Лараме махкахой!

Нохчийн меттан де – иза вайн къоман дезде ду. Мотт вайн дахаран дакъа хилла ца Iа. Адамаш вовшех кхоьтуьйтуш болу, ша саннарг кхин боцу гIирс бу иза, кхетош-кхиоран гIирс а бу, муьлххачу халкъан къоман шатайпаналлин бух а бу.

Нохчийн  Республикин  хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олура, ненан  мотт  безар а, ларар а – ша а, шен халкъ а ларар ду.

Ненан мотт ларбар, иза Iалашбар, баржор вайн коьртачу Iалашонех ду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана шен хеннахь арахийцира Нохчийн меттан де чIагIдаран хьокъехь Указ. Тахана вайн республикина хьалха йолу яккхий Iалашонаш а ю оцу денца йоьзна. Царна юкъахь – къоман Iадаташ, ламасташ дендар, ткъа иза, уггаре хьалха, ненан мотт кхиорца, меттан политика кхочушъярца бен хуьлийла дац.

Ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца, ирс, аьтто, беркат хуьлда шун массеран!