Лараме махкахой!

Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!

Шен ненан матте безам боцуш верг, цуьнца ховха юкъаметтиг йоцуш верг, иза Iалашбеш воцург шен Даймехкан бакъволу патриот хуьлийла дац. Дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, хаза а бу нохчийн мотт.  Оцу  маттехь  дерриге а ду – нохчийн башхалла, цуьнан истори, культура, ламасташ. Вайн мохк кхин а чIогIа беза вайна ницкъ  ло цо.

Вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а олура шен ненан мотт безар а, цуьнан сий-ларам бар а, ша-шен ларар а, шен халкъ ларар а ду. Ненан мотт дIабаьлча, къам долчуьра дIадовлу вай.

ХIокху дезачу дийнахь вай дIагойту нохчийн матте болу вайн безам, дагалоьцу вайн орамаш, баркаллаш боху нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна болчу вайн хьехархошна. Вайн декхар ду ненан маттаца йовха, аьхна юкъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар. Вайн культурин бух бу иза. Цундела вайна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза дIабер бац. Ларбелаш нохчийн мотт!

Декъалдо  шу  дезачу  денца!  Лаьа  шу маьрша, ирсе, токхе  дехийла. Дала  аьтто бойла шун а, шун гергарчеран а.