4
ХIора а ден-ненан декхар ду шайн бере дешийтар, цуьнан хьуьнарш а, похIма а кхиор. Оцу декъехь уггаре а хьалха масал гойтуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.
Регионан куьйгаллехь воллушехь, дуккха а проблемаш дIаяха деззашехь, шен берашна тидам бан а, цара муха доьшу хьажа а лараво вайн республикин Куьйгалхо. Ткъа цуьнан бераш, билгалдаккха деза, тайп-тайпанчу конкурсашкахь толамаш бохуш а, дешарехь кхиамаш бохуш а ду.
Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Дешаран туьшахь дIаяьхьира ешархойн «Дийна классика» конкурс. Цигахь дакъалоцуш бара 2-11-чуй классийн дешархой. В.Маяковскийн, А.Блокан, В.Набоковн байташ йийшира дешархоша.
Исбаьхьаллин ешаре а, озан мукъаме а, бIаьцанашка а, ишарш яре а, Iаткъаме ешаре а хьаьжжина, дакъалацархойн мах хадабора жюрис. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIентан кIанта Адама шен дедена лерина байт йийшира. Ткъа цуьнан вашас Iелис «Хьоме Нохчийчоь» говзар хаьржира. Церан даггара а, Iаткъаме а ешаро жюрин декъашхой бен ца хеташ ца битира. Шина кIанта хьалхара меттигаш ехира «Уггаре а патриотически байт ешарна», «Поэзига безам хиларна» аьллачу номинацешкахь.
Школин шайн урхаллин президента Кадырова Хадижата, иза, ала дашна, суьйре дIахьош а яра, школин кхиболчу дешархошца цхьаьна Даточу бIешеран поэтийн говзаршна тIехь музыкин этюдаш лекхира.
– Суна даима а хазахета бераш кхуьуш, цара керла кхиамаш бохуш гуш. Республикехь Iаш долчу хIора а беран иштта таро хилийта, тхайн ницкъ мел кхочург до оха, – яздира, оцу конкурсан хьокъехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь.
Суьйре ерзош, берриге а дакъалацархошна грамоташ а, пайдехь книгаш а елира.

Яхаева Жанна