1

«Ненан мотт - сийлахь мотт! Ден а, ненан а мотт! Ма исбаьхьа бу хьо!» - гIезалойн поэтан Тукай Габдуллин евзаш йолчу байтана юкъарчу оцу могIанаша гойту муьлххачу а къомах долчу адамна шен ненан мотт мел хьоме бу.

Ненан мотт доккха маьIна долуш бу шайн Даймехкан патриоташ хила бераш кхетош-кхиорехь, хIунда аьлча, берана жима долуш дуьйна оцу маттехула девза дуьне, шен къоман культура, гIиллакхаш, мехаллаш.

Нохчийн мотт кхиоран а, ларбаран а мехалла йовза а евзаш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн меттан дийнан хьокъехь» долчу Указана куьг яздира. Цуьнан Iалашо ю дуьненан ширачу меттанех цхьаъ болу вайн мотт ларбар а, кхиор а, дIакхайкхор а. Оцу хенахь дуьйна хIора шеран оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь билгалдоккхуш ду Нохчийн меттан де.

Вевзаш волчу нохчийн яздархочо Бексултанов Мусас дийцарехь, нохчийн мотт шен исторехь, къоман йоза кхолларна, яздархойн хьалхарчу литературин белхашна тIера Сталинизм йолчу хенахь ша бицбарна тIекхаччалц, когаметтахIоттаран тайп-тайпанчу муьрех чекхбийлина. Советан идеологин муьрехь 50 сов процент нохчашна шайн ненан мотт ца хаьара, чIогIа кIезиг яра оцу хенахь нохчийн маттахь арайовлуш йолу книгаш, цундела вайн мотт юкъара дIабаларна кхерам бара.

Тахана республикехь, нохчийн меттан а, нохчийн йозанан а гIолацаран а, кхиоран а Iалашонца кхоьллина леррина программаш ю. Церан гурашкахь арахоьцуш ю исбаьхьаллин литература а, журналаш а, газеташ а, учебникаш а. ДIахьош Iилманан талламаш бу.

Ткъа Нохчийн меттан де вайна уггаре коьрта а, хьоме а пачхьалкхан дезде ду. Оцу дийно гIо до къоман гIиллакхаш а, ламасташ а дендарехь. И де тIекхочуш хьалххе республикехь дIахьо дуккха а тайп-тайпана даздаран мероприятеш. Театрашкахь нохчийн маттахь керла спектаклаш гойту, республикин телевиденихула а, радиохула а нохчийн маттахь бен къамел а ца до. ХIора кIоштахь дIахьо тайп-тайпана кхоллараллин конкурсаш. Оцу юкъахь баккхийчара а, бераша а дакъалоцу. Школашкахь а, лакхарчу а, юкъарчу а дешаран заведенешкахь а, культурин цIеношкахь а, библиотекашкахь а дIахьо нохчийн мотт ларбарна а, кхиорна а, талларна а юкъа дакъа диллинчу яздархошца а, Iилманчашца а, культурин а, искусствон а гIуллакххошца а, журналисташца а долу цхьаьнакхетарш. Масала, хIокху шарахь дIаяьхьначу мероприятешна юкъайогIу: Соьлжа-ГIалин №17 йолчу юкъарадешаран школехь Нохчийн меттан денна лерина хилла болу берийн кхоллараллин гайтам а, иштта, школин 5-чу классийн дешархошна юкъахь дIаяьхьна «Ненан мотт, хьо бека бисалахь» цIе йолу конкурс а; Гихчуьрчу школин 1-чу «А» классехь дIаяьхьна йиллина урок; Мартан-чуьрчу юьртан № 1 йолчу школехь Нохчийн меттан денна лерина дехкинчу суьртийн конкурс; Соьлжа-ГIалин № 15 йолчу школехь дIабаьхьна нохчийн книгийн, къоман Iер-дахаран гIирсийн гайтам… ДIа мел яьхьна ерриге а мероприятеш ягарйина а вер вац. Цундела вайн билггал тешаме ала йиш ю, ЮНЕСКО-н говзанчаша нохчийн мотт дIадолуш долчу меттанашна юкъабахийтар тIаьхьало йолуш хIума хирг цахиларх лаьцна. Нохчийн меттан дIадахнарг а ду, тахане а ю, иштта хиндерг а ду.

Магомаева Диана