, хIора шахьаран а хIора школехь оцу денна лерина классан сахьташ, концерташ, акцеш, кхидолу гIуллакхаш дIадаьхьира.
Машаран билгало лору кIайн кхокха. Цундела, Машаран де тIекхачале, дешархоша школашкахь къинхьегаман урокашкахь кехатех кIайн кхокхий дора, суьрташдахкаран урокашкахь – уьш шайн суьрташ тIехь дохкура. Ткъа пачхьенерчу школийн дешархоша Соьлжа-ГIали юккъехь (дийна долу) кIайн кхокхий стигала хийцира. Вуно исбаьхьа сурт дара иза! Иштта, Соьлжа-ГIаларчу коьртачу майданахь асфальта тIехь суьрташдахкаран конкурс дIаяьхьира. Бераша бес-бесарчу мелашца шайн бIаьргашна гуш долу дуьне диллира. Дера, хIора а беран иза шен-шен тайпа дара.
Машаран денна лерина кхин цхьа гIуллакх дIахьош, дешархоша, шаьш дIа а хIиттина, «МИР» («Машар») дош яздинера. Лакха тIера (олхазар лакхадолийла йолчу меттера) чу хьаьжча чIогIа хаза гора иза! Иштта, вайн республикин школашкахь «диллина сахьташ» дIадаьхьира, цигахь хьехархоша берашна дийцира машаре а, кхиаре а болчу новкъахь вайн республико лайначу халонех лаьцна.

Магомаева Диана